Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Юьхьза предложенешКоьртачу декъана юьхьза предложени я дерзоран, я гIоьнан хандош, я цIеран, я хандешан хIоттаман сказуеми шена юкъа догIуш хуьлу. Дар кхочушдийриг билгалвеш вац кху предложе- нешкахь. Масала: Цу хенахь кертахь дикка Iаржъелира. Арахь паргIат садеIалора. Подлежащи кху предложенехь хуьлуш дац я хила оьшуш а дац. Юьхьза предложени яьржина а, яьржаза а хуьлу. Масала: Арахь Iаржлуш лаьттара. Шелъелла. Упражнени № 1. Къастаде, массо а алар дуй нийса.Юьхьза предложенеш – сказуемин тайпана цхьанахIоттаман предложенеш ю. Юьхьза предложенеш вукху цхьанахIоттаман предложенех къаьста сказуемин башхаллица. Юьхьза предложенешкахь дар кхочушдийриг билгал ца во, амма дагахь хуьлу. Юьхьза предложенеш шуьйра яьржина ю хабаран къамелехь. Юьхьза предложенин синтаксически синоним хуьлий лела шинахIоттаман предложенеш. Юьхьза предложени яьржина а, яьржаза а хуьлу. Юьхьза предложени дерзоран я гIоьнан хандош шена юкъадогIуш а, цIеран я хIоттаман сказуеми юкъадогIуш а хуьлу. Упражнени № 2. Юьхьза йоцу предложенеш билгалъе. 1) Урх хецаелла говр сацалур яц хьоьга. 2) Сагатло, сахьийза, тIетовжа меттиг яц. 3) Сарахь дуьйна наб кхетац, уьйтIахь Iаьржа ю. 4) Стелахаьштиго диттах цIе тесира. 5) ГIенах го, гIенах го дашо малх суна. 6) Са ца даIало, гатто ю кийрахь. Упражнени № 3. Юьхьза предложенеш билгалъе. 1) Кхо йоккха топ лаьттачу агIор мелла а тийна дара. 2) Iаьнан хьалхарчу дийнахь чохь сацавала хала дара. 3) ХIаваэхь догIанан хьожа еттало. 4) Олхазаро санна, куьйгаш-тIемаш даржийна, тIомавала дог догIу. 5) Наб дика ялора, бер долучу хенахь санна. 6) Самукъане ду кху лаьттахь ваха. 7) Аьрцнашкахула а, Iаннашкахула а даха дийзира дикка дIа. 8) Хьуна хаьа адамийн самукъадаккха. 9) ХIордо даим а шена тIеийзавора со. 10) ДIаваха дог ца догIура. 11) ХIор буса чубаьхкина нах ган тарлора цигахь. 12) Стоьмийн бешахь буьйсанан шелонан а, тIуьначу гIамаран а хьожа етталора. Йочана йолуш а, хи даьржина долучу а хенахь чIеро муьрг ца туху. 14) Мел генахь болу гу а къаьста шерачу арахь. 15) Юьртахь тийна а, Iаьржа а ду. 16) Буьйсанна беснаш дов. 17) ХIаваэхь догIанан хьожа еттало. Упражнени № 4. Юьхьан предложенех юьхьза предложенеш а еш, дIаязъе. |