Главная страница
Навигация по странице:

  • , массо а

  • Массо а агIор схьахьоькхуш

  • Упражнени

  • Упражнени № 3. ДIаеша предложенеш. Билгалдина дешнаш муьлха

  • Упражнени № 4. Билгалдиначу дешнашна тIехьа карчамаш а балош, дIаязъе предложенеш.

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница42 из 91
    1   ...   38   39   40   41   42   43   44   45   ...   91

    Къасторан кеп


      1. ХIай нохчо! Сан аьрха доттагI! ДIататта даг тIера кхера. (Сатуев Хь.)



    Барта къастор


    ХIара предложени тIедожаран ю. Грамматически бух–дIататта (сказуеми) подлежащи дац, цундела хIара цхьанахIоттаман бил- гала-юьхьан предложени ю. Предложенехь коьртаза меженаш ю, тIаккха хIара яьржина ю. Предложени чолхеяьлла даьржиначу тIедерзарца (хIай нохчо, сан аьрха доттагI).

    Подлежащи дац, сказуеми–дIататта–хандешан цхьалхе ска- зуеми ду. ТIедерзар грамматически предложеница дозаделла дац.

    Йозанца къастор


    ХIай нохчо! Сан аьрха доттагI! ДIататта даг тIера кхера. (Са- туев Хь.)
    Цхьалхе, тIедожаран, цхьанахIоттаман, билгала-юьхьан, яьр- жина, чолхеяьлла даьржиначу тIедерзарца.


      1. Схьахетарехь, зудчун дог кIаддира дийцинчо.



    Барта къастор


    ХIара дийцаран предложени ю. Грамматически бух–кIаддира (сказуеми), дийциначо (маьIнин подлежащи). Предложенехь коьр- таза меженаш а ю, цундела иза яьржина ю. Предложени чолхеяьлла юкъадалочу дашца, цо тешна цахилар гойту. Подлежащи дийцинчо, причастих кхолладелла. Сказуеми–кIаддира–цхьалхе сказуеми ду, хандашах кхолладелла. Схьахетарехь–юкъадало дош ду, грамма- тически дозуш дац предложенин вукху меженашца.


    Йозанца къастор


    Схьахетарехь, зудчун дог кIаддира дийцинчо.
    Цхьалхе, дийцаран, шинахIоттаман, яьржина, чолхеяьккхина юкъадалочу дашо.

    Шакъаьстина меженаш



    Предложенехь коьртаза меженаш кхечу дешнех интонацица, шайн маьIница схьакъасто тарло. И тайпа меженаш шакъаьстина меженаш ю.

    Меженаш шакъаьстина хилийтархьама, грамматически а, маьIнин хьелаш оьшу.

    МаьIнин хьал: коьртазчу межено хьарчош гайтинчу кепехь билгалбо хилам я хьал. Цу дуьхьа дешнийн форманех, цхьаь- накхетарех лаьтташ болучу карчамех пайда оьцу, масала: Зезаган хазачу хьожано, малхо дохдина долучу, чоь хьалаюьзира. Лаьмнаш хиларал сов, Кавказан махкахь Iаьмнаш а ду; кхузахь карчамийн

    «хиламан», «хьолан» маьIна ду: Зезаг малхо дохдина; Кавказан махкахь Iаьмнаш а ду.

    Грамматически хьелаш: а) ша билгалдечу дашна коьртачу межено грамматикин бакъонашца йогIуш йоцу меттиг дIалацар– инверси; б) билгалдечу дашца йолу уьйр херъяр, дешнийн цхьаь- накхетар вовшахдаккхар; в) коьртазчу меженан хIоттам шорбар (карчам).

    Лакхахь далийначу масалехь причастин карчам малхо дохдина долу билгалдечу цIердашна тIехьа лаьтташ бу.

    Йозанехь шакъаьстина меженаш запятойшца, наггахь тире йил- ларца билгалйоху. Предложенехь шакъаьстина меженаш хила тарло къастамаш, латтамаш, кхачамаш, юххедиллар. Шакъаьстина къа- стамаш дукхахьолахь причастин карчамах хуьлу, ткъа шакъаьстина латтамаш деепричастех а, деепричастин карчамаха.

    Масала: Мох, массо а агIор схьахьоькхуш болу, тIеттIа чIагIлуш бара. Нагахь санна причастин карчамна тIехьа лаьтташ хилахь, шакъаьстина меже хуьлий ца лела къастам. Масала: Массо а агIор схьахьоькхуш болу мох тIеттIа чIагIлуш бара.
    Упражнени № 1. Нийсадоцу алар билгалде.


