Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
КАРЛАДАККХАР. ЦХЬАНАХIОТТАМАН ПРЕДЛОЖЕНИУпражнени № 1. Шена чохь коьрта меже Шена чохь коьрта меже сказуеми дерг подлежащи дергбилгала-юьхьан цIеран билгалза-юьхьан юьхьза юкъара-юьхьан Хьовса схемига. Дийца, муьлха кепаш хуьлу цхьанахIоттаман предложенийн, муха къаьста уьш шинахIоттаман предложенех. ЦIеран предложенин башхалла хIун ю? Билгала-юьхьан а, бил- галза-юьхьан а, юьхьза а, юкъара юьхьан предложенийн юкъара дерг хIун ду а, уьш вовшех къастошдерг а хIун ду? Дага а лаций, хIор кепана кхоккха предложени ялае я цхьана текст тIера схьа а лахий, дIаязъе. Упражнени № 2. Таблици чуьра масалш хила ма-деззара дIанисде.
Упражнени № 3. ЦхьанахIоттаман предложенин тайпа билгалде. – билгала-юьхьан; – билгалза-юьхьан; – юкъара-юьхьан; – юьхьза; – цIеран. Аьлларг юха ца дерзало, яздинарг дIа ца даъало, хадийнарг ца хоттало. Гонаха тийна дара. Кхо бIе езткъе йиъ гектар дагна хьомечу лаьттан. Хьун, хи Басс, Iам, гIант, цанийн аренаш, некъаш, тачанаш. Гурахь ялташ чудерзадо. Хьо ваханчу меттехь дика дешалахь. Корехь бIаьсте хааяла йолаелира. Бода булуш лаьттара Iинан йистехь. Лохачу цIенош чохь аьхка йовха яра. ГIуллакхца забарш ма е. Упражнени № 4. ДIаеша текст, билгалде предложенин тайпа. ХIун гIуллакх кхочушдо цара? Муха кечдо хьуьнан чай? ЦIечу комарийн, мангал-комарийн, хьехан гIаш гулдой, IиндагIехь дуьту уьш 3-5 сохьтехь, маргIал даллалц. Юха яьшки чу а дохкий, 7-10 сохьтехь латтадо. Цул тIаьхьа и гIаш пешахь а, малхехь а дакъадо. Чай ангалин банканаш чохь лардеш, латтадо, хьожа дIа ца яйтархьама. ГIаш екхна йолуш, довхачу деношкахь гулдо. Басар доккхучу хенахь вовшех иэдо тайп-тайпана чайнаш. Упражнени № 5. Дийца, муха кечбо шун къоман кхача. № 4 йолучу упраженин кепах пайда а оьцуш, цхьана дааран рецептах лаций дийца. Упражнени № 6. ХIокху алгоритмах пайда а оьцуш, цхьана- хIоттаман предложенеш тайпанашка дIасаекъа. Коьрта меженаш билгалъе. Къастаде, цхьанахIоттаман я шинахIоттаман ю предложени. ЦхьанахIоттаман елахь, коьрта меже муьлхарниг ю хьовса: подлежащи я сказуеми. Подлежащи делахь – иза цIеран предложени ю. Сказуеми делахь, къастаде дар кхочушдийриг билгалвеш ву я вац. Билгалвеш велахь, къастаде, юьхь билгалъеш ю я яц. Бил- галъяхь (хьо, ахьа) – билгала-юьхьан, къасталуш яцахь – билгал- за-юьхьан. Дар кхочушдийриг билгалвеш вацахь – иза юьхьза пред- ложени ю. Арахь хIинца а сирла ю. Сингаттаме ду есачу аренца. ЦIийзаш, шок етта махо, наггахь бен йоцу бецан хелигаш дIаса а идош. Меллаша текхаш йоьлху, хIара аре санна беса йолу, мар- хаш. Сира, беса стигал. И дерриг а бIаьргашна хьалха маьлхан зIаьнаршлахь ловзу, хелхадуьйлу. Суьйре. ЯлхалгIа сахьт. Аре- нашца тов, бурко, бIарлагIаш. Меттамотт болучохь сингаттаме тийналла. Йовхоно хьере вина массо а. ХIара ду и тхан дайн хилла цIа. Меллаша керта воьду со. Гонаха тийналла, есалла. Ма лаха бахам, лаха Iилма боху вайн кица йохье а лаьцна, леллера со хIинццалц. Ученан ламеш тIехула хьалаволу со. Меллаша неI схьайоьллу, чоьхьаволу. Чохь бодане а, тийна а ду. ТIуналла ю хаалуш массо меттехь. Басадевлла корера кисеш, пенаца лаьтта гIанташ. Маьнги тIехь Iуьллура ненан кор- тали. Дагаяьхкира бераллин хенаш, яьккхина мерза зама. Легашка шад хIоьттира. Дийцахьа, мила ву дагалецамаша хорам банза. Схьахетарехь, цхьа а хир вац. |