поурочный план. Фонд оценочных средств для промежуточной аттестации обучающихся по учебному предмету Литературное чтение на родном (чеченском) языке
Скачать 69.66 Kb.
|
Приложение № 3 к ООП НОО Фонд оценочных средств для промежуточной аттестации обучающихся по учебному предмету «Литературное чтение на родном (чеченском) языке» (типовой вариант) (2-4 классы) Обязательная часть учебного плана. Предметная область: Родной язык и литературное чтение на родном языке «Нохчийн литература» дешаран низамехула мах хадоран г1ирсийн фонд. 2 класс. Хьалхарчу чийрикан жам1даран талламан болх. 2 класс. Харжа нийса жоп: 1.Х1ун ю ненан когашкахь? Мачаш пазаташ ялсамани калош 2.Х1ун ала деза х1ума яале? Бисмиллах1и ррохьманирохьим Алхьамдулиллах1и раббил 1аламийн. 3.Къола дича муьлха меже йоккху бусалба динехь ког корта куьг церг 4.Мила ву харцлийна барзо виънарг? тракторист комбайнер таксист 1у 5. « Йовза произведени» Пайхмара аьллачунна тидам бича ,вайна кара до ден, ненан сий дан, дог эца , лара , вай декхарийлахь хилар, къаьсттина ненан ________________________________________________________________ Хиш сов шорта кхоьллина вай далла. Хи ца хилча, вай а хир дацара. ________________________________________________________________ Цхьана юьртахь жа дажош 1у хилла. И 1у харцле 1емина хилла. _________________ 5. « Вовшах таса кица» Дешар серло….. Харц луьйчу стеган ….. Сихалло са даьккхина… Шолг1ачу чийрикан жам1даран талламан болх. 2 класс. «Хьенан дешнаш ду «Муьлхха а болх оьшуш бу» дийцар т1ехь х1ара дешнаш хьан элира? «Х1ара детсад тхан ю» _______________ «Маликат» стихотворении т1ехь х1ара дешнаш хьан элира? «Могуш дуй шу? Мацделлий?Дохделлий шу?___________________ «Пхьола» дийцар т1ехь х1ара дешнашхьанэлира? -И бохург х1ун ду? Куьйгаш доцуш ваци вайша. _________________________ «Ши накъост» дийцар т1ехь х1ара дешнаш хьан элира? -Хьо чуьра мозий ара а лоьхкуш ,вижна 1уьллучу хенахь со дуккха а идда.________________________________ «Цхьана меттехь ца соцу мало» дийцар т1ехь х1ара дешнаш хьан элира? Ца гина дециниг. Со жима йолуш дуьйна сох лечкъаш ю иза. _____________ 2.Чакхдаккха дош Вай 1амийна произведенеш, аша т1етоха т1аьххьара дош. Мусас пенаш нийса доьтти Цхьа маь1иг ца яьлла….____________ Хьалхахьоьжуш Елакъежаш, Буьхьигсанна,…._____________________ Кемаас а 1амор ду, Кеманна т1ехь Со …___________ Вуно говза ….______________ 3. Вовза яздархо. Ц1ен ши когбу, Пийсаксанна Нека дан ю Ч1ог1а говза ____________________________ ….Некъ, цасоцуш Д1асахьийзаш, Ломах хьала г1ерташ бу. Гена йоццуш, Б1аьргашна гуш, Йоккха вагон лаьтташ _________________ Мусас пенашнийсадоьтти Цхьа маь1иг а ца яьлла сов. Т1еш, сторпалш цо говза хоьтту Цо ша туьллуш бу и тхов. __________________________ Кхоалг1ачу чийрикан жам1даран талламан болх. 2 класс. 1.«Йовза стихотворени» Б1аьсте йог1у, комол санна, Идош дуьзна ,буьрсахиш Хийла дукха сатийсарна Сан лаьмнашкакхечиирс __________________________ Ло дудешаш, 1овраш уьдуш, Меллаабовхахьожумалх Хиш а дог1у буьрсадестий Текхошйохьушгоьргийнчалх____________________ -Доьхушдоьду 1а-и десте- Воккхададасолутхан Йоьлуш йог1у нана-б1аьсте, Олхазаршдууьдуш ц1а_____________________________ 2. «Йовза произведени» Б1аьсте еха лаьттира схаьа ца еллалуш. Т1аьххьарчу к1иранашкахь декхна шийла деношлаьттара. Г1орийна латта дийнахь дасталора ,ткъа буса ворх1 градусе кхаччалц шело х1уттура.