чеченский язык РП. 3. Чеченский язык. (1). Рабочая программа учебного предмета 1 Чеченский язык
Скачать 45.9 Kb.
|
Дозуш долу къамел кхиор (5 сахьт) Талламан белхаш(6. сахьт) Къамел кхиор. Текстах а, цуьнан дакъойх а лаьцна кхетам: текстан дакъойн уьйран лексически г1ирсаш, цхьалхе план. Кегий а, шуьйра а теманаш, текстан коьрта ойла: къамелан стилех лаьцна кхетам, къамелан хабаран а, исбаьхьаллин а стилех лаьцна юьхьанцара хаамаш; дийцарх а, яздарх а лаьцна: дийцаран кепара йолчу текстан а жима а, юьззина а изложени язъяр суртх1отторан элементашца, цхьаццайолчу х1уманийн а, дийнатийн а хьокъехь сочиненеш - суртх1отторан дийцарш; дахарехь хиллачух лаьцна сочинени-дийцар (суьрташца а, юкъараллин-пайдечу къинхьегамехь дакъалацарца а доьзна). Доттаг1аллин а, къахьегаран а теманашна сочиненеш язъяр. 6-г1а класс (70 сахьт) Карладаккхар (2 сахьт): 1)нохчийн маттах лаьцна дош;2) къамелан дакъойх лаьцна юкъара кхетам. Текст (3 сахьт) Билгалдош (13сахьт) 1.Билгалдош а, цуьнан маь1на а, морфологически билгалонаш а (юкъара кхетам). Мухаллин а, юкъаметтигаллин а, доладерзоран а билгалдешнаш. Лаамаза а, лааме а билгалдешнаш: 1) лаамазчу билгалдашах, маь1не хьаьжжина, подлежащи я кхачам, я т1едерзар хилар. Цхьадолу билгалдешнийн терахь а, классан гайтам а. Мухаллин билгалдешнийн даржаш, церан кхолладалар, суффиксаш. Т1ехдаларан дарж кхуллуш долу дешнаш:сов, т1ех, вуно, 1аламат, инзаре, уггаре а (дика-дикаха-т1ех дика). Билгалдешнийн легарш, дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр. Билгалдешнийн кхолладалар, церан суффиксаш (формакхолларан а, дошкхолларан а). Т1еэцна билгалдешнаш, церан легар. Т1еэцначу билгалдешнийн суффиксаш а, церан нийсаязъяр а. Билгалдош морфологически таллар. Билгалдош карладаккхар. 2.Лаамаза а, лааме а билгалдешнаш дожаршца нийса хийца хаар. Къамелехь билгалдешнех-синонимех нийса пайдаэца хаар (маса, чехка, сиха, каде, т1ах-аьлла, х1айт-аьлла; г1иллакхе, к1еда-мерза; товш, безамехь). Лаамечу билгалдешан доланиг дожаран чаккхенгахь а, цхьана дешдекъах лаьттачу билгалдешан чаккхенгахь а мукъа аз манкха (мерах) нийса ала хаар. Терахьдош (14сахьт) 1.Терахьдош а, цуьнан маь1на а, морфологически билгалонаш а. Терахьдешнийн тайпанаш: 1) лаамаза а, 2) лааме а; 1) масаллин (маса?), 2) декъаран (мас-маса?), 3) гулдаран (маса?), 4) билгалза-масаллин (маса? мел?), 5) рог1аллин (масалг1а?). Масаллин терахьдешнийн легар. Цхьалхе а, чолхе а, х1оттаман а терахьдешнаш, церан легар. Рог1аллин терахьдешнаш, церан кхолладалар, суффиксаш. Лаамазчу рог1аллин терахьдашах къастам хилар, лаамечух, маь1не хьаьжжина, подлежащи я кхачам хилар. Рог1аллин терахьдешнийн легар. Лаамаза рог1аллин терахьдешнаш лаамаза мухаллин билгалдешнаш санна дожаршца хийцадалар. Терахьдешнийн кхолладалар (масалличарах декъаран а, гулдаран а, билгалза-масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш хилар). Терахьдешнийн нийсаяздар. Терахьдош морфологически таллар. Терахьдош карладаккхар. 