Главная страница
Навигация по странице:

  • Талламан диктант №1. Медни

  • Талламан диктант №2.

  • Талламан диктант №3. Хийист.

  • Талламан диктант №4.

  • Талламан болх№1.

  • Талламан диктант №3.

  • Критерии оценивания по чеченскому языку. Критерии оценивания по чеч яз. Мах хадоран г1ирсийн фонд. Мхг1Ф


    Скачать 0.49 Mb.
    НазваниеМах хадоран г1ирсийн фонд. Мхг1Ф
    АнкорКритерии оценивания по чеченскому языку
    Дата05.02.2023
    Размер0.49 Mb.
    Формат файлаdocx
    Имя файлаКритерии оценивания по чеч яз.docx
    ТипДокументы
    #921254
    страница5 из 5
    1   2   3   4   5

    Грамматически т1едиллар. Синтаксически таллам бе.

    1-ра вариант 2-г1а вариант 3-г1а вариант

    1-ра абзац 2-г1а абзац 3-4 абзацаш.

    10-г1а класс.


    Талламан диктант №1.

    Медни

    …Сарралц баьгначу маьлхан тов дижанза, мела яра аьхкенан буьйса. Стиглан аре ма-ю догура нуьрен седарчий. Маь1-маь11ехь схьахезара бацалахь екачу цаьпцалгийн «цкъар», 1ам х1оьттинчохь пхьидарчийн г1ар. Дехачу дийнахь шайн хьашт-дезаршна идда к1адбелла юьртахой набарна токх ца хуьлуш 1охкура…

    Оцу аьхка хаъал хийцаелира Медни. Дикка лакхайолуш дег1 даьккхинера, горгъеллачу юьхьа т1ехь 1ожан аг1онаш санна, беснеш йогура. Жимма малхехь, мохехь 1аржалла кхетта шера лаг, стомма пхьарс, ност, еха к1ажарш. Кхуо х1инца х1уманна а са ца гатдора. Дешарх а дог диллина яьллера. 1уьрре г1оттий, ков-кертара г1уллакх дора, жима ша мукъа яьлча, шен девешин зуда 1абатат йолчу йоьдий самукъадоккхура. Къаьсттина сакъералора цуьнан ши йо1 ц1а еанчу нисъелча.

    Амма, доллучул а Меднина даг т1е синхааман марха тосуьйтуш ерг суьйре яра. Х1ара ч1ог1а йоккхаеш йоьдура сарахь бежнашна мало а, чохь-арахь дайа а хи дан. Цигахь хуьлура кхуьнан хенара мехкарий, кегий нах. Бесан тог1еш юьзна хуьлура адамех мичча хена а. (146дош. С-С.Саидов. «Эзарнийн зерашкахь»)



    Талламан диктант №2.

    …Шийла 1а дара лаьтташ. Юьрта ваханчуьра г1ала-ц1а вог1уш вара со сайн деца. Доккха диллинчу лайх сакъералуш, новкъара д1а а вуьйлуш, лайла лелхаш, охьаветталуш вог1учу суна цкъа вулий дов деш, т1аккха велалуш, хьалхахьа д1аоьхура да. Г1алийний, юьртанний юкъ йоккха яцара. Цундела г1алара жимма схьаваьлча гуш хуьлура юрт. Иштта жимма юьртара схьаваьлча гуш хуьлура г1ала а, дуьхьала вог1уш стаг хилча, иза а геннара гора. Хаза дара лайно к1аййинчу арахь…

    -Хьуьлла йог1у зуда гой хьуна?-элира дас.

    -Цо хьайна х1ун эр ду хаьий хьуна?

    -Х1ун эр ду?-дена юххе х1оьттира со.

    -Хьо вон лелаш ву эр ду-кх, д1ахьажал хьаьйга, хьох верриг лайх вуьзна. Куьг тохий д1адаккха иза, вашор ву хьо, реза воцуш корта а ластийна, соцунг1а хиллачуьра д1аволавелира дада.

    Пальто т1е летта ло сайга д1адаккхалург д1а а даьккхина, ведда т1аьхьакхиира со цунна…. (128дош. Дадаев.1. «Дайн бер.»)
    Талламан диктант №3.

    Хийист.

    …Дитташ к1ел хийист х1уттура.

    Малх лаьмнашна т1е охьалахбела, суьйранна д1абузале шен ерриге йовхо а, серло а дуьненчу схьакхийдош бара. Суьйре т1ейог1уш юьртахь хьаеллера дахаран г1овг1а: ц1а оьху бежнаш, уьстаг1ий, урамашкахь зевнечу маьхьарш-ца ловзу бераш, г1уллакхаш деш хьийза бахархой.

    Ц1естачу к1удалан къамкъарга чохь йоьзан чами а бекош, хит1а яха араелира Медни. Кхуьнан к1айн, горгачу беснеш т1ехь товш хеташ дара коьртара мархийн басахь долу гуьлмаьнда, коган хьоркане кхочуш г1абалин хормехь тегна, стигал басахь еха коч, и сацош юткъачу г1одаюкъах дихкина, кучах шех долу доьхка, бай кога туьйдина ши к1арх. Х1ара хи эца тог1и чу охьайолаелча, 1индаг1ашкара схьаваьлла, кхунна т1аьхьакхиира Мовсар.