________________ 1а даккха бовхачу мехкашка д1адаханчуьра юха кхочу тайп- тайпана олхазарш. Уггар хьалха гучу йовлу алкханчаш. Баннаш деш, хьозарчаша д1алецна шайн баннаш схьадохуш, хуьлу уьш._________________ Ткъа уьш кхузахь, шайна лулахь, совцар ца дезаделира мокхачу хьозарчашна.___________________________ Хи деста доладелла . Когаш бен ца т1адош ,едда г1айре юккъе яханаиза: цигахь х1инца а екъа яра.______________________________ Синтар дог1а кечйина меттиг нехех,бецех ц1анйина хила еза. Синтарш б1аьста я гурахь д1адог1а деза._____________________ Цу дийнахь детсадера ц1а веанчу Павлика мамига элира:________________ 3. «Вовза яздархо» Ткъа вайн бераш ,ирсе бераш- Бай т1ехь техка зезагаш. Цара лекхча зевне эшарш Б1аьста дека олхазарш. ________________________ Алал, муьлха олхазарш ду, Б1аьстенца схьадог1уш дерг Хаац,боху, дуьйцур хьуна Цунах сайна хууш дерг. ____________________ Со а вуьгу цига дадас Ахка,1алашъян и беш, 1амаво со дитташ кхада, Соьца цхьаьна болх а беш. _________ Йоьалг1ачу чийрикан лерина жам1даран талламан болх «Йовза произведени». 2 класс. Муьлхачу стихотворени юкъара бу хIара могIанаш: К1ета йоьсси йоьза гуьйре Бешахь месал мотт билла А) М.Мамакаев «Гуьйре». Б) Э. Мамакаев«Гуьйренан 1уьйре». В) 1. Мамакаев «Дагалецамаш». Хьан язйина хIара дешнаш юкъадогIу стихотворени: Маликате школехь хоьтту: -Дика муха доьшу ахь А) З. Сулейманова Б) М.Мамакаев В) М.Жамалдин Г) Ш.Акуев Хьан яздина «Чен к1орнеш лийчор» А) Хь. Саракаев. Б) В. Бианки Г) 1. Мамакаев 4.Цхьана тоха произведенийн цIераш а, авторан цIераш а. 1. К1ентий. 1. Э.Мамакаев 2. Гуьйренан1уьйре 2. В. Осеева 3. Нура. 3. Т. Ахмадова. Хьан аьлла дешнаш. Барзах а ца кхоьру ,цхьогалах а, ченах а- цхьаннах ца кхоьру. ___________________ 1а шийла ду, цхьа а тайпа кхалла х1ума а ца карайо.Мац а елла , г1ел а елла.Х1ун дича бакъахьа дара-техьа аьлла, хаттаеанер-кх со ,аьлла къамел долийра _______________________ Со-м , тоххарехь схьа а кхаьчна, хьоьга хьожуш 1аш ма ю , хьо-м яда мацало.__________________________________ Вовшах таса кица. Аьхка 1иллинарг _____________________________ Б1аьста д1адийнарг____________________________ Ала атта ду____________________________ Вижна а 1уьллуш______________________- «Нохчийн мотт» дешаран низамехула мах хадоран г1ирсийн фонд. 3 класс. 1.Хьалхарчу чийрикан жам1даран талламан болх «Эхь-бехк». 3 класс. Эхь-бехк. 1. Д1аеша текст. Нинас урокашна кечам ца бинера. Цо школе ца яха сацам бира. Амма шена бевзачарна, ша белхан хенахь книжкашца ца гайта, Нина лечкъина боьлаке яхара. Шен марта чохь долу т1оьрмиг а, книжкаш а коьллашна юккъе д1а а ехкина, иза хазачу поллана т1аьхьаелира. Цигахь иза т1енисъелира цхьана жимачу к1антана, шега дикачу, тешамечу б1аьргашца хьоьжуш волчу. Цуьнан карахь тетрадь юккъе диллина аббат а гина, Нинас цуьнца забар ян сацам бира. - Х1ей, ваьлла леларг! – ч1огг1а элира цо. Жима волуш дуьйна да-нана а, школернаш а 1ехош ву хьо? - Х1ан-х1а! – жоп делира цецваьллачу к1анта. - Со школе воьдуш вара. Кхузахь хьуьнахула лелаш цхьа доккха ж1аьла ду. Иза летира. Со, цунах кхера а велла, тилавелира. Нина кхоьлина д1ах1оьттира. Амма жима к1ант, дагахь х1ума а доцуш, дог дика вара. Нинин дийзира, иза куьг а лаьцна, боьлакахула новкъа ваккха. Ткъа Нинин книжкаш коьллашна юккъехь йисира, х1унда аьлча жимачу к1антана а гуш, уьш схьаэца цунна эхь хийтира. Гаьннаш т1ехьара схьаиккхинчу ж1аьло, книжкаш 1адда а йитина, марта диира. Юхайирзина Нина, охьа а хиъна, доггаха йилхира. Х1ан-х1а! Цунна новкъа дацара марта даар. Амма цуьнан коьрта т1ехула хаза эшарш лоькхура