чеченский язык РП. 3. Чеченский язык. (1). Рабочая программа учебного предмета 1 Чеченский язык
Скачать 45.9 Kb.
|
Рабочая программа учебного предмета1 «Чеченский язык» Планируемые результаты освоения учебного предмета «Чеченский язык» 1. Планируемые результаты освоения курса Чеченский язык на уровне основного общего образования предполагают, что у учащегося сформированы: совершенствование видов речевой деятельности (аудирования, чтения, говорения и письма), обеспечивающих эффективное взаимодействие с окружающими людьми в ситуациях формального и неформального межличностного и межкультурного общения; понимание определяющей роли языка в развитии интеллектуальных и творческих способностей личности в процессе образования и самообразования; использование коммуникативно-эстетических возможностей родного языка; расширение и систематизацию научных знаний о родном языке; осознание взаимосвязи его уровней и единиц; освоение базовых понятий лингвистики, основных единиц и грамматических категорий родного языка; формирование навыков проведения различных видов анализа слова (фонетического, морфемного, словообразовательного, лексического, морфологического), синтаксического анализа словосочетания и предложения, а также многоаспектного анализа текста; обогащение активного и потенциального словарного запаса, расширение объема используемых в речи грамматических средств для свободного выражения мыслей и чувств на родном языке адекватно ситуации и стилю общения; овладение основными стилистическими ресурсами лексики и фразеологии родного языка, основными нормами родного языка (орфоэпическими, лексическими, грамматическими, орфографическими, пунктуационными), нормами речевого этикета; приобретение опыта их использования в речевой практике при создании устных и письменных высказываний; стремление к речевому самосовершенствованию; формирование ответственности за языковую культуру как общечеловеческую ценность. Дешаран предмет Iаморан жамIаш: Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхиначу дешархочуьнгахь нохчийн маттехула хила деза личностни жамIаш: -нохчийн къоман культуран коьрта мехаллех санна, нохчийн маттах кхетам хилар, дешар тIехь а, кхетаман, кхоллараллин хьуьнарш, дешархочун гIиллакх-оьздангаллица йоьзна амалш кхиорехь цо дIалоцучу меттигах кхеташ хилар; -нохчийн мотт эстетически мехалла санна тIеэцар; цунах дозалла дар, цуьнан ларам бар; къоман культуран хилам и хиларе терра, нохчийн меттан башхалла а, цIаналла а ларъян езар; мотт бийцар шардаре а, говза, шера бийцаре а кхачар; - къамел дечу хенахь шен ойланаш а, синхаамаш а паргIат бовзийта а, дешнийн барам а, караберзийна грамматически гIирсаш тоъъал хилар; ша дечу къамелана тидамбеш, ша-шена мах хадо хааран хьуьнар хилар; - нохчийн мотт уьйран а, юкъаметиггалин гIирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхетар; нохчийн мотт дешаран, къинхьегаман, говзаллин гIуллакхдарехь а, ша вовзийтарехь а, юкъараллехь ша дIалоцу йолу меттиг билгалъярехь а оьшуш хиларх кхеташ хилар; -вовшашца а, кхечу къаьмнийн векалшца а юкъаметтигаш дIакхехьарехь нохчийн маттах пайда эца кийча хилар; къаьмнийн культурийн юкъаметтигаш дIакхехьарехь къинхетаме а, машаре а хилар; - шен къоман а, РФ-цехь дехачу къаьмнийн а, дуьненаюкъара культура а йовзарехь нохчийн мотт мехала гIирс хиларх кхеташ хилар. Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхиначу дешархочо нохчийн маттехула карадерзо деза метапредметни жамIаш: 1) къамелдаран массо а тайпа карадирзина хилар: - барта а, йозанан а хаам цхьанатайпана тIеэца безаш хиларх кхетар; -ешаран тайп-тайпана кепаш карайирзина хила езар; -тайп-тайпанчу хьостанашкара хаамаш схьалаха хааран хьуьнар хилар, ШХГI а, дешарна лерина компакт-дискаш, Интернетан гIирсаш юкъа а лоцуш; -билггалчу темина коьчал схьалаха а, цхьана кепе яло а хаар карадерзор; шенна хаам схьалаха а, иза къасто а, цунна анализ ян а хаар; хаамийн технологи а, технически гIирсаш юкъа а лоцуш, йоьшуш я ладугIуш бевзина хаам хийца а, ларбан а, дIабовзийта а хаар; -хиндолучу дешаран декъан гIуллакхийн (цхьаммо ша а, вукхаьрца цхьаьна а) Iалашо билгалъян а, хьалха-тIаьхьа дийриг билгалдан а, барта а, йозанан а кепехь цхьанатайпанара жамIийн мах хадо хааран хьуьнар хилар; -паргIатчу кепехь барта а, йозанехь а нийса шен ойланаш йовзийта хьуьнар хилар; -шен нийсархошна хьалха доклад ян я цхьа хаамбан хаар; 2) карадирзиначу хаарех, шардарех, карадерзорех дахарехь пайда эцар; - билгалбиначу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар; - оьрсийн мотт Iаморехь нохчийн маттах пайда эца хаар; - меттан башхаллех пайда эца хааар ( нохчийн меттан, оьрсийн меттан, кхечу пачхьалкхийн меттанийн, литературан урокашкахь). 3) - тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар; Юкъарадешаран юккъера школа чекхъяьккхиначу дешархочун нохчийн мотт караберзоран предметни жамIаш ду: 1) нохчийн мотт нохчийн къоман, Нохчийн республикин пачхьалкхан мотт, юкъаметтигаш дIакхехьаран гIирс санна бовзийтар; меттан а халкъан уьйр хила езар а; адаман дахарехь а, юкъараллехь матто дIалоцу меттиг йовзийтар; 2) личностан кхетаман а, кхоллараллин а хьуьнарш кхиорехь, йоза-дешар карадерзорехь, ша-шен дешар лакхадаккхарехь матто дIалоцучу меттигах кхетар; 3) массо а тайпана къамелдаран кепаш карайирзина хилар: ладогIар а, ешар а -барта а, йозанан а кепара хаамах цхьатера кхетар (Iалашонех, текстан теманех, коьртачу а, тIебузучу а хаамех); - тайп-тайпанчу жанрийн, хотIан тексташ ешаран тайп-тайпана кепаш карайирзина хилар (хьажаран, йовзаран, Iаморан); -книгаца а, роггIана арахоьцучу тептаршца а болх баран кепаш а евзаш хилар, ешна текст (план, тезисаш) хаамийн кепара хийца хаар карадерзор; -паргIат электронни а, справочни а литературех а, тайп-тайпанчу словарех а пайда эца хааран хьуьнар хилар; -тайп-тайпанчу жанрийн, хотIан тексташ ладогIарца цхьанатайпана тIеэцар; ладогIаран массо а кеп карайирзина хилар (текстан коьртачу чулацамах кхеташ, хаамаш схьахаьржина белахь а); -къамелан аларш дуста хаар церан чулацамца а, меттан гIирсех пайда эцарца а, матто кхочушдечу гIаллакхийн тайп-тайпаналлица а. къамелдар а, йоза а: -билгалбиначу яцъяран барамехь барта а, йозанан кепехь а ешна я ладоьгIна текст юхаметтахIотто хаар (юхасхьайийцар, план, тезисаш); -текст кхолларан норманаш а ларъеш (кхеташ а, хьалха-тIаьхьа йогIуш а, йозаелла а, темица йогIуш а хилар) паргIат барта а, йозанан а кепехь шен ойланаш йовзийта хьуьнар хилар; хезначуьнга, гиначуьнга, ешначуьнга, хьайна гонаха долучу бакъдолучуьнга а, хиламашка болу хьежам цхьанатайпана хилийтар; -дагалаьцнарг а, тIекаре яран хьал а тидаме а оьцуш, тайп-тайпанчу кепийн, хотIан барта а, йозанан а тексташ кхолла хаар; -хьалха лаьттачу коммуникативни декхаршца йогIуш, кхетамца меттан гIирсаш харжарца тайп-тайпанчу жанрийн тексташ (дийцар, хетарг (отзыв), кехат (письмо), расписка, тоьшалла (доверенность), заявлени) кхолла хаар; -цхьаммо дечу (монологан), шиммо дечу (диалоган) къамелан тайп-тайпана кепаш карайирзина хилар; шен нийсархошна хьалха боццачу хаамца я доклад ярца