Главная страница

Критерии оценивания по чеченскому языку. Критерии оценивания по чеч яз. Мах хадоран г1ирсийн фонд. Мхг1Ф


Скачать 0.49 Mb.
НазваниеМах хадоран г1ирсийн фонд. Мхг1Ф
АнкорКритерии оценивания по чеченскому языку
Дата05.02.2023
Размер0.49 Mb.
Формат файлаdocx
Имя файлаКритерии оценивания по чеч яз.docx
ТипДокументы
#921254
страница4 из 5
1   2   3   4   5

Талламан бол №1.

Т1едиллар №1. Билгалдаха къамелан дакъош.


Комаьрша адам, гина к1ант, воьлуш лаьттара, шолг1а де. оьзда дахар, совг1а-тана елира. 1алелай, дитта т1ехь, ца гина х1ума, гонаха лаьттара, стоьла гонаха, шозза элира, амма, ма ала, суна-м ца лаьа, стеган дикалла, суо 1ара.





Т1едиллар №2. Морфологически таллам бе:

ц1ердашан, билгалдашан, терахьдашан, хандашан.


Талламан диктант №2.

Хи чуьра ч1ерий дохуш сакъералора Хьажмурдан. Къаьсттина ч1ог1а сакъералора цуьнан дай чу хьоьжуш. Шен воккхах волчу вашас бина жима дуо бара к1ентан хи чу буг1уш лелош. Дуьйрийн мижарг а, ягийна ма1а а, багийна хьаьжк1ан кан а, сискал а тосура Хьажмурда цу чу. Башха хи к1оргачу метте а ца буг1ура цо иза. Шалажа а дацара иштта доккха хи а. Маь1-маь11ехь дог1ура и. Лохачу бердан к1ел, хи к1оргачохь, дуо буг1уш меттиг яра Хьажмурдан. 1уьйранна а, сарахьа чу моссаза хьожу а, чабакх а, ирг1у а, ч1ерий дохура цо.

Цхьана буьйсанна стигал къекъаш дог1а а деана, хиш дистира. 1уьйранна самаваьллачу Хьажмурдана хезаш яра дистинчу хино ен г1овг1а…

Ши-кхо де даьллачул т1аьхьа, хи дистинчуьра чудоьжча, хьажа ваханчу Хьажмур-дана шен дуо ца карийра… (117 дош. Х-.А.Берсанов. «Вайн махкара акхарой а, олхазарш а.)

Грамматически т1едахкарш. 1. Билгалъяха коьрта меженаш.

2. Предложенешна юккъера схьаязде дешнийн цхьаьнакхетарш, билгалъяха уьйраш:

1-ра вариант 2-г1а вариант

1-ра предложени. 5-г1а предложени.



Талламан диктант №3.

Ло дог1у даккхийчу чимашца, массо х1ума а хьулдеш. Малх ма-кхийтти, гуча-м дер ду дерриге а… Вон а, дика а. Жаьмбикна-м гуттар а и иштта дуьйла хаьара. Х1инца санна ца хиънехь а, геннахь, кхетаман к1оргенехь, ехара и ойла. Цо сецавора цхьадолчу некъашна т1е ца волуьйтуш. Хало-о-м дара иза, х1етте а и хало лан а лайна, т1ехъяьлча, декхна хетара денош а, буьйсанаш а…

Юкъ-юккъера екхна ю стигал. Мархашна юккъехула 1еначу беттан серлонехь лепа чимаш. Куй д1а а баьккхина лаьттачу цуьнан коьрта т1ехь соьцу уьш, юха деша.

Цо д1атуьллу куй. Т1аккха хьаннашлахь 1уьллучу жимчу юьрте б1аьрг бетта. Д1атийна юрт. Юкъ-юккъехь бен стогарш а гац. 1аьржа г1аларташ а хилла лаьтта ц1енош а, царна гонахара бошмаш а. Тийна ю кхуьнан х1усам а… (117 дош. М.Ахмадов. «Мохк бегийча.»/

Грамматически т1едиллар. Синтаксически таллам бе.

1-ра вариант.

Мархашна юккъехула 1еначу беттан серлонехь лепа чимаш.

2-г1а вариант.

1аьржа г1аларташ а хилла лаьтта ц1енош а, царна гонахара бош-маш а.


Талламан диктант №4.

Цхьалла.

Буьйса. 1аьржа, тийна буьйса.

Цхьалла…Г1орасиз, синтем байна цхьалла.