синкъерамечу олхазарша. Нина ч1ог1а холчохь яра, цунна 1аламат ч1ог1а эхь хеттера. ( 177 дош) 2. Билгалъяккха х1ун текст ю иза: а)Дийцаран б)Сурт х1отторан в)Ойлаяран 3. Яздархочо школехь йоккхург х1ун хан лору: а) Белхан хан б) Самукъане хан в) Садо1у хан 4. Х1унда ца яхара Нина школе? Текст юккъера схьалаха оцу хаттарна жоп луш йолу предложении. Д1аязъе ____________________________________________________________________ 5. Х1ора билгалдашна маь1ница дог1у ц1ердош лаха. а) Жима – б) Доккха – в) хаза – 6. Чекхъяха предложенеш: 1. Кхузахь хьуьнахула лелаш цхьа _____________________________________________________________________ 2. Марта даар цунна ____________________________________________________________________ 7. Схьаязъе текста юкъара хаттаран предложени _____________________________________________________________________ 2.Шолг1ачу чийрикан жам1даран талламан болх «Йоккха стаг». 4 класс. 1.Д1аеша текст. Йоккха стаг. Урам новкъахула доьдуш дара к1ант а, йо1 а.Цу шина хьалха яьлла йоьдуш йоккха стаг яра.Урамехь ,ша хьаьхна шера яра.Йоккха стаг, ког а шершина, охьакхийтийра . Д1алаца сан книжкаш !- аьлла , мохь туьйхира к1анта йо1е. Шен т1оьрмаг йо1е д1абелира цо. Т1аккха иза ведда йоккачу стагана г1о дан вахара. К1ант вухавеъча,йо1а хаьттира. __Хьан денана ю иза? -Яц,-элира к1анта . -Хьан нана ю?_тамаша бира йо1а. -Яц. -Дейиша ю? Я гергара ю? -Яц, яц,-элира к1анта. –Иштта д1а йоккха стаг ю. Текстан коьрта маь1ана билгалде. Билгалъяккха ,х1ун текст ю иза. Нийса жоп билгалде. --Дийцаран --Сурт х1отторан --Ойлаяран 4.Дийцаран коьрта турпалхо мила ву? Текст т1ера схьаязъе. 5.Д1аязбе къамелан декъашхой. ______________________________________________________ 6.Текст юккъера схьа а лахий , чекхъяха предложени. Ураман новкъахула________________________________ 7. Т1адамийн метта-элпаш дахка.Билгалъяха коьрта меженаш. Йо..кха стаг, ког а шерш…на ,охьакхи..тира . 3.Кхоалг1ачу чийрикан жам1даран талламан болх «Бен». 4 класс. 1.Д1аеша текст. Бен. Б1аьсте чекх а яьлла, аьхке юлуш хан яра. Дочу - Борзана юххерчутог1ехьуьшал чуьра къаж хьокхуш вара 1усман. Кхо мангал д1атуххушехь, кхунна хьалхара цхьа-ши метр генарчу къожа юккъера, чехка т1емаш а детташ, цхьа олхазар хьалаиккхира. Иза яра бад. Къожа юккъехь бара бедан бен. Оцу говза бинчу бенахь 1уьллура барх1 мокха- къорза х1оа. Иштта сурт шена гича, 1усмана, кхид1а ца хьокхуш, мангал сацийра. Мангалхочо шен « ц1ен – ц1а» ца дохадойла хиъча, бедо шен болх юха а д1аболийра. Цул т1аьхьа цхьа к1ира даьлла хир дара.Дукха 1уьйранна хьуьнах воьдуш вара 1усман оцу уьшалшна юххехула. Д1ахьаьжначу цунна гира уьшалхула лелаш бад, т1аьхьах1оьттина мог1а бина дог1уш барх1 к1орни а долуш.Уьш кегий а, мокха а дара. - Могуш-маьрша кхуьийла шу, - аьлла, шен г1уллакхе д1авахара 1усман. (114 дош) ( Хасаев Хьасан) 2. Текстан маь1на билгалде _______________________________________________________ 3. Билгалъяккха, х1ун текст ю иза. Нийса жоп билгалде. - Дийцаран - Сурт х1отторан - Ойлаяран 4. Билгалъяккха планан пунктийн рог1алла. Аьхке юлу хан Нана-доьзал Бедан бен карор 5.Дийцаран коьрта турпалхо мила ву? Хьуьнхо Таллархо Мангалхо 6.