Синтаксис ЭДИЛОВ С.Э. (копия) (копия). Нохчийн пачхьалкхан дешаран, iилманан министерство
Скачать 0.7 Mb.
|
АвтобиографиСо, Эдилов Салауди Элимирзаевич, вина I951-чу шарахь Ка- лининское цIе йолучу юьртахь, Киргизехь. Доьзал шен Даймахка цIабирзиначул тIаьхьа дешна Махкат1ерчу юккъерчу школехь. Иза чекхъяьккхиначул тIаьхьа дешна Нохч-ГалгIайн пачхьалкхан университетехь филологин факультетехь. Дешна ваьллачул тIаьхьа къахьегна школехь, хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институ- техь. Карарчу хенахь дешар кхиоран институтехь болх беш ву со. Книгаш язъян волавелла 1980-чу шарахь дуьйна. Сан уллора гергара нах: Да – Элснакъин Элмирза, ахархо, вехаш-Iаш ву… Нана – Папалова Маймунт, цIийннана, ехаш-Iаш ю… Терахь Куьг яздар Упражнени № 15. ДIаеша биографин текст, юста иза лакхахь йолучуьнца. Къастае церан башхаллаш. Ден цIе Эламирза ю, ненах Маймунт а олура. Дуьненчу валар ДегIастанна генахь, Калининское цIе йолучу гIиргIазийн махкахь хилла – шовзткъе цхьайтталгIа, ткъолгIачу бIешеран. Бутт август бара, олура тхан нанас, де цунна дицделлера, тIаьххьара кIира дуйла а хууш. Мотт лен Нохчийчохь ваьлла, юьртан цIе башха а яц. Книгаш язъяр хьехархоша дайтира, царна оьшург яла лаам бара соьгахь. Къоьллин чам а бевзина, сутаралла а ца езнера, я цхьаннах хьегна а вац. Уггар а коьрта бакъдерг дийцар лору, ирс хIун ду а ца кхиъна. Даим къахьегна а, пачхьалкхана ваца дезна а ву. Сайна хетарг ала а гIиртина, цхьанна а дала хьекъал а дац. Хьехархошна а, дешархошна а книгаш язйо бохуш, къоламаш хьекхна. ХIинца а царна тIехь воллуш а ву, валлалц иштта вуьссур а ву. (Эдилов Салауди (Эласнакъин Элмирзин кIант Салауди). Упражнени № 16. Доклад язъе хIокху темина «Мотт хийцалуш буй?» Язъечу хенахь ойлаяран кху структурина тIетовжа: тезис билгалъяккхар, делил далор, жамI. Упражнени № 17. ХIокху текстан ледара агIонаш бьилгалъе. Уьш тидаме а оьцуш, шайн текст язъе. ЦIердош – иза мила? хIун? хаттаршна жоп луш долу къамелан дакъа ду. ЦIердешнаш юкъара хуьлу, масала: гIант, дитт. Долахь а хуьлу: Ахьмад, Гуди, Терк. Адамаш билгалдечу цIердешнашна мила? боху хаттар хIоттадо. Вукху цIердешнашна хIун? боху хаттар хIоттадо. Ала деза, цIердешнаш дожаршца а, терахьашца а хийцало. ЦIердешнийн грамматически классийн категори ю. Цхьадолу цIердешнаш юкъарчу классехь лела, масала: лор. Предложенехь цIердешнаш подлежащи хуьлий лела дукха- хьолахь. Упражнени № 18. Текст талла, билгалъе цуьнан дика а, ледара а агIонаш. Къастаде, муьлхачу стилехь ю иза. Гадаев Мохьмад поэт санна суна башха ца веза, бакъду, со кхета Гадаев исбаьхьа, похIма долуш поэт хиларх; иштта поэташ вайн литературехь дукха а бац. ХIетте а цуьнан стихаш ца ешало соьга, ца ешало цхьажимма айса ойла ен дела, ма воккха, говза поэт ву иза, со цуьнан произведенеш йоьшуш ву-кх бохуш. Ткъа проза дукха яцахь а, амма дика язйина а, дагах кхеташ а ю. Иза йоьшучу хенахь суна дицло цуьнан автор мила ву, чулацамна чувулу дела. Цуьнан прозех суна дика хетарг повесть «Гуржи» ю. Сан дагна таме ду цо цу тIехь гайтина жIаьлин башха амалш, куц-кеп, цуьнан леларш. Заманан йохаллехь сан Гадаевга болу хьежам хийцабала а тарло, амма тахана иза суна гена а, герга а ву, иштта кхеташ а, кхеташ воцу а. («Сан Гадаев». 11-чу классан дешархочун къамел.) |