    1. Шакъаьстина меженаш сацаран хьаьркашца а, интонацица а билгалъеш йолу меженаш ю.

    2. Шакъаьстина коьртаза меженаш бен ца хуьлу.

    3. Наггахь бен къастош ца хуьлу бертаза къастамаш.

    4. Деепричастин карчамах хилла латтамаш предложенехь къастабо.

    5. Фразеологически цхьаьнакхетарх хилла деепричастин кар- чамаш шакъаьстина хуьлу.

    6. Латтамаш шакъаьстина хуьлу, нагахь санна цара хиламан хан а, меттиг а билгалъеш елахь.


    Упражнени 2. Еша нийсачу интонацица. Билгалбаха шакъаьсти- на къастамаш. Уьш шакъаьстина меженаш хиларан бахьана довзийта. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, тIера схьаязъе.
    1) Iаламат яккхийчу чоьнийн тийналла лахара хьаладогIучу мукъамаша наггахь йохош йолу цхьа синхьийзаме яра. 2) Леганийн гIаш акхаройн тIодах тера долу бIаьрла къаьсташ дара можачу гIамар тIехь. 3) Кхо де даьлча чIанадевлира массо а мехашна тIекхочехь долу аьрцнаш. 4) Нанас дов дира йоIана кхоьланчу дийнахь гуьйранна чуьра араяьлла йолаяларна цунна хетарехь йоьIан могашаллина зене йолучу. 5) Хи тIе дуькъа дохк дижира кIайн кхераме. 6) Дийнахь сарралц идда волу со дукха сиха во- жийра набаро. 7) Стигалахь ойлане дIатийра яйн мархаш дIабузучу малхо цIийина йолу. 8) Мох шийла а тIуьна а болу дегIах чекхбо- луш саццаза хьоькху тхан дегнаш шелдеш. 9) Ткъа и питанча шен ямарт гIуллакх динарг шек а вац. 10) Цецваьлла айса хIун эр ду а ца хууш лаьттара со... 11) Жимчохь дуьйна хих кхоам бан Iемина волу Iалман шовданашка чохь садолучу хIумане санна хьоьжура.

    1. «Беркат» базарахь оьцучу сурсатех эцархошкара боккхуш болу мах уьш цецбохуш хуьлу дукхахьолахь.


    Упражнени № 3. ДIаеша предложенеш. Билгалдина дешнаш муьлха меженаш ю къастаде. Оцу предложенешкахь сацаран хьаьр- каш хIитторах лаций дийца.


      1. Маьлхан дуьххьарлера зIаьнарш, хийрачумархехчекхъев- ллайолу, стигалахь къегира, лаьттахула а, стигалхула а хьалаевдира.

      2. Тийналла йохайора эшаран мукъамо, хи тIера схьакхочушбо-

    лучу. 3) Лахахь, тогIечохь, юьртан чиркхаш къегара, цIарула-цIен цIераш а йогура. 4) Боданечу цIа чохь, кора юххехь, хиъна Iара букара яхна йоккха стаг. 5) Синтем боцуш, дитта тIера дитта тIе кхиссалуш лела тарсал, шенмесалацIогадаржийна. 6) Тхо кестта ткъа чаккхарма сов дIадахара стагцакхочучуIоматIе, амма Гуди ца дигира. 7) Котамелсов, тхан кертахь цхьа а тайпа зIакардаьхни дацара. 8) ДекъачулаьттадийнахIу хьала ца долуш, дикка Iийра.

    1. ДукханекъбинакIадделатхо дукха ца Iийра цIера хьалха, хьалх- хе дIадийшира. 10) Шийлачу, дегIах чекхболучу махо ца дуьтура тхо гонаха йолчу исбаьхьчу меттигашка бIаьрг кхарсто, мохтиле- чу ийзадора. 11) Лоха, буто волу иза куьйгашкахь хазанеха санна ницкъ болуш вара. I2) Оцу стоммачу кетар кIелахь детталора дог,йохьах, доьналлех дуьзнадолу.


    Упражнени № 4. Билгалдиначу дешнашна тIехьа карчамаш а балош, дIаязъе предложенеш.

    1   ...   38   39   40   41   42   43   44   45   ...   91


    написать администратору сайта