Схемица дог1у дешнаш схьаязде : машенаш, мангалхо, д1авахара. ____________________________________ _____________________________________ 7. Маса к1орни дара бедана т1аьхьах1оьттина дог1уш? 4 6 8 Жам1даран талламан болх «Бохам». Бохам. Д1аеша текст. Аьхкенан уггар довха де дара. Органан бердана генахь йоцчу цхьана коьллаш юккъера инзаре ч1ог1ачу маьхьаршца пхьидаш екаш хезира. Иза дийнан делкъехь дара. Оцу балхах тхойша цецвелира. Цхьа бохам ца хилча, пхьидаш ека хан яцара х1ара. Х1ун ду-техьа х1ара аьлла, пхьидийн аьзнаш хезачу аг1ор т1евахара тхойша. Схьагуш дерг иштта сурт дара: гуш жима ор дара, башха к1орга доцчу цу чохь хатт бара, кхехкаш долу худар санна, сийса а сийсаш. Дикка хьаьжча, и сийсош дерш пхьидийн сесий хилар гучуделира. Х1оьттинчу йокъано ор чуьра д1адаьккхинера хи, иза доцуш х1аллакьхуьлуш лаьттара сесий. Х1ара г1уллакх иштта дита мегар дац аьлла, генадоццуш доьдучу татол т1ера схьа пхьидийн ор чу хи даийта харш дакха х1оьттира Султан. Ор чу хи деара, иза сихха хьала а дузуш. Сесий сихонца хи чухула лела дуьйладелира. Уьш х1аллакьхиларх хьалхадевлира. (Хь. Хасаев) 2. Х1окху текстан тема билгалъе. Д1аяъе иза. __________________________________________________________________ 3.Билгаъяккха, х1ун текст ю иза. Нийса жоп билгалде. - Дийцаран - Сурт х1отторан - Ойлаяран 4.Т1адамийн метта элпаш дахка. Билгалъяха коьрта меженаш. Сес..й сих..нца хи чухула лела дуь..лад..лира. 5.Текст юккъера схьа а лахий, чекхъяккха предложении. Ор чу хи деара, иза_______________________________________ 6.Шина бог1амалгахь долу дешнаш х1уманан ц1е цуьнан билгалонца х1отта. Довха малхо Бовхачу ор Жима де 7.Т1адамийн метта элпаш дахка. Билгалдаха предложенин дозанаш. Органа го а б..на 1ачу пхь..даша ч1ог1а г1ов ..а йора тхойша т1ев..ача, уьш мет..ах а ца ..влира шайн к1орн..шна дан г1о доцуш, белх..м беш яра уьш. «Нохчийн мотт» дешаран низамехула мах хадоран г1ирсийн фонд. 4 класс. Хьалхарчу чийрикан жам1даран талламан болх. 4 класс. ДIаеша текст Къонах хьанах олу? Мацах, ша вехачу юьртахь а, боллучу махкахь а дика цIе йоккхуш цхьа къонах хилла. Цуьнан « къонах» аьлла цIе дIа хIунда яхана талла дагадеъна цхьана сонтачу стагана: - Хьох хIундда алахь а, наха « къонах» олу. Хьо сол а тIех къонах велахь, соьца ницкъ а, майралла а къовса еза ахь. - Ой, ахь хIун дуьйцу, ницкъ хьан сайчул а сов хилар гуш ду, ткъа майралла ас хьуна дIало. Вало чу, чай мер ду вайшимма, - аьлла, и сонта стаг чу а вигна, хьаша а вина, лелийна оцу къонахчо. ШолагIчу дийнахь сонтаниг ца воьдуш, цуьнан таьлсаш чу кхунна аьлла бийна хиллачу уьстагIан гIогI а диллина цо. Юха а ца кхеташ, сонтачо хаьттира: - Ванах ницкъ а бац хьоьгахь, сол майра а вац хьо, ткъа хьох наха дика къонах хIунда олу техьа? - Хьажал хьо, иштта хьо цецвийллал доккха хIума а дац хуьна иза-м, ойла йе ахьа: ас хьо чувеъча, хаза хабар дитйцирий хьоьга, даа-мала а хIоттийрий хьуна?. ХIинца, хьо цIа воьдуш, тоьлсаш чу жижиг а диллиний хьуна? Сох хьайна оццул пайда баьлла хилча, хьан хIун дов, со дика къонах ву аьлча? – жоп делла дикачу къонахчо. П. Хатуева. 1. ХIун талла дагадеанера сонтачу стагана? Буха сийна сиз хьакха. 2. ХIун элира цо къонахчуьнга? Буха можа сиз хьакха. 3. Муха гучудолу стеган къонахалла? ( Шайна хетарг дIаязде.) ______________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________________ Шолг1ачу чийрикан жам1даран талламан болх. 4 класс. Ахмадов Муса «Нохчийн хиш» 1.Стихотворени т1ехь хьахийна доцу вайн мехкан кхин муьлха хиш девза шуна? Д1аязде уьш _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ 2.Книга т1ера Терк-хих лаьцна болу хаамаш схьаязбе. Язде цунах лаций. _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ 3.