2.Чолхе-декъаран а, билгалза-масаллин а терахьдешнаш ц1ердешнашца цхьаьна нийса ала хаар; лаамечу масаллин а, рог1аллин а терахьдешнийн дожарийн чаккхенаш нийса ала хаар. Лаамечу терахьдешан доланиг дожаран чаккхенгара мукъа аз манкха (мерах) нийса ала хаар. Ц1ерметдош (14 сахьт) 1. Ц1ерметдош а, цуьнан грамматически билгалонаш а. Ц1ерметдешнийн тайпанаш довзийтар: 1) яххьийн, 2) дерзоран, 3) доладерзоран, 4) дерзоран-доладерзоран, 5) гайтаран, 6) къастаман, 7) къастамза, 8) хаттаран, 9) юкъаметтигаллин. Яххьийн а, дерзоран а ц1ерметдешнийн яххьаш а, церан легар а. Тхо, вай бохучу дуккхаллин терахьан 1-чу юьхьан шина ц1ерметдашна юккъера башхо йовзийтар. Доладерзоран а, дерзоран-доладерзоран а ц1ерметдешнийн яххьаш а, церан легар а. Гайтаран а, къастаман а, къастамзачу а ц1ерметдешнийн легар а. Хаттаран а, юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнийн легар, царна юккъера башхо йовзар, уьш вовшашца дуста а, предложенешкахь къасто а хаар. Ц1ерметдешнийн нийсаяздар. Ц1ерметдош морфологически таллар. Ц1ерметдешан синтаксически билгалонаш: 1) яххьийн а, дерзоран а ц1ерметдешнех предложенехь маь1не хьаьжжина подлежащи я кхачам хилар; 2) лаамазчу гайтаран а, къастаман а, доладерзоран а ц1ерметдешнех къастам хилар. Ц1ерметдош карладаккхар. 2.Къамелехь тайп-тайпанчу ц1ерметдешнех а, церан яххьех а, дожарийн чаккхенех а нийса пайдаэца хаар. Предложенешкахь хаттаран а, юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнаш вовшех къасто хаар, церан башхалла йовзар. Ц1ерметдешнаш хуттурган (юкъаметтигаллин) дешнаш хилла лелар хаар. Хандош (13 сахьт) 1.Хандош, цуьнан грамматически билгалонаш (морфологически а, синтаксически а). Хандешан билгалза кеп, цуьнан суффиксаш ( -а, -о, -ан, -ен, -он). Хандешан билгалзачу кепан нийсаязъяр. Хандешан хенаш: Карара хан а, цуьнан чаккхенаш нийсаязъяр а. Яхана хан. Яханчу хенан кепех юкъара кхетам балар. Яханчу хенан чаккхенаш нийсаязъяр (и, ий, ира, ийра, ина, ийна, на, инера, ийнера,ура, ара, ора).Йог1у хан: 1) хила мега хан, 2) хин йолу хан. Йог1учу хенан нийсаязъяр. Хандешан цхьаллин а, дукхазаллин а кепаш. Цхьадолчу хандешнийн терахь а, классаш а. 2.Бартан а, йозанан а къамелехь хандашах нийса пайдаэца хаар. Хандешнийн чаккхенаш нийса ала а, нийса язъян а хаар. Карладаккхар (1сасхьт) Талламан болх (5 сахьт) Къамел кхиор (5 сахьт) Текстах, цуьнан дакъойх, къамелан стилех, темех, цуьнан коьртачу ойланех, дийцарх, суртх1отторан дийцарх, кхеташоне дийцарх лаьцна 1амийнарг карладаккхар. Сочиненина материал гулъяр. Сочинени язъярна оьшу материал цхьана кепе ерзор, чолхе план х1оттор. Шайна гина х1усам муьлхачу хьолехь ю а, 1аламан сурт а х1оттош, яцйина а, хаьржина а изложенеш язъяр. Х1усам а,1аламан сурт а гойтуш йолу сочинени язъяр. Сочинени-дийцар яздар (обрамленица а, обрамлени йоцуш а), дуьйцуш хезначун а, бинчу тидаман а, суртх1отторан буха т1ехь а (цу юкъахь дайн-нанойн а, бевзаш болчеран а къинхьегаман хьуьнарех лаьцна а, цуьнга терра кхидолчух лаьцна а). 