Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
Меттиган латтамДар, хилар мичахь кхочушхуьлу гойту меттиган латтамаша. Цара жоп ло: мича? мичахь? мичахьара? мичахула? мичахьахула? мичара дуьйна? стенгахь? стенгахьа? стенгара? стенгахьара? стен- гахьахула? бохучу хаттаршна. Меттиган латттам хуьлу дештIаьхьенаш йолуш а, йоцуш а долучу цIердешнех, куцдешнех, цIерметдешнех, терахьдешнех, хандешан латтамийн форманех. И стаг лаьттинчохь хIинца гуш цхьа а вацара. Кхузара гуш яра стоьмех йоьттина йолу бошмаш. ШолгIачунна юххе дIахIотта веза хьо къайлаха. Массанхьара а схьахезара бераша детта маьхьарий. Геннара деъначух тера дара воккхачу стага и кхорийн синтарш. Упражнени № 1. Меттиган латтамашна тIехула хаттарш а хIиттош, схьаязъе. Дийца, муха кхоллабелла уьш. 1) Лаха чохь гIовгIанца доьдуш ламанан хи дара. 2) ЦIенкъахь, кхекхашна тIехь Iуьллучу дархочо, меллаша бIаьргаш биллира. 3) Юьртарчу гаттийчу некъашкахула майдана бигира Лоьмас хье- ший. 4) Циггахь дуй биира аса: Болат-ГIаларчаьрца тIом латто. 5) Ерриг а юрт гулъеллера Леча цIа веанчу, массара а декъалйора нана. 6) Дехьара цхьаъ Iина йисте а веана, буй лестош воллура. 7) Кхузахь молха эца карош дац. 8) БIовна хьалхарчу майданахь деш хелхар дара. 9) Дукха хан яьллера и кхузахь йийсарехь волу. 10) Йийсарша барт бинера арахьара хаам ца кхачахь а, тахана гIовтта. 11) Хелхабуьйлучарна юьстахо лаьттара иза, бIовнах букъ а тоьхна. 12) ХIара масех де ду гонаха цхьа а ца хаало. 13) Массан- хьара а тIелата белла хаам бара. 14) Лечина хьалха лаьттара йоI, ела а йоьлуш, бIаьрхишна юккъехула. 15) Хьалхарчунна тIаьхьахIитта аьлла, мохь а тоьхна, шаьлта лестош, дошлочунна чукхоссаве- лира Мокхаз. 16) ТIаьхьабевллачара геннара пхерчий кхуьйсура. Малх лаьмнашна тIе базбелира. 18) – Тхо дIагIур ду, шуьшиъ царна гуччохь саца, дIо лахахьа валий. (Гайс.I.) Упражнени № 2. ДIаеша предложенеш. Цу юкъара меттиган латтам шайца болу предложенеш тIера схьаязъе. Дийца, муьлхачу дашца боьзна бу меттиган латтам. Шерачу арахь цхьанхьа а дисна ло ца гора. 2) Хьалабаь- ллачу малхо, тIехьахула, коьшкала хиъначу цициго санна, ворта- нах мела гилгаш дохура. 3) Хи голатуххучохь, кхунна а гуш, ша ежачу говрана чухьаьдира борз. 4) Чухьаьжча, схьагарехь, стохка дуьйна а йохку, сеаларш яра луьстта лецна. 5) Говрахь ваханчо мох лаьцна, гIаш ваханчо гIаж лаьцна. 6) Борз яхханчу хин охьанехьа, цуьнан лорах ца хедаш, воьдура Тавсолта. 7) ТIаьххьара а, цхьа- на гух ваьлча, борз яйра кхунна. 8) Кхунна ши пхьагIат хьалхара дIаиккхира борз, тIе сийна корсамаш лецначу кхеранашна тIехула а кхийсалуш. 9) Луьстта сорамаш (мерза кIайн орам болу уьша- лан буц) бевллера гондIа. 10) ДегIах маьлхан дуьххьарлера йовхо юлуьйтуш, сапаргIат вогIура Тавсолта.. 11) Ткъех чаккхарма гена дара Iома тIе кхача. 12) БIаьстенан хIуо, дегI дайдеш, цIена дара. «Чохьсаготте, арахь сашорте», – аьлла дIаволавелира цигахьа Тавсолта. (Сул. М.) 14) Массанхьа а гуш лаьтта тIемаша йохийна ярташ а, гIаланаш а. (О. Ш.) Упражнени № 3. ДIаязъе. Меттиган а, бахьанин а латтамашна кIел сиз хьакха. Дийца, муьлхачу дешнех бозабелла бу уьш. Луьстачу хьаннаша хазбинчу ломан кIажехь Iуьллура Мусин-кIотар. 2) ГIалин истори йовза лиъна, исторически музей вахара иза. (Ц. Я) 3) Бехказло йоцуш, мало а ца еш болх барна, шагделла дара Маккин куьйгаш. 4) Аьтту куьйгара куй бара сих- бина юьхьах хьоькхуш, – бIаьргех дуьйлу хи, Маккина ца гайта хьоькхуш бара и месала куй. 5) ДегIе хьаьдда дагар бахьана долуш, юьхь кхохкийра цуьнан, корта лазабелира, лерга юххе ов тухуш. МоггIара, хин дохалла дийгIинчу синтарш кIел севцира тхо. (К.С.) 7) «Со эцца сельсовете воьду, налог дIаяла, тIаьхьа ца кхайк- хича ца Iий-кх хьо тахана.. Юург кечъелахь цу чохь. 8) Новразан кIант шовзткъе кхоалгIачу шарахь цамгар кхетта велла аьлла даьр- жира юьртахь. 9) – Хиъна Iа кIорда а дина, дIатаьIнера со, – олуш, деца диван нисъян гIоьртира. (Б. М.) 10) Къийлавалар а, вохар а, хьацар а, берийн делар а – и дерриг совдаьлла, чайнан стака Iанийра кхо сихвелла. 11) Шел ши-кхо шо воккха хир волучу кIантах ца ваьхьаш, цхьа дош ца элира Муслима. 12) Лулахочо шега аьлларг ца тайна, ша дIаболийна болх охьа а тесна, чувахара Муса. 13) Iа вуно шийла дара кхушарахь, хьуьнхахь шелонна дитташ дара лелхаш, чохь са долу акха хIума а юьртана герга гIертара, мацаллина дан амал цахиларна. 14) ТIаккха иза стигала хьежа хIоьттира: мокхачу дахкарлара, дуьйсиначу кит чуьра санна, чукхийсало лайн чимаш бен, хIумма а ца гора. |