Ма цхьаьна йог1у шуьшиъ! Вовшах къаста ца луш, б1ешерийн дохалла ши йиша хилла схьайог1у.

Амма яц шуьшиннан вовшашца я марзо а, я безам а. Ца ваьллачу денна д1акхоьхьу дахаран мур бу. Буьйса яьлла д1аяхча а ца юьту цхьалло…

Берх1итта шо ду и шиъ х1окху ц1ийнан дукъ гихь схьадог1у. Айманис лерина луьсту шен дахаран х1ора аг1о. Ерриге а беса ю, цхьа а яц воккхаверан лар йитина. Дега1ийжамаш, хьешна сатийсамаш, дегайовхонаш. Ур-атталла, ирсан з1ийдиг тесна меттиг яц.

И х1инца а инзаръюьйлу шаьшшиннан дахаран некъ, кхин ца хедаш, х1окху хене схьакхачарх…

Берийн дуьхьа лаьлла садетташ. Цара ницкъ а, доьналла а делла и хан яккха. Иштта д1аихна шераш… (111дош.)
Грамматически т1едиллар. Билгалъяхначу предложенешна синтаксически талламаш бе.



Талламан диктант №5.

Тест.

1. Дешнийн нийсаяздаран бакъонех олу:

1.) грамматика

2.) морфологи

3.) орфографи

2.Карара уьйр хуьлу:

1.) шина кепара

2.) кхаа кепара

3.) еа кепара

3.Кху дешнийн цхьаьнакхетарехь бартбар уьйр ю:

1.) аьхкенан де

2.) хаза аьхке

3.) хаза лаьттара

4.Кху дешнийн цхьаьнакхетарехь урхалла уьйр ю:

1.) аьхкенан де

2.) хаза аьхке

3.) хаза лаьттара

5.Кху дешнийн цхьаьнакхетарехь т1етовжар уьйр ю:

1.) аьхкенан де

2.) хаза аьхке

3.) хаза лаьттара

6. Нохчийн маттахь коьрта меже:

1.) кхоъ ю

2.) шиъ ю

3.) цхьаъ ю

7. Кху предложенехь подлежащи дац:

1.) Арахь хаза лаьттара.

2.) Арахь ло дог1у.

3.) Арахь стоьмаш боьхкира.

8. Кху предложенехь сказуеми дац:

1.) К1айн 1а.

2.) Схьакхечи шийла 1а.

3.) Г1а доьжнера.

9. Кху предложенехь ц1еран х1оттаман сказуеми дац:

1.) Шийла мехаш хьоькхура.

2.) Арахь шийла яра.

3.) Шозза диъ барх1 ду.

10.Кху предложенехь хандешан х1оттаман сказуеми ду:

1.) Арахь ч1ог1а стигал къекъара.

2.) К1антана г1ан гора.

3.) Сан вешина книга еша лаьа.

11.Караде г1алат:

1.) Саь1йд Бадуев-яздархо ву.

2.) Хазалла-сарралц, дикалла-валлалц.

3.) Къахьегар-сийлалла, болх цабар-сонталла.

12. Кху предложенехь хаза боху дош къастам бу:

1.) Хаза йистхилира къона зуда.

2.) Хаза къамел дира цо.

3.)Хазаниг т1ееара.

13.Муьлхачу коьртазчу межено гойту дар, хилар:

1.) къастамо

2.) кхачамо

3.) латтамо

14. Кху предложенехь нийса кхачам бу:

1.) Цуьнан б1аьргаш хих буьзира.

2.) Бовхачу малхо чоь серлаяьккхира.

3.) Сийначу стиглахула к1айн мархаш йоьлхура.

15. Х1ара предложени билгалза-юьхьан ю:

1.) Б1аьстенан мохо эсала техкадора къона синтарш.

2.) Туьканахь стоьмаш а, хасстоьмаш а боьхкира.

3.) Тахана тхоьга дуьйлийша.

Шеран талламан диктант №6.

Маьрк1ажал т1аьхьа ц1акхечира нана. Цецъелира иза гинчух. Йиттина ирхъоьхкина берийн бедарш, чохь юучух хаза яьлла хьожа, бовхачу маьнги т1ехь ловзу ши к1ант.

-Дукха яха хьо! Хьо-м х1инца аса цадийриг а деш, йоккха ма хилла. Хьан да, ц1аваг1ахь, тешар а вац, ахьа иштта г1уллакхаш до аьлча.

