Главная страница

Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство


Скачать 0.7 Mb.
НазваниеНохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Дата30.04.2023
Размер0.7 Mb.
Формат файлаdocx
Имя файлаСинтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия).docx
ТипПрактикум
#1099350
страница63 из 91
1   ...   59   60   61   62   63   64   65   66   ...   91

оха.


Шу аьхка садаIа мича дохуьйтур дара-те бохуш, ойла йора


  1. и къастаман тIетуху предложени коьртачу предложени чохь

долучу цхьана дашах йозу (ойла);

  1. цо жоп ло хIун? (муьлха бохучу маьIнехь) хаттарна;

  2. цо къастаман маьIна ло;

  3. иза къастаман тIетуху предложени ю;

  4. иза коьртачух дIахоьттина карарчу хуттурго «бохуш»;

  5. коьртачу предложенехь хандешан цхьалхе сказуеми хилла

«йора» бохучу ихначу хенан хандашах, иза билгалчу саттамехь а ду, тIетухучу предложенехь сказуеми хилла йогIу йолучу хенан хандашах (дохуьйтур дара).
1) ХIокху бIаьста цIа дуьгий, тIейогIучу аьхка дуьгур дуй бохуш, наха вовшахкхет-кхеттачохь дуьйцу хабарш а мелла а лагIделлера. 2) Иштта хIинца а хир ду аьлла, дегайовхо яра цуьнан.

  1. Говрашкахь цунна тIаьхьа богIучара маьхьарий туьйхира, шайна ала луучуьнга ладогIахьара аьлла. 4) Кавказера ша вухавирзича, паргIатваккхаран кехат лур ду аьлла, дош делла. 5) Вадий маьжди- ге гIой, хьайн дега схьакхайкха аьлла, цунна омра дира воккхачу стага.(Усм. I.) 6) И базар кхин лелор яц ша аьлла, суна дош делира хьуна Маймас. (Х. I.)


ЛАТТАМИЙН ТIЕТУХУ ПРЕДЛОЖЕНЕШ



Латтамийн тIетуху предложенийн шайн башхалла ю. Уьш маьIница цхьаъ ю изза цIерш йолучу латтамашца – предложенин меженашца. Амма латтамаш цхьалхечу предложенешкахь дар- хилар гойтучу кхечу меженех бозуш хуьлу, ткъа латтамийн тIетуху предложенеш коьртачу предложенеш чохь хуьлуш долучун хан, бахьана, Iалашо, сурт, бехкам гайтарца цхьаьна, шайна чохь коьрта меженаш (я меже), дозаран гIирс болуш а ю. Латтамийн тIетуху предложенеш екъало хIокху тайпанашка:

Хенан тI. предл.

Даран суьртан тIетуху предложени

Бахьанин тIетуху предложени

Iалашонан тIетуху предложени
Бехкаман тIетуху предложени

Маца? мича хенахь? хаттаршна жоп ло. Коьртачарах хоттало мел, мосазза, бохучу хуттурган дешнашца
Коьртачу предложенин сказуемих йозуш хуь- лу: жоп ло муха? мича кепара? хаттаршна.

Коьртачарах дIахутту бо- хуш, аьлла хуттургаша.
Коьртачу предложенин сказуемих йозуш хуьлу: жоп ло хIунда? мича бахьанина? хIун бахьа- на долуш? Коьртачарах дIахутту хIунда, аьлча, бохуш, аьлла хуттурга- ша.

Жоп ло стенна? хIун Iалашо йолуш? мича Iалашонца хаттаршна. Коьртачарах дIахутту бо- хуш, аьлла хуттург.

Коьртачух дIахутту на- гахь я нагахь санна боху- чу карарчу хуттурго.

Дийнна раьгIнаш хIуьттура, Iаьржачу хIордо букъ мосазза саттабо...

Халкъан барт мел чIагIло, цуь- нан цхьаалла йохалур яц.
ЖIаьлин гуй а цIеста ду бохуш, дуьйцу захало.
Iаха бердах вахана хIаллакьхилар, Iабди-Хьаьжа цхьа къайле йолуш ву аьлла, тидира наха.
Iайшат кест-кеста юьрта йоьду, хIунда аьлча цигахь Iаш цуьнан гергара нах бу.
Тхан нанас со чохь сецайо, сих- сиха кетIа йийлар гIиллакхехь дац бохуш.


Шовданна юххех тIехволуш са- цавелира со, жимма са а доIур, шийла хи а мер аьлла.

Пхьоьханехь лаьттачу нахе вистхир ша аьлла, царна тIевахара Майрбек.


Нагахь санна тахана ахьа харц- дерг дуьйцу-кх, кхана цхьа а тешар вац хьох.

Нагахь хьо ца вогIу-кх хьайн халкъаца, хаалахь, декъазниг,

хьо цхьалха вуй.



1   ...   59   60   61   62   63   64   65   66   ...   91


написать администратору сайта