Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени

  • Упражнени № 3. Дуьхьалара латтамаш шайца болу предложе- неш тIера схьаязъе.

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница25 из 91
    1   ...   21   22   23   24   25   26   27   28   ...   91

    Бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш



    Муха? муьлхачу бехкамца? бохучу хаттаршна жоп а луш, дар, хилар мухачу бехкамца кхочушхуьлу гойту бехкаман латтамо.

    Бехкаман латам дукха хьолахь бехкаман саттаман хандашах, масдарх я цуьнан карчамах хуьлу.

    Масала: Iамийнехьара, жоп дала хуур дара хьуна. Зоьртала велахь а, хелха дика волура кIант. Бакъдерг дийцахь, тешам хир бу. Халонаш лахь, аьттонна герга ваха там бу хьо.
    Дуьхьаларчу латтамо гойту хила таро йоццушехь, кхочуш- хуьлуш дерг, хила таро йоллушехь ца хуьлуш дерг.

    Масала: Эрна багаеттарх хьалха ца волу. Iаж муьста хиларх, дIахадор бац. Мел шед еттарх, шен болар ца хуьйцура говро. ДIаваха веззашехь, юьртахоша дехарна, ца ваьлла сецира со юьртахь.
    Упражнени 1. ДIаязъе. Билгалбаха бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш. Дийца, муха кхоллабелла уьш.

        1. ЗабиIатан тускар дузура цо, иза стеш дууш лаьтташехь. (К. С.) 2) Кхин юха ца ярах, кхин юха ца ерзарх, къуоналла, сан дахар, шуна ду баркалла. (Мам. М.). 3) Хазахетта, дагах гилгаш даларх, и сан илли даха гIатта дезар-кх. (А. Л.) 4) Йочане марха тIехьовзарх, гIел ца ло хорачойн шовда. (Я. Ю.) 5) Мел гена эхарх, со кхочур ву,дагна сел гергарчу баххьашна тIе. (А. Ш.) 6) Кечам боцуш долий- нехь а, кхачам болуш доьрзур ду. 7) Бета, шен дас корехула чуьра ара мохь бетташехь, чехконца говра тIе а хиина, кех араиккхира.

    8) Арсанакъий, Бикатуй хIинццалц схьа вовшашка дистхуьлуш хиллехь а, хIинца хIокху сохьта вовшашка дист ца хуьлура. (Б. С.). 9) ГIан дийца а хьан сох тешам ца хилча, сан чуьра дIавала веза хьо. (Н. Ф). 10) – Институт чекхъяьккхинехь а, гIиллакх- оьздангаллех ца кхиъна хьо, – аьлла, дуьхьал дIайолаелира йоI. (Г. I.) 11) Делахь а, адамашца гIиллакхе и вацахь хаалахь и къонах воций. (Сул. М.) 12) Дас а, юьрто а суна пурба лахь, цара массара а суна гечдахь, тIаккха цигахь бошуьйтур бу аса сайн корта дIа. (Яс. М.). 13) – Хьайга бохург динехьара, хIинца гоьла тIе ког баь- ккхина, хIун юхур, хIун юур ца хууш, вехар хир вара. (Хам. I.-Хь.)

    1. Лелийра, ца оьшура вайна и жIаьлеш боххушехь. (А. М.)

    2. Аса элира ма алалахь, ахьа Зулай юха а ялийна хIума ца дахь, хьо кара чами а лаьцна, куйнан йисте Iайг а боьллина, нехан шуреш лечкъош ца лелахь. (Хам. I.- Хь.) 16) Мел чIогIа къахьегарх, къона ву, могуш ву, тоам бо аса вахарх. (М. I.)

    Упражнени 2. ДIаязъе. Билгалбаха бехкаман а, дуьхьалара а латтамаш. Дийца, царах муьлха латтамаш алсам нисло.


      1. Цакхочург лелийча, кхача цадезарг кхочу. (Кица.) 2) Ткъа кхиверг лазийча, хьан цIогIа далахь, хьо поэт хилар и билгало ю. (С. М.) 3) Нохчаша ма-баххара, берзан бага дийнахь гIаьтташ яцахь, цхьогало шот ца кхочуьйтуш дацор дара адам, гуттар селхана еара латтош. 4) КIентий дика ца хьовзахь, дукха хан ца йисина Гитлеран Iазапехь несарий, мацах Деникин веъча санна, марзошка кхайкха. (Мус. М.) 5) Кхул тIаьхьа и дIа-коч, схьа-коч боху хIума аса леладахь, аса дуьйцург дош дац. (Хам. I.-Хь.)