Шу дехачу меттехь муьлха хи ду? Довзийта иза вайн махкахошна а. ________________________________________________________________ ________________________________________________________________ ________________________________________________________________ ________________________________________________________________ 4.Вайн махкахь долчу цхьана хин ц1арх ю вайн мехкан шахьар а.Муьлха хи ду иза? ________________________________________________________________ ________________________________________________________________ 5.Вайн мехкан уггар деха а,уггар чехка а хи муьлханиг ду?Муьлхачу ярташна юххехула чекхдолу иза?Т1аьххьара а х1ун хуьлу цунах?Язде цунах лаций. ________________________________________________________________ ________________________________________________________________ ________________________________________________________________ 3. Кхоалг1ачу чийрикан жам1даран талламан болх. 4 класс. Туьйра « Хьекъалдолу йо1 а, кхелахо а». 1.Туьйранан турпалхой муьлш бу? Кхарах муьлха амалш билгалйовлу цара дечу г1уллакхашкахь: къинхетам, догдикалла, харцо, ямартло, тешнабехк,тешам, ларам,хьанал хилар,сонталла,хьекъал?Д1аязъе уьш. _______________________________________________________________ _______________________________________________________________ 2.Хьайн накъостаца йийцаре е царах хьайна дика хетарш. 3.Дуста вовшашца «Къоьллел хьекъал тоьлла», «Хьекъалдолу йо1 а,кхелахо а» ц1ерш йолу туьйранаш. Дустаран жам1аш таблици чу язде.
Муьлха ду кху туьйранан коьрта маь1на? Д1аязде. __________________________________________________________________ __________________________________________________________________ 4. Доьалг1ачу чийрикан жам1даран талламан болх. 4 класс. Берсанов Хож-Ахьмад «Жима Зарет» 1.Дийцар т1ехь муьлха дешнаш хета хьуна коьрта? Схьаязде уьш. _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ 2.Язде, хьуна хетарахь, х1ун дара Хьусайне хи чу йоьдучуьра Зарет хьалаяккхийтинарг? 3.Хьан дахарехь нисъеллий иштта меттигаш? Хьайн дийцар кхоллий, д1аязъе цуьнан план. Ц1е тилла цунна. _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ 4.Йоцца отзыв х1оттае х1окху дийцарна. Планах пайда эца.( Къамел кхиорна лерина белхан тетрадах пайдаэца) _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ (Автор, произведенин ц1е) Х1ара произведени________________________________________________ _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ _________________________________________________________________ (Язде,хьанах лаьцна дуьйцу кху произведенехь) Хьайна хетарг ала. -Суна хетарехь,сан доттаг1аша а х1ара произведени еша еза. -Суна ца лаьа х1ара произведени сан доттаг1аша йоьшийла. Дийца, х1унда хета хьуна иза иштта. _________________________________________________________________ ___________________________________________________ ___________________________________________________ ___________________________________________________ ___________________________________________________ ___________________________________________________ ___________________________________________________ I-IV классийн дешархойн ненан маттах долчу хаарийн х1итточу оценкийн барамаш I-IV классийн дсшархойн мах хадорехь хьехархочо куьйгалла оьцу кху некъех: Талламан белхана лерина 40 минот. Х1ора т1едилларна 2 балл ло. Т1едилларийн мах хадорехь куьйгалла оьцу кху некъех: «5» дуьллу, массо а т1едиллар нийса кхочушдинехь; «4» дуьллу, т1едилларийн ¾ дакъа нийса динехь; «3» дуьллу, болх ах я цул сов нийса бинехь; «2» дуьллу, болх эханал к1езиг бинехь я т1едиллар кхочуш ца динехь. |