7-г1а класс (70 сахьт) Ненан маттах лаьцна дош (1 сахьт). 5-6-чу классашкахь 1амийнарг карладаккхар (5 сахьт): билгалдош, ц1ерметдош, хандош, церан билгалонаш. Хандош а, цуьнан кепаш а (14 сахьт) 1.Хандош 1амор (14 сахьт). 6-чу классехь хандашах 1амийнарг карладаккхар.Хандешан саттамаш. Билгала саттам. Бехкаман а, лааран а саттамаш. Т1едожоран саттам. Хандешан спряженеш. Хандешан билгалзачу кепан ораман мукъа аьзнаш карарчу хенан орамехь хийцадалар, церан нийсаяздар.Хандешнийн кхолладалар.Деакепара хандешнаш, шайца долу подлежащеш ц1ерниг, дийриг, лург, меттигниг дожаршка х1уьттурш. Дацаран дакъалгаш ца, ма хандешнашца нийсаяздар. Причасти (7 сахьт) Причасти а, цуьнан грамматически билгалонаш а.Причастин хенаш, церан суффиксаш нийсаязъяр. Лаамаза а, лааме а причастеш.Причастин карчам, цуьнан синтаксически г1уллакх, цуьнца сацаран хьаьркаш.Причастин легар, дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр. Причастин кхоллаялар. Деепричасти ( 5 сахьт) Деепричасти а, цуьнан грамматически билгалонаш а. Деепричастин хенаш, церан нийсаязъяр. Деепричастин карчам а,цуьнан синтаксически г1уллакх а, цуьнан сацаран хьаьркаш а. Масдар (6 сахьт) Масдар а, цуьнан грамматически билгалонаш а. Масдаран терахь а, классаш а, кепаш а. Масдаран легар, дожарийн чаккхенаш.Масдарца дацаран дакъалг ца нийсаяздар. Масдаран а, цуьнан карчамийн а синтаксически г1уллакх. Куцдош (8 сахьт) 1. Куцдош а, цуьнан грамматически билгалонаш а (морфологически а, синтаксически а). Куцдешнийн тайпанаш, церан хаттарш, маь1наш . Куцдешнийн коьрта тайпанаш: 1) хенан, 2) меттиган, 3) бахьанин, 4) 1алашонан, 5) мухаллин (я даран суьртан), 6) масаллин, 7) бараман.Куцдешнийн цу коьртачу тайпанел сов, х1ара тайпанаш а довзийтар: 1) хаттаран куцдешнаш: маца? мацале? маццалц? х1унда? мича? мосазза? муха? 2) юкъаметтигаллин куцдешнаш: изза куцдешнаш, хаттаран маь1на хийцалуш, чолхечу предложенин шина декъан юкъаметтиг гойтуш хилахь: маца, мацале, маццалц, х1унда, мича, мичара, мосазза, муха. Куцдешан синтаксически билгалонаш (куцдешнех предложенехь тайп-тайпана латтамаш хилар: хенан куцдашах хенан латтам, меттиган куцдашах меттиган латтам, бахьанин куцдашах бахьанин латтам, 1алашонан куцдашах 1алашонан латтам, даран суьртан куцдашах даран суьртан латтам). Куцдешнийн даржаш: 1)юьхьанцара, 2) дустаран, 3) т1ехдаларан. Куцдешнийн кхолладалар (ц1ердашах, билгалдашах, терахьдашах, ц1ерметдашах, куцдашах).Куцдешнийн нийсаяздар.