Главная страница
Навигация по странице:

  • Нохчийн

  • Массо меттехь дитташна юккъехь лепара кIайн, цIен

  • Хьал- ха хIара урамаш гаттий, боьха дара, ткъа хIинца – шуьйра, цIена.

  • Дуьххьарлера дашо

  • Цуьнан дагалецамаш генарчу казахийн гIамаршла кхаччалц дIабахара. Ламанан сихачу хил дехьа а девлла, юха а шерачу новкъа девлира тхо. Упражнени

  • Упражнени № 2. Яржае предложенеш шина кепара

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница36 из 91
    1   ...   32   33   34   35   36   37   38   39   ...   91

    Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш



    Хуттургаш йоцуш цхьаьнакхетта къастамаш хила тарло цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцуш а. ХIума цхьана агIор билгалъечу къастамех цхьанатайпанара къастамаш олу. Масала, Нохчийн, гIалгIайн, бацойн меттанаш нахски меттанийн то- банна юкъа догIу предложенехь къастамаш нохчийн, гIалгIайн, бацойн цхьанатайпанара бу: цара меттанаш цхьана агIор билгалдо

    Цхьанатайпанара къастамаш дагардаран эшарехь ала а, цар- на юккъе хуттург хIотто йиш а ю, цундела уьш вовшех запятой йилларца къастабо. Масала: Массо меттехь дитташна юккъехь лепара кIайн, цIен, можан зезагаш. Къастамаш цхьанатайпана- ра бу, царна юккъе хуттург хIотто тарло: кIайн а, цIен а, можан а. Цхьанатайпанара къастамаш цхьатерра боьзна хуьлу дозуш долучу дашах: Лекха, товш, куьце йоI ю Седа.

    Цхьанатайпанара хила тарло къастамаш, оццу дашах бозуш а, кхечу къастамийн цхьаьнакхетарна духьалхIоттош а болу: Хьал- ха хIара урамаш гаттий, боьха дара, ткъа хIинца – шуьйра, цIена.

    Цхьанатайпанарчу къастамийн декхар кхочушдеш лела тарло билгалдош а, цунна тIаьхьа богIу причастин карчам а: Цуьнан Iаьржа, тIехь цхьа а тайпа куй боцу корта, юкъ-юкъа гучубуьйлура хи тIехь.

    Дуьххьарлера дашо зIаьнар лаьмнийн баххьаш тIехула дIашершира. Билгалбина къастамаш цхьанатайпанара бац, хIунда аьлча цара цхьа хIума тайп-тайпана билгалйо, царна юккъе хуттург

    хIотто а ца мега. Предложенера къастам дуьххьарлера бозабелла бу дерриге а дашо зIаьнар дешнийн цхьаьнакхетарца.

    Цхьанатайпанара боцу къастамаш дукха хьолахь кхоллало мухаллин а, юкъаметтигаллин билгалдешнийн цхьаьнакхетарех: Цуьнан дагалецамаш генарчу казахийн гIамаршла кхаччалц дIабахара. Ламанан сихачу хил дехьа а девлла, юха а шерачу новкъа девлира тхо.
    Упражнени № 1. Сизалгийн метта къастамаш хIиттабе, къов- ларш юккъехь хьахийна билгало гойтуш болу. ДIаязъе уьш. Муьлха къастамаш бу царах цхьанатайпанара? Муха хиира шуна иза?


      1. ТIай тIехула хахкаелла дIаяхара ---- машен (барам).

      2. Суна совгIатана елира---- суьрташ тIехь долу книга (барам).

      3. Хийистехь а, керта юххехь а кхуьш дара --- даккхий дитташ (хан).

      4. Берийн туьканахь юхкуш яра тайп-тайпана---- ловзоргаш (коь- чал). 5) ХIара--- кисана юьллу фонарик туристана лело аьтто болуш ю. 6) Кхин кхоъ а доккха ---- цIа доьгIна гIалахь Соьлжин берда йистехь. 7) Кегийрхойн цхьаьнакхетарехь лийкхира нохчийн--- эшарш (къоман тайпа).


    Упражнени № 2. Яржае предложенеш шина кепара:

        1. 1   ...   32   33   34   35   36   37   38   39   ...   91


    написать администратору сайта