    Меднина шена хаа а хууш дег1 дегаделира, юьхь ц1ийелира Мовсарх б1аьрг кхетча. Кхунна иза аьхке йоьлчхьана а вайна а вацара…

    К1ентан амат дерриг а оьздачу битаме далийнера кхунна т1ехь йолчу ло санна к1айчу кисин кучо. Куча т1ехула дихкина дара шуьйра доьхка, цу т1ехь кхозу йоца шаьлта, коьрта тиллина жима б1ег1аган куй, когахь 1аьржа маьхьсеш.

    (156 дош.С-С.Саидов. «Эзарнийн зерашкахь»)


    Талламан диктант №4.

    …К1айчу дахкарх хьерчаш т1ееара гуьйренан 1уьйре. 1аьнан хьалхара хьу хьакхаелла латта жима г1оро озийнера. Кхан шоралла генара стаг а ца гора дуькъачу дахкарлахь. Иза Меднис арабаьккхинчу некъана, кхерамах дукха ца ларъяла, боккха аьтто а бара. Х1ара Шуьйта боьдучу новкъа, нахала дика т1аьхьа а йисина, охьатаь11ина йог1ура. Дуккха а адам дара хьалнехьарчу ярташка даха новкъадаьлла. Цхьаберш ворданашкахь бара, важаберш говрашкахь а, г1аш а.

    Шолг1ачу дийнахь, делкъа ламазана арайолуш чухьаьжча бен ца хиира Бикатуна Медни ц1ера еддий. Йоккхачу стага хиллачун шеко к1езиг йолуш, леррина лехира йо1. Т1аккха Медни карорах дог а диллина, и йижина хилла чоь талла елира. Кхуо чуьра йийбарш кегош, д1адоьттинчу истангаш юккъера схьаяьккхира Меднина т1ехь хилла коч, д1ахьаьжча, жимма д1ахердина карийра къевлина хилла кор. Кхийтира Бикату хиллачух. Х1ара сихха араик-кхина, 1абадатг1аьрга хьаьдира. Несо Медни шайга еъна а яц аьлча, кхин юьйхира. Юха жимма меттаеана, 1абатат а яхийтина схьакхайкхийтира марвешин бераш, йоь1ан шичой. Ден шичой а, берриг тайпана нах а арабев-лира Медни лаха. Верасаш йо1 лаха д1абоьлхуш, царалахь воккхах волчун т1е диллира Бикатус, Бесал дехьарчу Мадин керта хьовсар. Йоккхачу стага Мадаг1арах дегабаам бора, цуьнан к1анта ша йолчу а веана, Медни шена еза аларна… (187дош. С-С.Саидов. «Эзарнийн зерашкахь»)

    11-г1а класс.


    Талламан болх№1.

    Б1аьстенан дуьххьарчех долу де хаза, декхна дара. Йист йоцчу стиглахь цхьа а марха яцара. Дег1ах маьлхан дуьххьарлера йовхо а юлуьйтуш, сапарг1ат вог1ура Товсолта…Белшах шен гуттарлера т1оьрмиг а кхозура цуьнан, чохь цхьацца инструменташ а йолуш. Колхозан беше хьажа араваьллера и. Юьртах ма-велли, х1инца башха гена а ца хеташ, малхехь лепа 1оман экъа яйча, цигахьа озийра цо. Ша цига д1акхаьчча, шена кхин а хаза дуьне гур долуш санна хетара. Цунна дукха хезнера 1омах лаьцна. Цигахьа дийнна жатташца лелара акха бедаш, шортта нислора иччархошна ижу: тодакхаш, мошарчий, дартанаш, лергъяхарш. Ч1ерийлецархоша 1ома йистехула, хи чухула гоьллелц ов текхош, я цул к1орго йолчохь ванда а юг1уш, лоьцура яй-ч1ерий. 1ома юккъерчу оьзига т1ехь ч1ерий кечдо артель а, генайоццуш, хил дехьа, Жинийн 1ин чохь, шекар доккху завод а ю бохура. Товсолтина дуьхьалх1уьт-тура цигара суьрташ: пийсиг хьокхуш 1ома т1ехула гил-кеманца лела белхалой; бурама т1ехь, цкъацкъа, шайн жашца хил дехьабуьйлу, геннарчу Г1елийн орца уьш дажо д1адуьгу 1уй. Юхабаьхкинчу 1уша дуьйцура, цигахь акха кой а, лунаш а хуьлу бохуш… (162дош. М.Сулаев. «Берзан т1елатар»)



    Талламан диктант №2.