къамел дар; -тIекаре ечу хенахь нохчийн литературан меттан коьрта орфоэпически, лексически, грамматически норманаш ларъяр; гIиллакхехь лексикех а, фразеологих а пайда эцар; йозанехь коьрта нийсаяздаран (орфографин) а, пунктуацин а бакъонаш ларъяр; -къамелан оьздангалла а ларъеш, тIекаре ярехь дакъалаца хьуьнар хилар; -шен къамелана ша-шена терго яр; хьалха хIоттийначу Iалашоне кхачар а, меттан исбаьхьаллин гIирсех пайда эцар а, цуьнан чулацам а тидаме а оьцуш, шен къамелан мах хадон хьуьнар хилар; грамматически а, къамелан а гIалаташ, кхачамбацарш карон а, уьш нисдан а хаар; шен тексташ кхачаме ялон а, редактировать ян а хаар; 5-г1а класс чекхйолуш дешархойн хила деза х1ара хаарш: Берашна хаа деза дешнаш фонетически а, дешан х1оттам къастош морфологически а, шиъ коьрта меже йолу предложенеш синтаксически талла. 1амийнчу кепара йолу цхьалхе а, чолхе а предложенеш х1итто хаар. 1амийнчу материалца йог1уш йолу орфограммаш каро а, дешнийн нийсаяздар талла а хаар. – нохчийн мотт уьйран а, юкъаметиггалин гIирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхетар; – нохчийн мотт дешаран, къинхьегаман, говзаллин гIуллакхдарехь а, ша вовзийтарехь а, юкъараллехь ша дIалоцу йолу меттиг билгалъярехь а оьшуш хиларх кхеташ хилар; – вовшашца а, кхечу къаьмнийн векалшца а юкъаметтигаш дIакхехьарехь нохчийн маттах пайда эца кийча хилар; – къаьмнийн культурийн юкъаметтигаш дIакхехьарехь къинхетаме а, машаре а хилар; – шен къоман а, РФ-цехь дехачу къаьмнийн а, дуьненаюкъара культура а йовзарехь нохчийн мотт мехала гIирс хиларх кхеташ хилар. – барта а, йозанан а хаамех цхьатера кхеташ хилар (Iалашонех, теманех, коьртачу а, тIебузучу а хаамех); – тайп-тайпанчу хотIийн (стилан), жанрийн тексташ массо кепара ешар карадерзор; – билгалбинчу барамехь яцйина (план, юхасхьайийцар, изложени, конспект) ладоьгIна я дIаешна текст юха схьайийца хаар; – тайп-тайпана юкъараллин хьелаш тидаме а оьцуш, къамелдарехь а, дийцаре даршкахь, дискуссешкахь дакъа лаца а, барта а, йозанан а аларш кхолла а хаар. 6-г1а класс чекхйолуш дешархойн хила деза х1ара хаарш: Дукха маь1наш долчу дешнийн маь1наш довзийта а, уьш къамелехь нийса лело а хаар. Дешан маь1на къасто хаар. 6-чу классехь 1амийна къамелан дакъош, церан грамматически билгалонаш йовзар а, къесто хаар а. 1-6-чу классашкахь 1амийнчу меттан материалца йог1уш орфограммаш каро а, цаьрца дешнаш нийсаяздан а, къесто а хаар. Юьззина нийса ойланаш билгалъяхархьама, къамелехь ц1ердешнех, билгалдешнех, куцдешнех, церан синонимаш, антонимаш, омонимаш юкъа а ялош, пайдаэца хаар. 1амийнчу бакъонийн пунктограммаш предложенешкахь каро а, йовзийта а хаар. Чолхе план х1оттор. Г1ишлош чоьхьара а, 1аламан а сурт гойтуш, дийцаран кепара йолу юьззина а, йоца а, хаьржина а йолу сочиненина оьшуш йолу материал гулъяр, цхьана кепе ялор. Г1ишлош, 1аламан суртх1отторан а буха т1ехь дийцар кхоллар. Шен текст а, чулацам а, меттан говзалла а шаръеш, тоеш кхочушъяр (1амийнчу материалца йог1уш). Ша хаьржинчу темина сочинени язъяр. 7-г1а класс чекхйолуш дешархойн х1ара хаарш хила деза: 7-чу классехь 1амийна коьрта а, г1уллакхан а къамелан дакъош довзар, нийсакъесто хаар. Причастин, деепричастин карчамашца йолу а, 1амийнчу хуттургашца цхьанатайпанара йолу а, йоцу а предложенин меженаш а, чолхе предложенеш а синтаксически таллар. Причастин, деепричастин карчамашца предложенеш х1иттор. 