Куцдош морфологически таллар.Куцдош карладаккхар. 2. Къамелехь куцдешнийн синонимех, антонимех пайдаэца хаар. Куцдешнашца предложенеш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а х1итто хаар. Чолхечу предложенехь юкъаметтигаллин куцдашах пайдаэца хаар. Г1уллакхан къамелан дакъош (7сахьт) Дешт1аьхье 1. Дешт1аьхье а, цуьнан тайпанаш а: 1) меттиган: класса чохь; 2) хенан: хьол хьалха, совт1аьхьа; 3) даран суьртан: куьйгаш т1ехь лелаво; 4) 1алашонан: халкъан дуьхьа, дайн-нанойн хьомара; 5) юкъаметтигаллин (хенан а, меттиган а): делкъехь дуьйна, корера дуьйна. Дешт1аьхьенийн нийсаязъяр. Дешт1аьхье лург дожаран яцйинчу а, юьззинчу а кепашца лела тарлуш хилар: 1) дитташ т1ехь (лург дожаран яцйинчу кепаца), 2) дитташна т1ехь (лург дожаран юьззинчу кепаца). 2. Барта къамелехь а, йозанехь а дешт1аьхьенех нийса пайдаэца хаар. Дешт1аьхье хьакъ долчу дожарца нийса ала хаар. Хуттургаш 1. Хуттург, цуьнан тайпанаш: 1) цхьаьнакхетаран: а-а,я, амма, ткъа, делахь а, бакъду, цхьабакъду, х1етте а, аьлча а (дозаран а, къасторан а, дуьхьалара а, довзийтаран а); карара; 1) бахьанин: х1унда аьлча; 2) бехкаман: нагахь, нагахь санна; 3) дустаран: санна; 4) кхеторан: аьлла, бохуш. 2. цхьанатайпанарчу меженашкахь а, чолхечу предложенехь а хуттургех, церан синонимех нийса пайдаэца хаар. Дакъалгаш 1. Дакъалгаш а, церан маь1на а. Дакъалгийн тайпанаш: 1) бакъдаран (х1аъ, те); 2) дацаран (х1ан-х1а, ца, ма, -ц, -за); 3) ч1аг1даран (-м, -х,-кх, -ма, -хьаха, -дера, -ур-атталла); 4) хаттаран ( те, техьа, теша,ткъа); 5) дозатохаран (бен, деккъа). 2. Тайп-тайпанчу дакъалгашца йолу предложенеш, церан маь1нийн башхаллашка хьаьжжина, нийса еша хаар. Айдардош (2 сахьт) 1. Айдардешан маь1на. Айдардешнийн тайпанаш: 1) синхаамийн (эх1,эхх1ай, эх1е-х1ай, 1алелай, ойн,маржа-я1); 2) хьадаран я кхайкхаран (же, но, хьайц, киш, тигри-тигри, тикаш-тикаш,х1ан, х1ах1анц); 3) азтардаран (гап, дап, дап-дип, гап-гип, т1ох-т1их, ж1ашт, д1овв, говв, б1овв). Айдардешнийн нийсаяздар. Айдардешнашца йолу предложенеш къастош, кхетош, нийса еша хаар. Карладаккхар (5сахьт) Талламан болх (5 сахьт) Дозуш долу къамел кхиор (5 сахьт) Текстах, цуьнан дакъойх, къамелан стилех, тайпанех лаьцна 1амийнарг карладаккхар. Къамелан публицистически (юкъараллин-политически) стилех юкъара кхетам балар. Адаман куц-кеп, бедар, къинхьегаман г1уллакхаш гойтуш йолу дийцаран текстийн юьззина а, яцйина а, хаьржина а изложенеш язъяр. Адаман куц-кеп, бедар, къинхьегаман г1уллакхаш гойтуш йолу сочиненеш язъяр (суьртийн а, бинчу тидамийн а г1оьнца). Масала: "Сан накъосташ" (я доттаг1чун) куц-кеп а, кечвалар а", "Г1уллакх говзанчех кхоьру", "Керла ц1а муха дира" и. д1. кх. а. Литературни турпалхочун г1иллакх-амал язъяр. Дешархошна дахарехь зеделлачун буха т1ехь къовсамечу кепара йолчу теманашна а, хьаналчу