Главная страница

Критерии оценивания по чеченскому языку. Критерии оценивания по чеч яз. Мах хадоран г1ирсийн фонд. Мхг1Ф


Скачать 0.49 Mb.
НазваниеМах хадоран г1ирсийн фонд. Мхг1Ф
АнкорКритерии оценивания по чеченскому языку
Дата05.02.2023
Размер0.49 Mb.
Формат файлаdocx
Имя файлаКритерии оценивания по чеч яз.docx
ТипДокументы
#921254
страница2 из 5
1   2   3   4   5



Хаарш талларан болх №1.

А.

1. Караде ши аз билгалдеш долу мукъа элпаш.
1) аь, оь, уь

2) а, о, у

3) я, ю, е

4) и, э, ы

2. Муьлхачу элпашна т1ехьа деха хезаш хилахь, й яздо?
1) а, аь, э

2) у, е, я

3) о, оь, ы

4) и, уь, юь

3.Билгалдаккха суффиксан г1оьнца кхолладелла дош.

1) 1алам

2) хазалла

3) гуьйре

4) дог1а

4. Схьалаха нийса дешдакъошка декъна дош.

1) э-са

2) хаз-ал-ла

3) буь-йса

4) йок-кха

5. Къастаде чолхе дешнаш.

1) х1усам

3) жа1у

2) хьехархо

4) жималла
6. Муьлха къамелан дакъош ду к1ел сиз хьаькна

долу дешнаш? Генарчуломан тарха т1ехь кхозура йоккха, к1айн марха.

1.) ц1ердешнаш

2.) билгалдешнаш

3.) хандешнаш

4.) ц1ерметдешнаш

7. Караде г1алат.

1) дог1аьржа

3) шокьеттарг

2) хьагъяла

4) хазъелла

8. Муьлхачу дешан чаккхенаш нийса яц.

1) ненан дог

3) йишас хотту

2) лулахочун елира

4) деца вахара

9. Х1орш ц1ерметдешнаш ду:

1) бер, адам, да

2) беран, адаман, ден

3) цхьаъ, б1е, эзар

4) со, хьо, уьш

10. Х1орш терахьдешнаш ду:

1) бер, адам, да

2) беран, адаман, ден

3) цхьаъ, б1е, эзар

4) со, хьо, уьш
Б.

1. Хазачу меттехь 1уьллуш ю Сиржа-Эвла. 2. Шина а аг1ор лекха лаьмнаш ду.3.Ткъа бошмаша юкъйина эвла, церан когашкахь, лаха чохь 1уьллу. 4.Маь1-маь11ехь бухдуьйлу кегий шийла шовданаш. 5.Геннара б1аьрг кхетча, лаьмнашна т1ехь йолу хьун ца къаьста, и бацо хьулйинчух тера хета.6.Ткъа герга мел кхочу, гучудовлу лекха дитташ, царна юкъахь лоха кондарш. …

7.Самукъане меттиг ю хьун а, лаьмнаш а!

1. Х1ара х1ун текст ю?

1.) текст-дийцар

2.) текст-суртх1оттор

3.) текст-ойлаяр
2. Билгалъе текстан тема а, коьрта ойла а. Текстана ц1е тилла.
Жоп. .

3.Билгалъяха цхьанатайпанарчу меженашца йолу предложенеш.
Жоп. .


4. Схьалаха 2-чу предложенера коьрта меженаш.
Жоп. .


5. Билгалъяха долахь ц1ердешнаш долу предложенеш.
Жоп. .
Талламан диктант №2.

Бекъа.

Дешаран шо чекхделира. Т1екхечира аьхкенан каникулаш. Хьуьсен Идрис волчу бригаде балха вахара. Сатоссуш хьала а г1оттий, бекъа 1амо волалора иза. «Казбек, схьало ког! Казбек, гора х1отта!»-бохуш 1амайора Хьуьсена иза. Инзаре дара Хьуьсен дуьххьара цунна т1ехууш. Бекъо охьатоьхна лазорна кхоьруш, наха т1ехаа ца вуьтура иза.

Бекъан амал дика евзара цунна. Дуьрстанан гаьллаш бага а йоьхкина, бекъа керта юххе а оьзна, т1ехиира Хьуьсен. Казбек т1ехьарчу когаш т1е ира а х1уьттуш, готийсаелира. Вехха идийра цо иза, амма Хьуьсен ч1ог1а 1ара говрахь. Дика хаьара цунна говраца шен дег1 лело….

(85дош. Х.-А.Берсанов. «Вайн махкара акхарой а, олхазарш а.)
Т1едиллар. Билгалъяха предложенийн коьрта меженаш.

1вариант.

1-ра абзац

2вариант.

2-г1а абзац.


Эхашеран талламан диктант №3

1аьнан оьг1азло.

1аьнна дагадеара массо а садолу х1ума шелонца кхеро. Цкъа хьалха олхазаршна т1едирзира иза. Олхазарш бовхачу махка д1адахара. 1адаккха дисинарш шайна ижу лоьхуш кхерстара.

Т1аккха акхарошна т1едирзира 1а. Аренашка а, хьаннашка а шортта ло диллира, ч1ог1а шело х1оьттира. Акхарой кхера ца елира. Цхьайолчеран йовха кетарш яра, вуьш лаьттах 1уьргаш а даьхна, д1алевчкъира.

Ч1ог1а оьг1аздахара 1а.

