Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени

  • Упражнени № 3. Терахьдешнех а, деепричастех а хенан латта- маш а беш, предложенеш кхолла.

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница21 из 91
    1   ...   17   18   19   20   21   22   23   24   ...   91

    Хенан латтам


    Дар, хилар маца кхочушхуьлу билгалдоккху хенан латтамаша.

    Цара жоп ло: маца? маца дуьйна? маццалц? мацале?

    кхоллало

    хаттарш

    масалш

    1. хенан куцдашах



    1. деепричастих


    3.деепричастин карчамах
    4.хандешан латтаман форманах а, цуьнан карчамах а

    маца? мацале? маццалц?
    маца? маца?
    маца? мацале? маццалц?

    Селхана тхо белхехь дара.

    Сахиллалц Iийра тхо туьйранаш дуьй- цуш.

    Садале девлира тхо керт тойина. Вуьжуш динарг гIоттуш карийна
    Воьдуш йинарг чот яц, вогIуш йинарг бен.

    Шега и хаам бича, гIайгIане воьжна Солса.

    Буьйса ма йоьллинехь, йоккха шахьар дIасахьийзо йолийна цхьана хIумано. Нана цIа яле, тхо хохашна асар дина девлира.

    Арахь син билгало гучуяллалц йийшира

    цо книга.


    Упражнени 1. Оьшучохь сацаран хьаьркаш а хIиттош, схьа- язъе хIара предложенеш. Запятойш хIиттор бакъонца чIагIде. Ала, стенах кхоллабелла хенан латтамаш. (срез).


      1. Вовшашна тIе ма-кхеччи вовшашца тIом хьебина цара шин- хьарчара а. 2) Таханлера де тIекхаччалц мерза ши доттагI вайшиъ хилар нахана а дика хууш ду. 3) Хи а эцна хIара шозлагIа цIа вогIуш юьртахоша дуьхьалхьаьлхина дерриге хи а мелла витина кIант. 4) Наьрт-Болатхо юха кхетам чу вале оцу попах дIавихкина иза Ож- Болата. 5) Тхан дас ша лечу заманчохь хьайца гIиллакхе хиллачуьн- ца цул а тIехволуш гIиллакх долуш хила аьлла весет дина соьга.

    1. Говр хаьхкина воггIушехь кхоссавелла хьалха тIекхаьчначу хена тIе ваьлла Незнай. 7) Дукха хана ялале буьйсанна беанчу бIоно голаьцна хилла цу юьртана. 8) Ша цIакхачарца говр паргIат а яьккхина, шена гина тамашена хIума дийца шен да волучу цIа чу вахана Курпал. 9) ЖаIуьнан сурили чохь шура йоккхуш хIара кIант воллуш саьрмак бистхилла кху кIанте. (Н. Ф,) 10) Сахуьллуш лаьттара, Леча керта ваьккхича. (Гайс. I.)


    Упражнени 2. Хенан латтамаш шайца болу предложенеш кIел сиз хьакхарца билгалъе. ТIехула хаттарш хIиттаде царна.


      1. Тхан новкъадовлар Iуьйранна пхи сахьт долуш хилира.

      2. Дуккха а лаьттира и хаза сурт тхан бIаьргашна хьалха. 3) Дукха гена ялале, СаьIидан доьзал дагабеъча, и сацам буьйхира цуьнан.

    1. Дийнахь сарралц кертахь гIуллакхаш деш лелла Курсам садаIа чуйирзира. 5) Делкъанна садаIа балхара цIа кхаьчначу Курсамна ши бер гIийла карийра. 6) Малх-бутт схьакхеташ я дIабузуш гича, йоккхаеш дог тохалора Курсаман. 7) Иза ценкъара томмагIаш дIадайа йоллийла хиира Курсамна, цунах шен бIаьрг ма- кхийтти. 8 ХIетталц цкъа а оьгIазаллий, хьаггIий хIун ю ца хиъначу Курсаман даг чохь оцу минотехь дуьххьара оьгIазалла гIаьттира. 9) Вайне- хан гIиллакхо доьхкура стаг веллачу юкъана юьртахь ловзар дар, синкъерам вовшахтохар, герзаш кхиссар, веллачун доьзал бехачу кетIахула говрахь дIасавалар. 10) ВоггIушехь Асет Iаш йолчу керта вирзира балхара ваьлла вогIу СаьIид. 11) ХIаъ, неI чIаьгIча арахь дуьсург вуон дац. 12) Курсам, шаьш нахала девллийла а хиъна, бага еттачохь Асет а йитина, дIаяхара. 13) Цхьа хан яллалц вовшашка дист ца хуьлуш хIоьттина лаьттира и шиъ. 14) Ша цIера араволуш, Курсаме вист а ца хуьлущ, дIавахара СаьIид. (А.А.) 15) Со лаьттачу чхора (хийистехь йолу лекха меттиг) тIера дIахьаьжча, аьрру агIор бIаьрго схьа ма-лоццу йолчу арахь, ялташ чудерзийна аренаш яра гуш. (Хам. I.-Хь.)


    Упражнени № 3. Терахьдешнех а, деепричастех а хенан латта- маш а беш, предложенеш кхолла.
    1799-чу шарахь, 1877-чу шарахь, 12-чу июнехь, схьа а гулдина, дIа а яйина, шек дIа а воцуш, ца кхоьруш, вовшах а кхетта, бедарш а йиттина, цхьана дийнахь.
    Упражнени 4. Срез. Оьшучохь сацаран хьаьркаш а хIиттош, схьаязъе предложенеш. Запятойш хIитторан бакъо йийца.
    Кхуьссуш йолу тоьпаш лагIлуш туркошкара схьаяьккхира лак- хе. Да генаваллалц собар а дина ший а маьждиган майдана вахара.

    Лам чуьра охьабахкале низам Iамийна хила тарлора суьйлашна. Iакадой-эвла йилличхьана даим оцу чхар тIера дора наха мехкан а, юьртан а баланаш балхош къамелаш. Амади тIулга тIе вала ког дIабоккхушехь цхьана ондачу куьйго белш а лаьцна чуваийтира. Оцу сарахь бераша Узун-Хьаьжин мурдийн мукъамехь щаьш яь- ккхина йиш лоькхура эвла юккъехь. Iуьйранна сатоссуш Амади чувахара шен да Iаш волучу. Шемал лаьцна а валале оьрсийн пач- чахьо Веданахь тIулган гIала йилла йолийра. Батас ламаз дешшехь Амади йоккха цIе а латийна дакъийна жижиг датта хиира. Маситта шо хьалха Чергизин берийн Амадин цIийнах болучу МаIашан берийн дов даьлла хилла. Хьалха заманахь оьрсийн паччахьа Ше- малца бен тIом дIабаьлча паччахьан кIант веана хилла Веданахула Къоьзан-Iам тIе. Буьйса юккъе яххалц Амадига ладоьгIуш Iийра уьш. (Ош. Х.)


    1   ...   17   18   19   20   21   22   23   24   ...   91


    написать администратору сайта