Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени № 3. ХIокху юкъарчу дешнашца цхьанатайпанара меженаш ялае.

  • Упражнени № 4. ХIокху предложенешкахь тире хIотторан ба- хьана довзийта.

  • Упражнени

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница39 из 91
    1   ...   35   36   37   38   39   40   41   42   ...   91

    ТИДАМЕ ХИЛА!


    ДИКТАНТ.
    Таханлера компьютерш пхеа тайпана хаамашца болх бан йиш йолуш ю:

    терахьийн хаамаш (терахьаш);

    текстан хаамаш (элпаш, дешнаш, предложенеш, тексташ); графически хаамаш (суьрташ, чертежаш);

    аьзнийн хаамаш (музыка, къамел, аьзнаш);

    видеохаамаш (видеофильмаш, мультфильмаш, кинофильмаш). И берриг хаамаш цхьана дашо шена чулоцу: мультимедиа. Нагахь санна компьютер оцу пхеа хаамийн тайпанашца болх бан йиш йолуш елахь, цунах мультимедийни компьютер олу. Компью- теран программа оцу пхеа хаамийн тайпанех пайда оьцуш елахь, цунах мультимедийни программа олу. Дукхахйолчу хIинцалерчу компьютерийн ловзарш мультимедийни шайх олуш дерш ду. Вай царах ловзучу хенахь вайна къамел а, музыка а хеза, мультфильмехь

    санна, мультипликаци а го.

    ТIедиллар. Цхьанатайпанара меженаш а, юкъара дешнаш а шайца долу предложенеш схьалаха. Дийца оцу предложенеш- кахь сацаран хьаьркаш хIитторах лаций.

    Упражнени № 3. ХIокху юкъарчу дешнашца цхьанатайпанара меженаш ялае.


      1. Яздархой, поэташ. 2) Турпалхой. 3) Композиторш. 4) Ху- дожникаш. 5) Хиш. 6) Олхазарш. 7) Дийнаташ. 8) Ораматаш. 9) Акхарой. 10) Дитташ.


    Упражнени № 4. ХIокху предложенешкахь тире хIотторан ба- хьана довзийта.


    1. Къоьзан-Iам – уггар а кIорга Iам бу вайн махкахь.

    2. Хьекъалчо ша бехке во, сонтачо – кхиберш.

    3. ЦIенкъахь, пенаш тIехь, маьнги тIехь –массанхьа маьлхан серло.

    Упражнени № 5. Предложенеш яржае, цхьанатайпанара меже- наш юкъарчу дешнашна тIехьа а хIиттош.

    Кеп:Бежнийн фермехь кхиадо тайп-тайпана хьайбанаш. – Бежнийн фермехь кхиадо тайп-тайпана хьайбанаш: хьелий, говраш, гомашаш.

    1) Тахана расписанехь суна дукхаеза предметаш ю. 2) Мохк толлуш тхо кхечира Нохчийчоьнан яккхийчу гIаланашка. 3) Аса дагардира вайн мехкан даккхийра хиш. 4) Со волчу хьошалгIа баьх- кира сан тоьлла доттагIий. 5) Каникулаш йолуш дешархой хьаьв- сира керлачу фильмашка. 6) Бибилиотекехь дIаяьхьира ешархойн конференци дукхаезачу берийн книгех лаьцна. 7) Хинан лохачу берда йистехь туристаша охьабиллира шайн гира берриге мохь.
    Упражнени 6. Цхьанатайпанара меженаш шайца йолу пред- ложенеш пунктуационни кепара къастае.

    Къасторан план


    1. Цхьалхе предложени ерзош хIиттош долу сацаран хьаьркаш.

    2. Цхьалхечу предложенера къасторан хьаьркаш: подлежащина а, сказуемина а юккъехь тире (елахь); цхьанатайпанарчу меженашна юккъера запятой (елахь); юкъара дош цхьанатайпанарчу меженашна хьалха лаьттачу

    хенахь хIоттош болу шитIадам (белахь); юкъара дош цхьанатай- панарчу меженашна тIехьа лаьтташ делахь, царна хьалха хIоттош йолу тире (елахь); юкъара дош цхьанатайпанарчу меженашна хьалха лаьтташ делахь, цхьанатайпанарчу меженашна хьалха буьллу шитIадам а, царна тIехьа юьллу тире а предложени чек- хъялаза елахь.

    1   ...   35   36   37   38   39   40   41   42   ...   91


    написать администратору сайта