къинхьегаман маь1на долчу тайпанара а сочиненеш язъяр (ешначу книгех а, юкъараллин-пайдечу къинхьегамах а лаьцна). Масала: "Бакъволу доттаг1а мила лара мегар ду", "Диканаш иштта хуьлу" (я "Оьздачара иштта г1уллакх до"), "Тешамал сийлахь а, йохьал деза а, г1иллакх-оьздангаллел товш а х1ума дац", "Мехкан а, халкъан а сий лардар сийлахь ду", "Хьаналчу къинхьегамо адаман сий лакхадоккху", "Белхалочун говзалла а, цуьнан къинхьегаман сий а деза х1унда лору", "Нохчийчоьнан парг1атонехьа къийсинчу турпалхочун васт" и. д1. кх. а. Билгалйинчу сюжетан буха т1ехь а, бинчу тидамийн суьртийн г1оьнца а, дийцаран хьесапехь сочинени язъяр. Масала, кху кепара теманашна: "Юьртбахаман балхахь дешархой", "Хаза экскурси", "Отличник хьанах ала мегар ду", "Сан дахарехь диц ца луш хилларг", "Халкъа юкъахь доттаг1алла сийлахь х1унда лору", и. д1. кх. а. Патриотически а, интернациональни а чулацам болу сочиненеш язъяр. 8-г1а класс (70 сахьт) Нохчийн мотт халкъийн вежараллин меттанех цхьаъ бу (1 сахьт). Карладаккхар (1 сахьт) Дешан чаккхенга н яздар. 3. Орфографи, цуьнан дакъош. (1сахьт) Дешнийн цхьаьнакхетар а, предложени а (4 сахьт) 1. Дешнийн цхьаьнакхетар. Дешнийн цхьанакхетаран д1ах1оттам а, маь1на а. Дешнийн цхьаьнакхетарний, предложениний юккъера башхо. Коьрта а, дозуш долу а дешнаш. Предложени, цуьнан тайпанаш. Логически (маь1нин) тохар . Предложенехь дешнийн уьйр. Цхьаьнакхетаран а, карара а уьйраш. Бартбар, урхалла, т1етовжар . 2. Дешнийн цхьанакхетар а, предложени а нийса х1отто хаар. Предложенин коьрта меженаш (5 сахьт) 1. Подлежащи, сказуеми, нийса кхачам. Грамматически а, маь1нин а подлежащеш. Коьрта меженаш юкъаялоре хьаьжжина цхьалхечу предложенин кепаш кхоллаялар (шинах1оттаман а, кхаах1оттаман а, цхьанах1оттаман а). Подлежащин хилар. Хандешан цхьалхе сказуеми. Ц1еран х1оттаман сказуеми. Подлежащиний, сказуеминий юккъехь тире. Хандешан х1оттаман сказуеми. Ийна х1оттаман сказуеми. 2. Сказуемин синонимех пайдаэца хаар. Коьрта меженаш юкъаялоре хьаьжжина, цхьалхечу предложенин кепаш кхоллаялар (шинах1оттаман а, цхьанах1оттаман а). Предложенин коьртаза меженаш (16 сахьт) 1. Кхачамаш, церан хилар. Къастамаш, церан хилар. Юххедиллар, цуьнгахь сацаран хьаьркаш. Латтамаш (хенан, меттиган, бахьанин, 1алашонан, даран суьртан, бараман, бехкаман, дуьхьалара), церан хилар. Латтамех 1амийнарг карладаккхар. Кхачам. Лач кхачам. Къастам (берта а,бертаза а). Юххедиллар. Латтамаш. Даран суьртан латтам. Бараман латтам. Хенан латтам. Бахьанин латтам. 