Главная страница
Навигация по странице:

  • Упражнени

  • , шайн юьрта керла лор яийтина аьлла.

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница60 из 91
    1   ...   56   57   58   59   60   61   62   63   ...   91

    МаьIница йогIуш йолу тIетуху предложенеш а ялош, схьаязъе чолхе-карара предложенеш. Гайта коьрта а, тIетуху а предложенеш.


    а) …бохуш, дуьйцуш дара берриг юьртахоша.

    б) …бохуш, хабарш а дара хезаш ламанан ярташца.

    в) Нагахь санна……, тхо тIедогIучу кIирандийнахь эсашна буц яккха гIур ду.

    г) ….аьлла, хийтира суна. д) хезна суна, ….. бохуш.

    е) ………. цхьанна а ца хаьара.

      1. ДIакъастае коьртачу предложенех тIетухурш, хIитто еззачу запятойш а хIиттош.


    а) ХIун хан ю цхьанне а ца хаьара.

    б) Хьо стенга ваханера дийцахьа тхуна.

    в) И къамел дIа муха доьрзур ду хууш дацара.

    г) Цхьанна а ца хаьара шаьш муьлхачу юьрта кхаьчна.

      1. Коьртачу предложенина юккъе ялае билгалъяьккхи- начу карарчу хуттургаца тIетуху предложени, хIитто еззачу запятойш хIиттае. Билгалъяха коьрта а, тIетуху а предло- женеш.


    а) Суна, ….. бохуш, хезна.

    б) Шен накъосташна юккъехь, ….аьлла, хьахийра цо. в) Дикка къахьегча, …. аьлла, хийтира суна.

    г) Наха дуьйцучуьнга ладоьгIча, … аьлла, дагатесира суна.

    Упражнени 7. ТIетухучу предложенийн грамматически билгалонаш йовзуьйтуш, схемаш хIиттош дIаязъе кху лахара пред- ложенеш.
    ТIетухучу предложенийн грамматически билгалонаш:

    1. коьртачу предложени чохь долучу дашах я ерриг предло- жених йозу;

    2. муьлхачу хаттарна жоп ло;

    3. хIун маьIна ло?

    4. тIетухучу предложенин муьлха кеп ю;

    5. муьлхачу хуттурго я хуттурган дашо хутту коьртачух;

    6. сказуемин кеп.

    Ахьмаде хIинцца лулахочо дийцинера, шайн юьрта керла лор яийтина аьлла.

    1. Кхузахь тIетуху предложени (шайн юьрта керла лор яийтина аьлла) коьртачу предложенин дийцинера бохучу сказуемих йозу.

    2. Цо хIун? бохучу хаттарна жоп ло (хIун дийцинера?).

    3. Цо кхачаман (кхачам кхеторан) маьIна ло.

    4. Иза кхачаман тIетухучу предложенин кеп ю.

    5. Иза коьртачух дIахутту аьлла бохучу кхеторан хуттурго.

    6. Коьртачу предложенехь хьалх-яханчу хенан хандашах хилла сказуеми ду (дийцинера), иза билгалчу саттамехь ду, тIетухучу предложенехь яханчу хенан хандашах хилла цхьалхе сказуеми ду (яийтина).


    1) Со неIар тIехьа, меттах а ца волуш, лаьттара, хIун дича бакъ- ахьа дара теша бохуш. 2) Бисолтина ца хаьара, котамна туьха мел таса деза. 3) ШаIрани вела мосазза вели, корехь дижина Iуьллучу цициго ши бIаьрг схьабоьллура. 4) Сацамбина шена а ца хаьара, ша эткашна чотка масозлагIа хьокху. 5) Нана кхийтира, со шега хIун ала гIерта. 6) Нагахь санна гIо оьшуш хIума хуьлу-кх, кхоавала ца веза хьо. 7) Сацамби массарна а вевзара, дечу гIуллакхах къехкаш вац бохуш. (Дак. С.)

    1   ...   56   57   58   59   60   61   62   63   ...   91


    написать администратору сайта