Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Латтамех Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдарУпражнени № 1. Схьаязъе предложенеш хIокху рогIаллица: хьалха-маца? бохучу хаттарна жоп луш болу латтамаш шайна чохь берш, цул тIаьхьа – мичахь? мичахула? бохучу хаттаршна жоп луш берш, тIаьххьара а – муха? бохучу хаттарна жоп луш берш. Цу доккхачу ловзаргахь хьийзаш волу 600–700 стаг жима а, воккха а эвла йисте говраш хохкучу бахара. Эвла йисттехь, шерачу арахь, готанца баьккхинчу гонна гонаха хьийзош, тайп-тайпана басахь ейтта говр яра. Хахка кечйина и ейтта говр цхьабосса дIа а хIоттийна, царна хьалхахула ваьллачу цхьаммо кхайкхам бира: – Хахка йохуьйтург ейтта говр ю, берриг а биллинарг ворхI гуо бу, хьалхаяьллачу говрана 15 метр кIади, шозлагIа еаначунна 10 метр ю, кхозлагIа еаначунна 10 метр ю. Говраш хаьхкиначул тIаьхьа цхьа адам говрашна юкъа ма гIорталаш. Говраш даиманна а гонаха арахьахула лела езар ю шуна, – аьлла, кхайкхам бира цо, даьхьна шен карара йовлакх ластийна говраш дIаяхийтира. Цо къа- мел дечу заманчохь, цхьа ор даккха генахь тIа детташ лаьтта сира говр чехкка дIаиккхира. ВорхI гонна уьдуш йолучу ейтта говрах, кхозлагIчу гонехь тIера береш охьабетталуш кхо говр а къаьстира, юха, йолхазлагIчу гонехь, кхидIа ида ницкъ ца кхочуш, ялх говр а сецира. Цкъа цхьаъ хьалхий, тIаккха важа хьалхий юьйлуш йогIучу бухайисинчу пхеа говрана а тIаьххьара баккха беза цхьа гуо бисира. ТIаьххьара а сира говр, ворхIалгIа гуо бола ма-белли, хецаелла, айъина шена тIехь Iаш волу кIант а эцна, гуо юккъе кхачале массо а говрах къаьстина, дикка хьалха чекхъелира. ( Айсханов Ш.) Упражнени № 2. ДIаеша текст. Билгалбаха латтамаш. Хаттарш а хIиттош, билгалде, муьлха латтамаш бу уьш. Цул тIаьхьа чIогIа сатесира бераша бIаьсте яре. Арахь ло Iуьллура. Шелонна пепнаш лелхаш хезара буса. Амма, пана лела мархаш санна, сихо йоцуш дIаоьхура дохделла денош, беттанаш. Мартехь дуьйна наггахь гучуболура малх. Апрелехь ло дукха сиха даша доладелира. Ломан басенашкара хьаьвдда догIура зевне та- толаш. Иштта дIаделира, дукха шийла хиларна дахделла хилла, Iа. Шийлачу махо дегош, хIинцца хIоьа чуьра даьлла кIорни санна хебаш, лаьмнашкахь хIинца а Iуьллучу лайн кIелара хьалагIерта ховха лайн зезагаш. Басенашкара хьаьвдда догIу хиш севцча, Журавлиха-хин тогIи чохь йолу хьун, чIенгаш йистина а, яьттIа а, сийна-баьццара пIухI тIейоьллича санна, къонъелла дIахIоьттира. Баганан, базанан, докан луьста хьун яьллачу лаьмнашкара схьа- хезачу олхазарийн самукъанечу аьзнашка ладоьгIуш, Йоккхачу Бабин ирсан тIулгах долучу дийцаран ойла еш, цIийна гонаха у тухуш йиначу терхи тIехь Iара Мика, ван а веана Колький, Лоьмий кхунна хьалха дIахIоьттича. – Шун бабас бийцина ирсан тIулг лаха вагIахь, тхуна тIаьхьахIотта, – элира, жIаьлеша кадиттича санна, эттIачу боккхачу куйна кIелхьара церг-ков схьакъедочу Лоьмас. Даша ца дайта, хечин когаш хьала а карчийна, когашIуьйра волу кхо кIант лаьмнашкахьа хьалавахара. (Яндарбиев Хь.) Упражнени № 3. ДIаеша. Латтамийн тайпанаш билгалдаха. ДогIанаш дукха эхарна, йол чуерзоза йисира. 