Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени № 1. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, дIаязъе. Шакъаьстина хенан, меттиган латтамаш билгалбаха. Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIде.

  • Упражнени

  • Упражнени № 3. Муьлхачу меттехь хIотто еза запятой, пред- ложенехь цхьа латтам хилийта.

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница46 из 91
    1   ...   42   43   44   45   46   47   48   49   ...   91

    Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш



    Нохчийн маттахь дукха нисло предложенешкахь шакъаьстина хенан а, меттиган а латтамаш. Цара таро ло кIорггера хаийта маца, мичахь кхочушхуьлу дар я хилар. Меттиган латтаман дурсо шел хьалхарчу меттиган латтаман маьIна дуьззина нийса билгалдоккху. Масала: Некъана аьрру агIорхьа, даккхийчу, горгачу лаьмнашна юккъехь, тийна Iара Хойбахан Iам. (Н. С.-Хь.)

    Хенан латтаман дурсо шел хьалхарчу хенан латтаман маьIна дуьззина нийса билгалдо. Масала: Iуьйранна, сатасале хьалаик- кхина, Нихала охьахьаьдира ИбрахIим. (Н. С.-Хь.)

    Предложенехь запятойшца билгалдоху хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш, ткъа олуш, соцунгIа йо.
    Упражнени № 1. Оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, дIаязъе. Шакъаьстина хенан, меттиган латтамаш билгалбаха. Сацаран хьаьркаш хIиттор бакъонца чIагIде.


      1. ХIор Iуьйранна балха вахале хьалха ИбрахIимбек шен ден ваша волчу чувоьдура. 2) Цигахь Тифлисехь «Кавказ» цIе йолчу газетехь масех шарахь болх бира ИбрахIимбека. 3) ГIуша цигахь набахтехь цхьа нохчий хилла ма ца Iара. 4) Цара дийцира боху ГIалгIайчохь Назранна юххехь БуритIе йоьду пошта яьхьна бохуш.

    1. ХIора Iуьйранна хIума йиъначул тIаьхьа шен гIарбашца йолаяла арайолура полковникан зуда. 6) Бухахь дIо Iинан кIоргенехь чIуг етташ синкъерамечу гIовгIанца доьду цхьа тамашена цIе йолу хи – Хулхулу. 7) ГIушмазукъа коьллашна юккъехула некъана гена ца волуш охьахиира. 8) Оцу хенахь дукха хан юкъа ца юлуш гел- даганхо а Солтамурд а волучу тIулга тIехьара тIаьхьий-хьалхий шина тоьпан тата делира. (М. М.) 9) Кхуьнан даг чохь-м бацара тем оцу даг чохь цуьнан кхетамехь дарц дара. 10) Ткъа хIинца тIом дIабаьлла маьрша даьхкинчу шерашкахь таро яра даго къобалйи- начу говзаллин корматаллин хьокъехь ойла ян. 11) Цул тIаьхьа суьйранна цхьайтта сахьт даллалц шайн лаамехь бара курсанташ.

    1. Хьуьна юьстаха хин бердана шовзткъе итт метр лакхахь ша лаьтташ хиллера аьрзун бен тIехь болу лекха дитт. 13) Сатоссучу

    хенахь фашистийн кеманаша тIелатар дира, тIаккха суна хIокху аьрру пхьаьрсах а, коьртах а чевнаш йира. (Сар. Хь.) 14) Стигал цхьаммо гIум хьоькхуш къагийна хеталучу седарчех йогура къорза. ( Мус. М.)
    Упражнени 2. Латтаман дурсашна кIел сиз а хьокхуш, дIаязъе предложенеш. Барта дийца, муьлха дурсаш ду уьш: хенан я меттиган.


      1. Иза дара 1958-чу шарахь, бIаьста, Меъний чоь олучу жи- мачу юьртахь. 2) Цхьана Iуьйранна, стохка, 23-чу февралехь, нахе хIора юьртахь а дIакхайкхийна хиллера, некъаш тодан гIур ду, аьлла. 3) ДIогахь, лакхахь, хи йисттехь ю Эсила ехаш йолу тоьла.

    1. Тоьланашна хьалхха, хи уллехь, бедарш юьттуш йоллучу, кIай жима йовлакх тиллинчу цхьана зудчух бIаьрг кхийтира Халадан.

    2. ШолагIачу шарахь, бIаьсте ма елли, юха а вахара Халад Актю- бинске шен йоI схьаяло. 6) Тховса, ворхI сахьт даьлча, «Бож-Iела» спектакле хьажа барт бина яра Лайсий, Заремий. (Н. С.-Хь.) 7) Мар- хин бутт тIекхаьчча, гIурбанан баттахь, я муьлххачу а пIерасканан сарахь, цкъа цхьаммо, тIаккха вукхо роггIана чувалавора цу шиммо, шешан цIахь лоруш волу воккха стаг Дабаз.(М. I.) 8) 1930-чу ша- рахь, аьхкенан юххьехь, хIорш шозлагIчу классехь болуш, кхеран хьехархочуьнца чувелира тайначу аматахь волу лекха стаг. 9) Вайн областехь, гIали чохь, дуьххьара схьайоьллу лоьраш кхиош йолу медицински техникум. 10) Цу школе, шен 15 шо кхочуш, дуьх- хьара деша яхара Хьава, ша ханна тIаьхьайиснехь а. (С. М.) 11) ШолгIачу дийнахь, сарахь, шен дагахь дика резавоцуш, Саламбек новкъа а ваьккхина, Зеламха ша ЭгIаш-эвла боьдучу новкъа вели- ра. 12) ДIо лахахь, берда кIелдIахула, раз хьокхий а тухуш, аьчкан кIохцалан сара буьйцинера. 13) Цу берда техь, хьуьна юккхъерчу паргIатчу майданашкахь, хьийкъинчу бацалахь, махо бес-бесара кортош а лестош, хаза зезагаш лепара. 14) Цигара схьа, бIе гIулч со гена велахь а, Ведана-гIопан чоь, куьйган кераюккъехь санна, дика гора. (Мам. М.)

    Упражнени № 3. Муьлхачу меттехь хIотто еза запятой, пред- ложенехь цхьа латтам хилийта.

    1   ...   42   43   44   45   46   47   48   49   ...   91


    написать администратору сайта