Главная страница
Навигация по странице:

  • Iумха къар ца лора, шаьлта йоцуш тIам тIе муха гIур ву ша бохуш

  • Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


    Скачать 0.7 Mb.
    НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
    Дата30.04.2023
    Размер0.7 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
    ТипПрактикум
    #1099350
    страница58 из 91
    1   ...   54   55   56   57   58   59   60   61   ...   91

    Юкъара коьртаза меже билгалъе предложенешкахь. Муьлха меже ю иза?


    1. Кхузахь басарш къегина а, аьзнаш къаьсташ а дац.

    2. Буса сахиллалц йочана карзахе хьийзира, татанца догIа а дилхира.

    3. Сени чохь Iежийн хьожа йогIура, кхозура берзан, цхьогалан цIоканаш а.

    4. Доцца аьлча, дерриг дика дIадирзира, тхуна тем а хилира.
      1. Чолхе-цхьаьнакхетта ю я цхьалхе ю?


    1) ХIинца тхо картица догIуш дара, хIетте а тиладелира жима хьун яьллачу екъачу колдашкахь. 2) Стага, хьуьнхахь ша висча, я ша-шеца къамел до, я шок етта, я йиш локху, я гIожца декъа генаш кегдо. 3) Кхаххьаш юккъехь кIайн тIулг къедар, я цхьана мIаьргонехь йоккха тарх гучуер, я некъал дехьа оьпа йодур. 4) Ткъа къийгаш я кхорзуш, я кхехкош ца хуьлу. 5) Аренца тийна а, бода- не а дара. 6) Урамашкахь, цIенойн метта, оьланаш, юкъ Iуьллура, тхевнаш, кораш доцу даьгна пенаш а ирахьлаьттара.

      1. ХIара предложенеш цхьатера ю я къаьсташ ю?


    1. Иза болх бан волавелира, ткъа мало ен, цIера ойланаш дикка кхирстира цуьнан коьртехь.

    2. Аса кест-кеста йо локъамаш, ткъа пеша гонах хьийзар – суна дукхадеза гIуллакх.



      1. ХIара чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш кхидIа яхъян мегар юй цхьалхечу предложенешца?


    1. Мотт кхеташ я халкъан хила беза, амма иштта дика хила а беза.

    2. ХIордан олхазарш а тIома лела, тIемаш лестош, хIорд ме- хашца а ловзу.

    3. Хьуьнан комарш яха дахара бераш цхьаьнакхетта, амма чено ца яхийтира цаьрга уьш.

    4. Я бода бара шабарш деш бIаьстенца, я дарц дара, хьийзаш букаме кIуркIманехь.

    5. Цхьана хенахь мерз-пондар локхуш вара со, ткъа хIинца а наггахь пIелг тосу аса цунах.

    ЧОЛХЕ-КАРАРА ПРЕДЛОЖЕНЕШ



    Чолхе-карарчу предложенина юкъа йогIу предложенеш цхьаь- натуху карарчу уьйран буха тIехь карарчу хуттургашца а, хуттурган дешнашца а, ткъа иштта интонацица а. Чолхе-карара предложени лаьтта коьртачу а, тIетухучу а предложенех.

    Чолхе-карарчу предложенехь йолу цхьалхе предложенеш цхьаъ вукхунах йозушший, кхетошший хуьлу. Масала: Тхоьга хаам бира, кестта къовсадаларш хир ду аьлла. Тхуна ца хаьара, уьш тхайх хIунда ца теша. Амма цхьана лар тIехула ца лелара тхо, хIунда аьлча ша ларош-тидамбеш мостагI велахь, цуьнга кIело ца яйта. ТIетуху предложени шех йозуш а, цо кхетош а йолeчух коьрта предложени олу. ТIетухучу предложенино коьрта предложени ер- риг я цу чуьра цхьа дош кхетадо. Иза коьртачух дIахIутту карарчу хуттурго я хуттурган дашо.

    ТIетухучу предложеница хIара карара хуттургаш хуьлу: хIунда аьлча, нагахь санна (нагахь), бохуш, аьлла. Уьш предложенин меженаш ца хуьлу. Хуттургийн дешнаш–уьш юкъаметтигаллин цIерметдешнашший, куцдешнашший ду:мила,хIун,муьлха,маца, мел, стенга, мичахь, хIунда и. дIа. кх. а. Предложенехь тайп- тайпана меженаш хуьлий а лела уьш. Масала: Юха дийцира цо, ша кхуза муха кхаьчна. ТIетухучу предложени чуьра юкъаметтигаллин куцдош муха даран суьртан латтам бу.

    ТIетухучу предложенин хила еза цхьаьний коьрта ши билгало. Уьш шеца яцахь, цунах тIетуху предложени хир яц, иза цхьалхечу предложенин меже хир ю.

    1. ТIетухучу предложенин коьртачух дIахуттуш болу гIирс (ка- рара хуттург я хуттурган дош, аьлча а юкъаметтигаллин дош хилар;

    2. ТIетухучу предложенехь сказуеми хила деза муьлххачу а цхьана саттамехь (я билгалчу, я тIедожаран, я лааран).
    Элжаркъа чIогIа тешна вара, лаьтта тIехь мел хуьлу хIума (вуон а, дика а) Делера хуьлу бохучух. (А. М.)
    ТIетуху предложени хила тарло коьртачунна хьалха а, юккъехь а, тIехьа а. ТIетуху предложени коьртачух къастайо запятойца.

    Iумха къар ца лора, шаьлта йоцуш тIам тIе муха гIур ву ша бохуш. ХIокху чолхе-карарчу предложенехь тIетуху пред-

    ложени коьртачунна тIехьа лаьтташ ю. (Я. С.) Нагахь цу арахь Залубина цхьаъ хуьлу-кх, сел гIийлачу соьга цунна гIо далур дац. (С. Б.) Кху предложенехь тIетуху предложени коьртачунна хьалха лаьтташ ю.
    1   ...   54   55   56   57   58   59   60   61   ...   91


    написать администратору сайта