Амма йоь1ан б1аьра хьаьжча, ненан бос хийцабелира. Йо1 т1орказ чу хьаьжний а, цо цу чуьра кехат дешний а, хиира.

Кехат нанас Х1азанах лечкъоран шен бахьана дара. Нанна дика хаьара, Х1азанна шен сил а дукха да везийла. Тидаме эцнера баккхийчийн санна йолу йоь1ан амал, ойла, мотт. Цундела йо1ана, и ирча кхаъ хезча, цхьа х1ума хиларна кхоьруш ца аьллера нанас да валарх лаьцна. Хан яьлча, х1ума ширло, цул т1аьхьа сатоха хала цахир-кх аьлла, дитинера… (115 дош. С.-С. Саидов. «Мажъелла кехатан цуьрг.»)
Грамматически т1едиллар. Синтаксически таллам бе:

1-ра вариант 2-г1а вариант

1-чу предоженина 7-чу предложенина.


МХГ1Ф паспорт.


9 класс.



Белхаш

Тема.

Кеп

1.

Хаарш талларан болх №1.

vlll –чу классехь1амийнарг карладаккхар.

Т1едахкарш

2.

Талламан болх №2.

Синтаксис.

Ч-ЦП

Диктант

грамматически

т1едилларца.

3.

Эхашеран талламан болх №3

Ч-КП

Диктант

грамматически

т1едилларца.

4.

Талламан болх №4.

Х йоцуЧП

Диктант

грамматически

т1едилларца.

5.

Талламан болх №5.

1амийнарг карладаккхар.

Тест

6.

Шеран талламан болх №6.

1амийнарг т1еч1аг1дар.

Диктант

грамматически

т1едилларца.


Талламан болх №1.

Пунктуационни анализ.

Т1едиллар №1.

1. Оьшу сацаран хьаьркаш х1иттаде. Айхьа х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.

Баккхийчу нахана хаьара шайна т1ех1иттина лаьттачу къоначарна юкъахь хьекъална а(1) хьуьнаршна а(2) шайл цаоьшурш буйла. Хаьара шайл т1аьхьа цара оцу майданахь шайн меттиг д1алаца езийлаа(3) цундела баккхийчу наха сий дора т1екхуьучу къоначийн. Царалахь къастабой(4) шайна т1еийзабора хьекъале(5) хьуьнаре(6) кегийрхой.

Жоп _____________________________________________________

2. Оьшу сацаран хьаьркаш х1иттаде. Айхьа х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.

Хьанна ца евза и таме(1) хьожа йог1у буц? 1аждарбуц хьалайолу т1уьна йоцчу хьуьнхахь(2) ирзошкахь(3) хинан бердашкахь. Вайн лаьмнашкахь буц йолучу меттехь(4) иза массанхьа ю. 1аждарбуц дуккха а(5) шерийн буц ю. Иза деба орамашца а(6) х1уца а.

Жоп _____________________________________________________


Синтаксически анализ.
Т1едиллар №2.

1. Предложенера латтам схьаязбе.

Нохчийн къоман оьздангаллехь Iаламат мехала ю стеган Iаламца йолу юкъаметтиг.

Жоп __________________________________________________

2. Предложенера тIедерзар схьаязде.

Хьан декаро, хьан хазачу мукъамо сан кийрахь дукха хенахь дуьйна схьа лаьттина йолу гIайгIа яшийна дIаяьккхинера, сан жима олхазар!

Жоп ___________________________________________________

3. Предложенера къастам схьаязбе.

Башха гена доццуш цкъа гучу а баьлла, юха а цхьана тIулга тIехьахь къайлабелира экханан букъ.

Орфографически анализ.

Т1едиллар №3

1. Билгалдаьккхина дош яздаран нийса тIечIагIдар далийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Оцу жоьпан лоьмар дIаязъе.

1) ЦА ДЕШАР – «ЦА» дакъалг масдарца къаьстина яздо.

2) ХIАЙТ-АЬЛЛА – АЬЛЛА боху дош тIекхетарца кхолладелла чолхе куцдешнаш дефисца яздо.

3)ХЬОСТА – хьалхарчу спряжени чудогIучу карарчу хенан хандешан чаккхенгахь

«А» яздо.

4) ВЕДАНА – долахь цIердешнаш жимачу элпаца яздо.

Жоп _____________________________________________________

2. Билгалдаьккхина дош яздаран нийса тIечIагIдар далийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Оцу жоьпан лоьмар дIаязъе.