    1. Денна Iилма Iамош вогIуш вацахь, цуьнан лакхене кхачалур вац.

    7. Газа берда йистехь лаьтташехь, буьхьиг аьхка яхна дукха мет- тигаш ю. 8) Деши даьккхина дIахецча а, дахка шен Iуьрга бахана.

    1. Са долуш белахьара, лам а божор бара тоьпо. (Кицанаш.)

    2. Зулам дан нагахь ахьа леринехь цхьанна, варий, сих ца луш, и кханенга татта. (А. Ш.) 11) Топ дашал язлахь–хьо герзах ларло, дош тоьпал дазлахь–вуон стагах херло. (К. С-М.) 12) Воьлуш дийцарх, дагахь дерг шен кIиллочо хоьуйтур дац. (С. А.) 13) Сайн ницкъ ма- ббу аса урх юхаозарх, говран болар лахдан ницкъ ца кхечира сан.

    14) Бораниг бехке йолуш кху арахь со валаза хIинцца ваьллехь а, нанна бер санна, хьаставелира со цунна. 15) Хьомечу хьайн ненан юьхь-сибат ахь дицдахь, ша-Даймохк къинтIера бера бац, боху цо.

    16) Лаахь, хьайн ирсе сатийса ахьа, нехачуьнга куьг ма кхийдаде- лахь. (М. М.) 17) Мел дукха латкъамаш барх, мел чIогIа саийлуш Iарх, хIара дуьне ханна бен дац, шех дуьсур доцуш да вац. (Абд. Л.)

    1. Юьхь ягош шийла йоллушехь, гоьллелц еха кетарш а юьйхина, адамийн гIаларташ дара дIасауьдуш вокзалехь. 19) Гуьйре йочане хир ю аьллехь а, екхна лаьтта гIеххьа хан яра. 20) Хьайна гечо ца довзахь, хи чу ма вийла.


    Упражнени № 3. Дуьхьалара латтамаш шайца болу предложе- неш тIера схьаязъе.


      1. И тайпа ойланаш цо кест-кеста яхь а, амма цуьнан дукха йолу хан кхечара дIайоккхура. 2) Нехан даьхни кхийларх, базара

    воьду-вогIург хьийзорах тулий нийсо? (А. М.) 3) Амма Iаьржа дин, мерах шок а етташ, тIанаш тIе хIиттарх, иза, чугъетташ, некъана пурх дIасаидарх, Iусамин самукъа-м ца долура. 4) Кулсум, хьайн нахах яларх шек ма ялахьа, со ву-кх хьуна хьуна веззачу тайпана вайшиъ даллалц. (Бад. С.) 5) Илланча хуьлуш вац дог карзахдаларх, ирсаца тIома и стигала валарх, шен къоман кхолламна адамийн дог оьцуш аз далхо вацахь. (К. С.-М.) 6) Дешнашца дIатеттарх ловр ду аса, хьулдийр ду кIоршаме аьлларг. (Так. С.) 7) Йожахь а нагахь, де эшна, кIелйиси ма мотталахь: гIоттур ю юха а, теша, яха со кху дуь- ненахь! 8) Сайн шераш дIаэхарх кхерац, гиччош сайн къеждаларх елхац. (А.Р.) 9) Мел веха со хьежарх, хьан тулгIе кIордаяц, генна некъ лелабарх, хьоьца бен са латтац. 10) Кху махкахь мел шийла дарц хьакхарх, тулгIеша кеманаш дохадарх, стигланаш оьгIазе Iаржъяларх, даимна, ца хедаш, доттагIалла кхузахь ду. 11) ХIун до ахь цу хазачу дашах, эвхьаза кховдийначу куьйгах, – догцIена кховдийна дацахь, тIаьхьенна дог лардеш дацахь? (Мам. М.)


    1   ...   21   22   23   24   25   26   27   28   ...   91


    написать администратору сайта