2) Лаам бе- лахь, дахарехь дагалаьцнарг кхочушхир ду хьан. 3) Со дуьхьал воллушехь вахара и шиъ Iома йисте. 4) ХIорд ловзуш хиларна, хIордкема порте тIаьхьа схьакхечира. 5) Говрашка садаIийтархьама, хийистехь соцунгIа йира оха. 6) Ламанан агIонца, шен нуьрехь ловзуш, седано серло ло, лепарца. (О. Ш.) 7) Буьззинчу барамехь кхаьчна соь дахар, амма со яьхна и дерриг лаам хиларна. (А. Р.) 8) Iуьллур бу Iадда и, аз доцуш, гIийла, нагахь ца хилахь мерз меттахбаккха пондарча, хьан сема куьг. (А. Ш.) 9) – Ирс ахьа хIун до? Стенга доьду? – Беркат долучу доьзале! – Барт, ахьа хIун до? Стенга боьду? – Ирс хиллачу доьзале! (С. А.) 10) ГIаргIулеш йоьлхура цкъа стигалхула, йоьлхура чубузучу малхана уллехь. (А. М.) 11) ДIора къоьжа лаьмнаш санна, тийна, хьоме мохк, хьо курра латталахь, нуьре новкъахь кхиъмаш бохуш хьайна, даим зазадоккхуш бахалахь! (С. М.) 12) Дуьххьара мотт Iемаш, беро хьан цIе йоккху, бала тIехбаьлча а, тхан дог хьоьга кхойкху. (С. Б.). 13) КIордийна ца дилларх, кIадлой а дуьллу дог. Собар ца кха- чадарх, гIора ма кхачадо. 14) Луларчу ярташкахь жIаьлийн гIалх хаззал тийна ю буьйса. (А. Л). Яй кхехкаре терра бен, ца йохло чоь. МостагIчо тIелатар дале, баккхий нах, зударий орцах хьала баха. 16) Тхан мохк аша бертахь схьа ца лахь, тхо тIамца тIелетар ду шуна. 17) Куралла ца Iийра со хьоьга салам ца луш, хьоьгара салам схьа ца оьцуш а. 18) Ахьа дехар лур ду моьттуш, веъна со кху новкъахула схьа. 19) Чилланан хьесий тIечIагIделла, даьIахкашна тIе кхаччалц дегIах чудиссина. (Н. Ф.) Упражнени № 4. Къовларшкахь оьшу дешнаш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а даладе. (Хенан латтам) (меттиган латтам) дIакхечира некъахой. (Хенан латтам) пхьагал (меттиган латтам) дIаедира (мет- тиган латтам). (Бараман латтам) бIаьстенан деношка оха буц хьалаяларе сатуьйсуш. (Даран суьртан латтам) йогIура говр юьрта юккъехула. (Бехкаман латтам) аша кхиамаш бохур бу. Иза (Iалашонан латтам) мукъа витина мангала ца вуьгуш. (Дуьхьалара латтам) иза хьекъал долуш ву бохуш чIагIдан йиш яц. Вай (меттиган латтам) вайн (Iалашонан латтам). Упражнени № 5. Маса латтам бу кху байташкахь? Муьлха латтамаш бу уьш? Рицкъанаш нисделла ваьллехь со юьртах, Тахна сох пебетташ къехка ма къехка. Стигланаш хьехаеш ца баарх дуйнаш, Воьрзур ву къоьжа дай баьхначу керта. (Рашидов Ш.) Упражнени № 6. Шайн масалшца хьалаюза таблица. Барта латтамех лаций дийца.
|