    …Ткъех чаккхарма гена дара 1ома т1е кхача. Юьртара а, лекхочу меттера турмала хьаьжча а, ц1енна гора цигара халстуш а, хидоькъе а, юххера г1ишло а, уллохь доьг1на ши лекха маьлказ а. «Чохь-саготте, арахь-сашорте»,-аьлла, д1аволавелира цигахьа Тавсолта. Б1аьстенан х1уо, дег1 дайдеш, ц1ена дара. Мела малх нийсса букъа т1е хьоьжура. Шен 1индаг1на т1аьхьаваьлла воьдура и. Шерачу арахь цхьанхьа а дисина ло ца гора. Хьалаг1ертара дуьххьарлера бецаш. 1аьнан йочунах сихха ловсардоьлла дог1ура латта а. Амма х1инца а сенъялаза лаьттара мокха бурсанан коьллаш а, некъа йистошкахула хьала-девлла муьжгаш а. Х1етте а аренан дахар б1аьстенна самадаьллера. Товсол-тина евзара г1амарпхьагалан лараш, оьпарчийн оьрнаш, хиндехкан тоьла. Цкъацкъа оьртхан кулла к1елхьара д1аэккхара моьлкъа я, некъ а хадош, 1ажаркхлахь бовра текхарг; наггахь тебаш текхара шен туьтан тутмакх-уьнт1епхьид, коьллашна т1ехула д1асалелхара вирмер1уьрг. Лекха т1ехула хьийзара маккхалш. Т1аьххьара а цхьана хин йисте кхечира Товсолта. Дехьа кхоссалур воцуш шуьйра а, гарехь, к1орго а дара хи. Жимочу гу т1ера д1асахьаьжира х1ара. Цхьанхьа а, б1аьрго лехарх, гечо дацара. Г1елвелла Тов-солта, ойлане ваьлла, гу т1ехь лаьттара, татоле а хьоьжуш… (166 дош. М.Сулаев. «Берзан т1елатар»)



    Талламан диктант №3.

    Шайн халкъ бехк-гуьнахь доцуш махках даьккхинчул т1аьхьа ерриг фронташкахь а, партизанийн боламашкахь а, дера а, турпала а летара нохчий. Оцу т1е уьш тоьттура масех бахьано. Даймахкана ямарт хилла аьлла, нохчийн халкъана тиллина ц1е харц хилар хаийта г1ерташ. Т1амехь болчу нохчийн к1енташа турпала хьуьнарш, Даймахкана тешам а гайтича, бехк боцуш, харцо т1е а кхоьллина, махках даьккхинчу халкъана т1ера и харцо д1аяккхаре догдохуш а. Шайн халкъана т1е кхоьллина и харцо а, дина эхь а ца лалуш, т1еман арахь 1ожалла лоьхура. Амма шен халкъана эхь дина, цунна харц та1зар дина аьлла, мостаг1ашкахьа ца волура цхьа а.

    Халкъ, та1зар деш, махках даьккхинчул т1аьхьа, т1амехь хьуьнарш гайтинчу нохчашна орденаш ялар а, турпалхочун ц1е тиллар а сацийра фронтан коман-дованис, я Москвахь чекх ца бовлуьйтура уьш. Цундела, эскаран, дивизин я полкан командованин хьехаршца, орденна я турпалхочун ц1арна хьуьнар гайтинчу цхьаболчу нохчийн эпсарша шаьш кхечу къомах язбойтура-гуьржий, г1езалой, г1умкий, суьлий… Иштта цхьацца толаман де т1екхаччалц т1амехь бисира дуккха а нохчий. (154дош. А.Айдамиров. «Кхолламан цхьа де.»)


    Талламан диктант №4.

    Оцу 1уьйранна иза хьалххе самаваьллера. Т1уьначу ц1а чохь шийла яра. 1аьржа дот1анаш лилхина йоккха пеш тоххарехь шелъеллера, цунна хьалха даьржина т1уьна дечиг а дара. Пеше кхаччалц йолу ножан шуьйрачу стоьла т1ехь къепе йоцуш 1охкура книжкаш, журналаш.

    Арахь къаьстачу синбилгалоно чохь долу массо а х1ума цхьа башха хоь-туьйтура. Сиха юрг1а д1а а тесна, иза хьалаг1аьттира. «Хьала-охьа наб кхетар яц». Т1е х1ума а юьйхина, мехкдаьттан стогар хьалалатийра цо. Районехь ток йоцу цхьа к1ира сов дара. Электроз1е дарцо, вуно доккха деанчу лайно, ха-дийнера. Х1ара командировке хьажийначу больницехь ток йоккху мотор яра болх бойтуш. Стогаран серлонехь чохь д1асаяьржина х1уманаш д1асайохуш, нуй хьаькхна, пеша хьалхара дечиг д1алистина, стоьла т1ера книжкаш а, журналаш а д1алистира лоьро.

    Эххар т1еера шийла 1уьйре. Корал арахь даккхийчу лайн чимашца ло дог1ура.

    Март беттан юкъ яра. Малх тахана а бара къегина. Лаьмнийн баххьаш лайнах лепара. Некъана уллорчу бай т1ехь доккхачу дитта уллохь шела-зезагаш хьаладевллера. Корах чу кхеттачу малхо юьхь тамехь йохйора, цунна, машен сацийна, аравала лиира. …(156дош. А.Ацалаев. «Ши дахар»)
    1   2   3   4   5


    написать администратору сайта