1алашонан латтам. Бехкаман а,дуьхьалара а латтамаш. Латтамах 1амийнарг т1еч1аг1дар. Цхьалхечу предложенийн кепаш (7 сахьт) Цхьанах1оттаман а, шинах1оттаман а,кхаах1оттаман а предложенеш. Юьхьан а,билгала-юьхьан а предложенеш. Билгалза-юьхьан предложенеш. Юкъара-юьхьан предложенеш. Юьхьаза предложенеш. Ц1еран предложенеш. Юьззина а,юьззина йоцу а предложенеш. Предложенин цхьанатайпанара меженаш (5 сахьт) 1. Предложенин цхьанатайпанарчу меженах лаьцна юкъара кхетам. Предложенин цхьанатайпанарчу меженашкахь дозаран а, къасторан а, дуьхьалара а, довзийтаран а хуттургаш: а-а, амма, ткъа, делахь а, бакъду, цхьабакъду, х1етте а, аьлча а. Цхьанатайпанара а,цхьанатайпанара боцу а къастамаш. Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш, юкъарчу дешнашца йолчу предложенешкахь сацаран хьаьркаш х1иттор. Цхьанатайпанарчу а,цхьанатайпанара боцчу а къастамашкахь сацаран хьаьркаш. Предложеница грамматически уьйр йоцу дешнаш (6 сахьт) 1.Т1едерзар, даьржина т1едерзар. Т1едерзар а, подлежащи а вовшашца дустар, башхалла къастор. Уьш муьлхачу къамелан дакъойх хуьлу довзийтар. Т1едерзарехь сацаран хьаьркаш. Юкъадало дешнаш, уьш шина а аг1ор запятойшца къастор. Юкъаяло предложенеш а, сацаран хьаьркаш х1иттор а. Х1аъ, х1ан-х1а боху дешнаш-предложенеш, цаьргахь сацаран хьаьркаш. Айдардешнаш-предложенеш, царгахь сацаран хьаьркаш. Предложенин шакъаьстина меженаш(4 сахьт) Предложенин шакъаьстинчу меженах лаьцна юкъара кхетам. Шакъаьстина латтамаш. Шакъаьстина юххедиллар. Хенан а, меттиган а латтамийн дурсаш. Ма-дарра къамел – (6 сахьт) 1амийнарг карладаккхар (4сахьт) Талламан болх (6сахьт) Дозуш долу къамел кхиор (4 сахьт) Текстах, къамелан стилех, тайпанех лаьцна болу хаамаш гулбар, юкъара маь1на дар. Къамелан публицистически а, исбаьхьаллин а стилех лаьцна кхетам к1аргбар. Меттигах, архитектуран, историн, культуран памятникех лаьцна дийцар юкъа а далош, публицистически сочинени язъяр. Г1иллакх- амалийн, оьздангаллин теманашна (масала: берийн доттаг1аллех, къинхьегамах, винчу махках лаьцна) изложенеш язъяр. Цара доккха г1о дийр ду иманехь а, патриотически а, интернациональни а, хьанал къинхьегам безаш а йолчу ойланца бераш кхио. Публицистически кепара сочинени язъяр. Белхалочун говзалле а, юьртбахама къинхьегамхойн атта боцчу беркатечу балхе а дешархойн безам кхио таро лучу тематиках пайдаэца беза къамел кхиоран балха т1ехь. Адамийн тоьллачу амалех, оьздангаллех лаьцна а 1амочу литературни произведенин кхетош-кхиоран а, исбаьхьаллин а маь1нех лаьцна а сочинени язъяр (масала: "Дика к1ант иштта хуьлу", "Доттаг1алла сийлахь-боккха ницкъ бу", "Сан хьалхара толам", "Хьанал къинхьегам адаман шолг1а нана ю"). Дийцаран кепара патриотически, интернациональни, исламан чулацам болу сочиненеш язъяр (масала: "Уьш лийтира Даймахкехьа", "Оьздачу нехан сийлахь г1уллакхаш" и.д1.кх.а). Литературни турпалхойн дустаран характеристика (г1иллакх-амал). 9-г1а класс (70 сахьт) 8-чу классехь 1амийнарг карладаккхар. (5 сахьт). Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш. Цхьалхечу предложенийн кепаш. Цхьанатайпара меженаш.Дешархошка шайга болх байтар. |