чеченский язык РП. 3. Чеченский язык. (1). Рабочая программа учебного предмета 1 Чеченский язык
Скачать 45.9 Kb.
|
Чолхечу предложенех юкъара кхетам. (1 сахьт) Чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш (3 сахьт). 1. Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложених лаьцна юкъара кхетам. Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкахь дозаран а, къасторан а, дуьхьалара а хуттургаш: а-а, амма, ткъа, делахь а, бакъду цхьабакъду х1етте а; чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкахь сацаран хьаьркаш х1иттор. 2. Чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш х1итто а, нийса еша а, цаьргахь цхьаьнакхетаран хуттургех пайдаэца хаар. Чолхе-карара предложенеш ( 24 сахьт) Чолхе-карарчу предложених, цуьнан билгалонех лаьцна кхетам балар. Коьрта а, т1етуху а предложенеш. Чолхе-карарчу предложенехь коьртачу а, т1етухучу а предложенийн уьйран г1ирс: карара хуттургаш, хуттурган дешнаш. Карара хуттургаш: х1унда аьлча, нагахь, нагахь санна, бохуш, аьлла. Кхеторан хуттургийн маь1наш къестор, довзийтар. Хуттурган дешнаш: 1) юкъаметтигаллин куцдешнаш: маца, мацале, маццалц, х1унда, муха, мича, мичара, мосазза и.д1.кх.а. Чолхе-карарчу предложенешкахь сацаран хьаьркаш. Т1етухучу предложенин грамматически билгалонаш. Чолхе карарчу предложенех лаьцна юкъара кхетам. Чолхе карачу предложенехь т1етухучун меттиг . Т1етухучу предложенийн кепаш . Кхачаман т1етуху предложенеш. Къастаман т1етуху предложенеш . Хенан т1етуху предложенеш. Даран суьртан т1етуху предложенеш. Бахьанин т1етуху предложенеш .1алашонан т1етуху предложенеш. Бехкаман т1етуху предложенеш . 2. Чолхе-карара предложенеш х1итто а, цаьргахь карарчу хуттургех, хуттурган дешнех пайдаэца а хаар. Хуттургаш йоцу предложенеш (6 сахьт) 1. Хуттургаш йоцчу чолхечу предложених кхетам балар. Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь запятой а, запятойца т1адам а.Церан дакъойн маь1нин юкъаметтигаш къасто хаар: ца хилча ца торуш йолу ч1ог1а уьйр хилар, вовшашца к1езиг уьйр хилар, ша-ша къастийча, кхачаме долуш маь1на хилар. Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь шит1адам х1оттор. Цуьнан дакъойн вовшашца йолу уьйр а, маь1наш а къасто хаар. Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенехь тире йиллар. Цуьнан дакъойн вовшашца йолу юкъаметтиг а, маь1наш а къасто хаар. 2.Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенийн дакъойн тайп-тайпана маь1нийн юкъаметтигаш эшарца къасто а, уьш нийсаязъян а хаар. Маттах лаьцна юкъара хаамаш (6 сахьт) Юкъараллин дахарехь меттан маь1на а, цуьнан коьрта билгалонаш а. Меттан 1илманан дакъош а, цуьнан маь1на а. Нохчийн литературни мотт а, диалекташ а. Литературни меттан стилаш. Литературни меттан норманаш. Литературни меттан норманаш нийса ларъян хаар. 1амийнарг карладаккхар (6 сахьт) 1. Лексикех, фонетикех, грамматикех, нийсаяздарх лаьцна 1амийнарг шардар. 2. Чолхе-цхьаьнакхетта а, чолхе-карара а предложенеш. Талламан болх (5 сахьт) Тест (3 сахьт) Дозуш долу къамел кхиор (5 сахьт) Текстах, теманах, цуьнан коьртачу ойланех лаьцна болу хаамаш бовзар; текстан дакъойн вовшашца йолу уьйр йовзар; дийцарх, къамелан стилех лаьцна болу хаамаш к1аргбар. Юкъараллин-политически а, г1иллакх-амалийн а, историко-литературни а теманашна публицистически кепара сочиненеш язъяр, иштта изложенеш язъяр. ПКЭ-н кечам бар (6 сахьт) 3. Дешаран темин хьесап 5 класс (70 сахьт)
6-г1а класс (70 сахьт)
7-г1а класс (70 сахьт)
8-г1а класс (70 сахьт)
9-г1а класс (70 сахьт)
1 Данная рабочая программа является базовой для учителя-предметника. Количество часов в тематическом планировании в каждом классе корректируется в соответствии с учебным планом ООП ООО. |