1) ЙОХ-ЪЯЛА –дош сехьадоккхуш, «Ъ» шайна хьалхарчу элпех (дешдекъах)

къасто мега.

  1. ЦХЬА-КIЕЗЗИГ – ЦХЬА боху дош тIекхетарца кхолладелла чолхе куцдешнаш

дефисца яздо.

3) МОК-ХА – дош сехьадоккхуш шалха элпаш декъа мега.

4) КХОЧУШЙО –цхьана дешдекъах лаьттачу хандешан гIоьнца кхолладелла

чолхе хандешнаш цхьаьна яздо.

Жоп _____________________________________________________


Талламан диктант№2.

Х1инццалц д1адаханчу шен дахаран дерриге сурт дуьхьал х1оьттира Ахьъядан оцу миноташкахь. Х1ара ког а шершина, 1инах чувог1уш, кхуьнан кара еара цхьа жима колл. Иза карахь йолу куьг кегийра дегадора. Аьрру куьйго схьалаца бег1ийла х1ума лоьхура, амма кхо юьхьанца катоьхна т1улг, карара а баьлла, керчина 1инах чубахара. Охьакхаьчча цо даьккхина тата халла бен ца хезира Ахьъядана… Ког д1атасабала х1ума яцара…

Ницкъ г1елбеллера. Дерриге а дег1ах шийла хьацар тоьхнера. Колл карахь йолу аьтту куьг кулла т1ерачу к1охцалгаша шина-кхаа меттехь хадийнера. Куьг а, пхьарс а ц1ийша дуьзнера, амма иза тергалдечохь дацара г1уллакх. К1антана вала ца лаьара, иза ца тешара шен дахаран т1аьххьара миноташ т1ех1иттина бохучух. …

Ц1еххьана цхьана х1уманах кхераделла д1аиккхира хьоза. Ткъа оццу минотехь лакхара охьа, ц1ийша дуьзначу к1ентан куьйга т1ехула охьабеара беха, шуьйра, къорза бухка… (123 дош. Саракаев Хь. «Ирсе б1аьрхиш.»)

Грамматически т1едахкарш. 1. Синтаксически таллам бе:

1-ра вариант 2-г1а вариант

1-ра предложени 3-ра предложени. (Ц.П.)

2. Синтаксически таллам бе 4-чу предложенина. (Ч-Ц.П.)



Талламан диктант №3.

Борз.

Ц1еххьана ша лелочух шекваьлла стаг санна, самаяхна ойланаш а, б1аьргаш а, саца а сецна, т1ехьа хьаьжира иза. Г1ан-набарх дуьхьал дог1уш долу сурт санна, гена а воцуш лаьтташ цхьа стаг хетавелира цунна. Баймарзас воьхна б1аьргаш д1ахьаббира, амма цу сохьтехь д1абиллира. Т1епаза вайра и стаг. Юха а шех ца тешаш леррина, охьатаь1на хьаьжира иза. Амма цхьа а вацара гуш. «Хьо кхеравелча, т1ехьа ма хьажалахь», -дагатесира Баймарзина жима волуш нанас шена дина хьехар. Г1отана уллохь болчу г1одамийн такхорах букъ тоьхна, д1ах1оьттира Баймарза …

Г1ота уллохь яра х1инца. Ткъа ницкъ хилча, цу чу иккхина, уьстаг1 д1абахьа. Ма кхин х1ума ца оьшура Баймарзина. Цхьабакъду, Симбайн ж1аьлеша х1ара шайх волуьйтур ву бохург бакъ-м дацара. Сталина аьллера бохуш, ша Симбай ма ву, кхин къа ца хеташ, топ тухур волуш. Х1инца х1ун дийр ду ца хууш лаьттра Баймарза… (130 дош. М.Мутаев «Борз»)

Грамматически т1едиллар. 1. Синтаксически таллам бе Ч-КП-на.

Талламан диктант №4.

