Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Юьхьан а, билгала-юьхьан а предложенешШий а коьрта меже – подлежащи а, сказуеми а – шена чохь дерг – юьхьан предложени ю. Юьхьан предложени яьржина а, яржаза а, кхечуьнга йолуш а ца йолуш а хила тарло. ДIо генна мархаш тIехьахула охьаяьхкина маьлхан зIаьнарш регIа басахь ловзуш лаьттара. (М. М.) Аса къамел чIогIа дог ца догIуш дора. (М. М. ) Мох белира. Оцу кхаа предложених хьалхара шиъ яьржина ю, ткъа царах шолгIаниг кхечуьнга йолуш ерг; кхоалгIа предложени яржаза ю. Шена чохь подлежащи а доцуш, сказуемино маьIница иза билгалдечух билгала-юьхьан предложени олу. Масала: – Дийцахьа, хIунда олу кхунах хазачу йоьIан тIулг? (М. М.) – Ма хаавелахь говра тIе, жима ву иза хIинца а. (М. М. ) Волахьа тхо долчу а. Вай масаллина ялийначу предложенешкахь дийцахьа, хааве- лахь, ладогIахьа сказуемеша билгалдо подлежащеш (ахьа, хьо). И подлежащеш сказуемех дIа а ийна, дийца ахьа, хааве ахьа, вола хьо меттана, дийцахьа, хаавелахь, волахьа хилла. Упражнени № 1. Предложенешка хьовса. ХIокху къепехь схьа- язъе: а) шинахIоттаман предложенеш; б) цхьанахIоттаман предло- женеш. Коьртачу меженашна кIел сиз хьакха. Ширачу паркера йовха, юькъа зезагийн хьожа схьаетталора. Гу тIера гIала дика гуш яра. 3) Базар. Чилланан денош. Кетарш- лахь дитташ. 4) Иза хьешан цIа чохь дIатарвира. 5) КIотар хIинца а йижаза яра. 6) Ахчанах хьекъал эцалур дац. 7) Марха достучу дийнахь делкъанна дуьйна хьошалгIа ваха кечам беш вара. 8) – Со волчу чу хIунда ца вогIу? Кхана ца вогIуш ма Iелахь. 9) Ткъа юха... ГIала. Юрт. Дуккха а ло, ло. 10) ГIамарш юкъара схьакъеда тайнигийн суьрташ. 11) ДIайижинчу юьртахь маьI-маьIIехь чирк- хийн серлонаш гора. 12) Делла жIаьла тешийла ахьа дуьйцучух! Сатеснера. Iуьйренан цIемза, шийла мох. 14) Беран хенахь ада- ман хьекъал бIаьргаш чохь хуьлу. 15) Арахь Iаржъяла йолаелира, шийла мох а хьоькхуш. 16) Бешана гонах нилха коьллийн керт, тиша божал, поппаран лоха цIенош, гIийла богучу чиркхан серло. Упражнени № 2. Предложенеш тIера схьаязъе, юьхьан а, билгала юьхьан предложенешна тIехула билгало а еш. – Собардехьа, сих ма лохьа. Бакъдерг дийцахьа тхуна. 2) Кавказера гIаьттина олхазар а дIакхача сов гена, акха меттиг яра Тянь-Шанан лаьмнашна юкъахь яйна Арпа-тогIе. 3) – Ма хила- хьа баланна сел суждане оьхуш. 4) – Ма ахьа ца лоьхуш, беар-кха хIара бала вайн коча хIетахь! 5) – Собарде, сих ма ло, сапаргIат хила! Буьйсанал Iуьйре сирла хуьлу. 6) Лох-Беташа, меллаша шен юкъ а яьстина, вежаршна хьалха шен герз охьадиллира. 7) Тховса цкъа садаIа, дог паргIатдаккхахьа. Кхана Iуьйранна, ладоьгIна, цхьаъ дер.. 8) Дуьне а, Iалам а къонделла хетара цунна хIинца. 9) – Охьавижа! Охьавижа, диканиг! Тхоьга ла ма дегIа. 10) Жима- чу йоIана хоийла дацара Нохчийчуьра шайга баьхкинчу хьешаша деана инзаре гIуллакх. (М. Я.) 11) Ма лаха бахам, лаха Iилма. 12) Дича дохковер волу хIума ма де. 13) – Гечде! Гечде цунна! – божарий а, зударий а белхарца дехарш деш, кхойкхура Джанхоте. ХьалагIатта, маракхета къеначу голашна! 15) Дерриг а дуьнене дIакхайкхаейша ДжанхотгIеран къонахалла, адамалла. (Яс. М.) Упражнени №3. Предложенешка хьовса. Билгала-юьхьан пред- ложенешкахь сказуемешна кIел сиз хьакха. Шийтта долуш бен дIа ца дийшира. 2) Корта агIор а баьк- кхина ладугIура Iусмана, юха элира: « Тергал ма де. Дийцийта шайна. ХIинццалц дийцина, кхул тIаьхьа а дуьйцур ду». 3) –ХIей! Тховса тхо долчу синкъераме волахьа!–мохь туьйхира Селима. Пхьор дечу хенахь кIезиг юура, жижиг-галнашка сатуьйсуш. Кевнаш схьа а диллина, аратеттира машен урамновкъа, лато дагахь. 6) Собардехьа, хIинцца цIа кхочур ду. 7) Хьала ма гIевтти дуьйлийша, чай молуш Iен. 8) Буса хьуьнха чувоьллахь, четарна юххе. Буьйса цигахь йоккхур ю вай. 9) Дийцахьа, муха дара ци- гахь. Дерриг а дуьйцур ду. Ваьлла муха лийлира а, деша дIа муха тасавелира а, хьеха маца волавелира а. 10) Ешахьа, Аслан, хьан стихашка сатийса кIордийна-кх. 11) Сан шерашка валахь капи- танан чине кхача а мега. 13) Iуьйре. Корах арахьажахьа, жимма хьайн самукъадаккхахьа, гонаха бIаьрг тухуш. 14) ТIаккхахула сан шаьлта ма ехкалахь. Нохчийн Iадатехь эхь ду жимачу стага, гIалакх санна, йоккха шаьлта лелош хилча. 15) ТIаккхахула иштта меттиг хилча, соьга я юьртдега хаам белахь. 16) Хьажахьа, Узун-Хьаьжа, оцу гIуллакхна ала хIума дац. ШариIат тхуна массарна а оьшуш ду. Керстана ма Iотталахь, бусалбанна ма тохалахь бехира карахь шаьлта йолчу кIанте. (Ош. Х.) |