Шелоно татолашна а, 1аьмнашна а т1еш техкира. Цо царна ша бира. Ч1ерий хи буха дахара. Ша биначу хи к1ел шийла яцара.

Берийн ч1ог1а самукъаделира. Цара салазаш хохку, лайн мижаргех ловзу, лайн баба йо. (87дош. Туьйра.)
Т1едиллар. Синтаксически таллам бе.

1-ра вариант

Олхазарш бовхачу махка д1адахара.

2-г1а вариант

Шелоно татолашна а, 1аьмнашна а т1еш техкира.

Талламан диктант №4.

1а.

1а 1аламехь уггар шийла хан ю. Муха хуур ду, 1а доьлча?

Халкъо олуш ду: «Малх ц1а кхаьчча, 1а дулу». Иза нийса ду. Де уггар дацделла хан хуьлу иза. Цул т1аьхьа дог1у масех де кхин хийца ца луш лаьтта. И денош д1адевлча, де дахдала долало. 1аьнан уггар шийла цхьа мур хуьлу. Цунах чилла олу. Чилла юлу 1а доьлла ткъа де д1адаьлча. Иза шовзткъа дийнахь-бусий лаьтта.

Чиллахь, г1айба санна, т1е ло а диллина, массо генаш лаьтта х1уьттуш букардахна хуьлу дитташ, коьллаш. 1аьнан хьун, хьежа ца к1ордош, исбаьхьа хаза хуьлу. Х1аваъ ц1ена саде1а атта долуш. (94 дош. Хь.Хасаев. «1аьнан чиллахь.»)

Т1едахкарш.

1.) Деха аз билгалдо элпаш шайца долчу дешнашна буха сиз хьакха.

2.) Фонетически таллам бе:

1-ра вариант

Дацделла, де.

2-г1а вариант

Д1адевлча, ло.


Талламан диктант №5.
1. Билгалдаха т1еэцна дешнаш.

1) нана, да, ваша маь1на

2) ламаз, марха, аят

3) де, бутт, шо

2. Къастаде тардина маь1нехь долу дешнаш.

1) дашо з1е, т1улган некъ

2) стеган б1аьргаш, берийн куьйгаш

3) коран б1аьргаш, дашо куьйгаш

3. Алар, яздар тайп-тайпана а долуш, гергара я цхьатера маь1на долчу дешнех

1) омонимаш олу

2) антонимаш олу

3) синонимаш олу

4. Маь1на тайп-тайпана а долуш, алар. яздар цхьатера долчу дешнех

1) антонимаш олу

2) омонимаш олу

3) синонимаш олу
5. Маь1наш дуьхь-дуьхьал долчу дешнех
1) антонимаш олу

2) омонимаш олу

3) синонимаш олу

6. Меттан дерриг дешнех … олу.

1) фонетика

2) синтаксис

3) лексика

7. Х1ара дешнийн цхьаьнакхетарш фразеологизмаш ю

1) корта бетта, маттана шера

2) корта лозу, нохчийн мотт

3) хаза де, йочане де


8. Х1ара дешнаш антонимаш ю:

1) шовда-хьоста

2) ча-ча

3) де-буьйса

9. Х1ара дешнаш синонимаш ю:

1) шовда-хьоста

2) ча-ча

3) де-буьйса
10. Х1ара дешнаш омонимаш ю:

1) шовда-хьоста

2) ча-ча

3) де-буьйса

Талламан диктант №6.
1алам. И дош доца делахь а, шен чулацам к1оргера болуш ду. Адамийн а, дийна-тийн а, хьаннийн а дахар 1аламах хаьдда хила йиш йолуш дац.

Самукъане, хаза б1аьсте чекхъелира. Т1ееара беркате, йовха аьхке. Иза адамаш-на уггар каде мур бу.

Акхарой а, олхазарш а синтем боцуш лелара. Цара шайн б1аьста дуьненчу евлла к1орнеш кхиайора, 1алашйора, уьш когайохуьйтура. Малх гучуболлушехь, дохк д1адайра, баца т1ера тхин т1адамаш дакъаделира. Дерриг 1алам, малхана дела а къежаш, д1ах1оьттира.

1аламо шен къайленех пайдаоьцуьйтур бу массо а садолчу х1умане. (80дош. Хь. Хасаев.)

1. Дешнийн х1оттам билгалбаккха.

1-ра вариант 2-г1а вариант

чекхъелира, малхана дакъаделира, т1адамаш
2. Морфологически таллам бе.

1-ра вариант 2-г1а вариант

1алам, б1аьсте, адам. дош, аьхке, малх.


МХГ1Ф паспорт.


6 класс.



Белхаш

Тема.

Кеп

1.

Хаарш талларан болх №1.

v –чу классехь 1амийнарг карладаккхар.

Тест

2.

Талламан болх №2.

Текст.

Къамелан дакъош. Билгалдош.

Диктант

грамматически

т1едилларца.

3.

Эхашеран талламан болх №3

Терахьдош

Диктант

грамматически

т1едилларца.

4.

Талламан болх №4.

Ц1ерметдош.

Т1едахкарш.

5.

Талламан болх №5.

Ц1ерметдош.

Диктант

грамматически

т1едилларца.

6.

Шеран талламан болх №6.

Хандош. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Диктант

грамматически

т1едахкаршца.
1   2   3   4   5


написать администратору сайта