Гуьйре д1аяла герга яханера. Мокха пардо т1едижинчу лаьмнашкара охьа шийла мох хьаькхира. Дека хезаш олхазарш а дацара, амма наггахь т1ехъэккхаш полла-м хуьлура. Г1алахь даима а хьоькхуш мох бара, яьлла чан а яра. Декаш хьозий а дара, ткъа урам некъашкахь цкъа цхьанхьа ховшуш, цигара д1ахьовдий, кхечухьа ховшуш, лелаш кхокхий а дара…

Курганов дукха лерина Бенога д1ахьаьжира, жимачу стаге ша т1едиллинарг кхочушдалур дуй-техьа талла воллуш санна. Бенос цунна т1ера б1аьрг д1а ца баьккхира –сох теша мегар ду, хьуна, бохуш санна. Пакет схьа а эцна, аг1орхьа а ваьлла, Танигахьа хьаьжира иза. Цецваьлла висира иза: мел тера яра иза х1инца Ульяшевах, дикачу, хьомечу Ульяшевах…

Шийла 1уьйре яра. Вокзалана гуо а баьккхина, ураме ваьлла Бено, воьхна волуш хьалхахьа д1а а хьоьжуш, цхьана а маь11ехь сецира. Шелоно лергаш дахьадора, когаш шелбора… (125 дош. С.-Б.Арсанов. «Маца девза доттаг1алла.»

Грамматически т1едахкарш. 1. Синтаксически таллам бе:

1-ра вариант 2-г1а вариант 3-г1а вариант

Ч-ЦП-на Ч-КП-на Х йоцчу ЧП-на.


Талламан болх №5.

Текст т1ехь болх бар.


1.Бух1а-хьекъалаллин (мудрость) билгало лоруш ю.

2. Бода болале ижу лаха арайолу бух1а. 3.Лохха а меллаша а лела иза лаь…тан татанашка ладуг1у цо.

4.Екхначу буса дика го цуьнан х1аваэхула лелар. 5.Башха т1емаш делла цунна Дала. 6.Ижуна ца тосайолуь…туш, иза лар…ян аьтто бо цара.

7. Аьхка дуькъачу г1ашна ю..къехь атта хьулло бух1а. 8.Ткъа 1ай базано а, багано а хьулйи…р ю бух1а шайн баьццарчу генаш т1ехьа.



Т1едахкарш.

1. Т1адамийн метта элпаш а х1иттош, т1ера схьаязъе текст. Бакъонца ч1аг1де нийсаяздар.

2. Д1аязйинарг текст хилар т1еч1аг1де. Х1ун цIе туьллур яра аша цунна? Билгалъяккха тема а, коьрта ойла а. Къастаде, муьлхачу стилехь язйина ю текст?

3. 4-5-чуй предложенешкахь авторо муьлхачу меттан суртхIотторан гIирсах пайда эцна?

4. 2-чу предложенина синтаксически таллам бе. Дийца коьртачу меженаша дешн. цхьаьнакхетар кхуллий? Х1унда.

5. 3-чу предложенехь сацаран хьаьркаш а х1иттош, дийца уьш х1итторах лаций. Билгалдаха дешнийн цхьаьнакхетарш. Парг1атчу а, ч1аг1деллачу а дешн.цхь.-на юккъехь х1ун башхалла ю?

6. 4-чу предл. схьаязде дешнийн цхьаьнакхетарш. Гайта х1ун уьйр ю?

7. Ялае антонимаш: бода, меллаша, екхна,

Шеран талламан диктант №6.

Гонаха самадолуш дара т1ейог1учу б1аьстено дендина 1алам. Ч1енигаш а эт1ош, гучудевлла кегийра г1аш дара цхьацца долчу дитташ т1ехь гуш. Лакхахь хьоькхучу б1аьстенан мелачу механ тулг1е хьекхалора наггахь к1ентан дег1ах. Нанас дайн хьоькхучу куьйго санна, коьрта т1ехула хьакхалуш т1ехболура иза, кхуьнан коьртара месаш д1аса а яржош.

«Мохь тоха те аса? Орца даккха те?»-дагадеара к1антана. Т1аккха а, цхьанна д1ахазахь осала хетар ву-кх со, бохург дага а деана, юха а басах хьалатасавелира иза. Амма куьг а, ког а д1атаса х1ума цахиларна, юха а 1инах чушершаш воллучу кхуо катоьхна схьалецира ша х1инццалц 1ожаллин буйна ца вохуьйтуш сацийна йолу колл.

Кхунна гена доццуш охьахиира цхьа хаза бос болу хьоза. Д1а а, схьа а хьаьвзина, корта аг1ор баьккхина адаме а хьаьжна, «ч1ир-ч1ир»-элира цо, цкъа-шозза, кхосса а луш.

«Дависа, цхьана минотана, хьан санна, ши т1ам белира сан», -дагадеара дег1ера ницкъ кхачош воллучу к1антана… (139дош. Саракаев Хь. «Ирсе б1аьрхиш.»)
1   2   3   4   5


написать администратору сайта