1-7 чу классашкахь 1амийнчу материалца йог1уш йолу орфограммаш карор, дешнийн нийсаяздаран некъаш, бахьанаш билгалдаха хаар. Причастин, деепричастин карчамаш запятойшца къастор. Адаман куц-кеп, бедар (кечвалар), къинхьегаман г1уллакхаш дуьйцуш долу дийцарш яздар, билгалйинчу сюжетана дийцарш яздар; дешархоша шайн дахарехь зеделлачун а, шаьш кхочушбинчу юкъараллин-пайдечу белхан а г1оьнца сочинени язъяр. 8-г1а класс чекхйолуш дешархойн хила деза х1ара хаарш: Дешнийн цхьаьнакхетарш, цхьалхе цхьанах1оттаман, шинах1оттаман предложенеш синтаксически таллар. Тайп-тайпанчу грамматически талларех пайдаэца хаар. Шинах1оттаман а, цхьанах1оттаман а цхьалхе предложенеш х1иттор, цхьанатайпанарчу а, шакъаьстинчу а меженашций, юкъадалочу дешнашций, предложенешций, т1едерзаршций чолхеяьхна цхьалхе предложенеш х1иттор. Къамелан чулацамца а, стилаца а йог1уш йолчу синтаксически синонимех пайдаэцар. Литературни меттан норманаш ларъяр. 7-чу классехь 1амийна пунктограммаш карор, йозанехь сацаран хьаьркаш х1иттор къастоа, довзийта а хаар. Цхьанатайпанарчуй, шакъаьстинчуй меженашций, юкъадалочу дешнашций, предложенешций, т1едерзаршций, айдардешнашций йолчу предложенешкахь сацаран хьаьркаш х1итор. Грамматикан хаттарийн талламан болх кхочушбан хаар. Х1оттам боцчохь подлежащиний, сказуеминий юккъе тире йиллар. 5-8-чу классашкахь 1амийна орфограммаш, пунктограммаш юкъайог1у предложенеш, дешнаш нийсаяздан а, довзийта а хаар. Орфограммаш талла ца лучу дешнийн нийсаяздар. Текстан стиль къасто хаар. Меттиган а, памятникийн а сурт гойтуш йолу изложени язъян хаар. Сочинени язъян хаар (масала: литературни турпалхойн г1иллакх-амал дустаран маь1нехь гайтар, меттиган, памятникан сурт гойтуш язъян хаар). 9-г1а класс чекхйолуш дешархойн х1ара хаарш хила деза: Чолхе предложенеш талла хаар. Тайп-тайпанчу кепара чолхе предложенеш х1итто а, къамелан чулацаме а, стиле а хьаьжжина, синтаксически синонимех пайдаэца а хаар. Текстан стиль а, тайпа а къасто хаар. Литературни меттан норманаш ларъян хаар. 8-9-чу классашкахь 1амийна пунктограммаш каро а, йозанехь сацаран хьаьркаш х1иттор къасто а, талла а, довзийта а хаар. Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенин дакъошна а, коьртачуй, т1етухучуй предложенешна а юккъе запятой йилла а, хуттургаш йоцчу а, тайп-тайпанчу юкъаметтигийн а, маь1нийн а дакъойн лаьттачу чолхечу предложенешкахь а, ма-даррачу къамелехь а, диалогехь а, цитаташкахь а сацаран хьаьркаш х1итто хаар. 5-8-чу классашкахь 1амийнчу орфограммашца долу дешнаш нийса яздан а, уьш яздаран бакъонаш йовзийта а хаар. Историко-литературни тема йолу доклад кечъян а, ян а хаар. Йоккха йоцчу литературно-критически статьян тезисаш я конспект х1отто хаар. Публицистически кепара сочинени язъяр. Изложенин чулацам а, меттан говзалла а шаръеш, тоеш, нисъеш кхочушъян а, орфографически, пунктуационни, грамматически, стилистически г1алаташ каро а, нисдан а хаар. 2. БЕЛХАН ПРОГРАММИН ЧУЛАЦАМ 5 класс (70 сахьт) Мотт адамийн уьйран уггаре а мехала г1ирс.(1сахьт) КАРЛАДАККХАР (3 сахьт) Шала мукъаза элпаш. Къамелан дакъош. Ц1ердешан терахь, класс, дожарш, легар. Юкъара а, долара а ц1ердешнаш. Билгалдош, дожарш, легарш. СИНТАКСИС А, ПУНКТУАЦИ А (22 сахьт) Синтаксисах кхетам балар. Дешнийн цхьаьнакхетарш. Дешнийн цхьаьнакхетарш т1еч1аг1дар. Предложени. Предложенийн тайпанаш. Дийцаран предложенеш. Хаттаран предложени а, айдаран предложенеш а. Предложенин чаккхенгахь сацаран хьаьркаш. Предложенин коьрта меженаш: подлежащи, сказуеми, нийса кхачам. Предложенин коьртаза меженаш: кхачам, къастам, латтам. Яржаза а, яьржина а предложенеш. Цхьанатайпанарчу меженех лаьцна кхетам балар. Предложенин цхьанатайпанара меженаш ( а, амма, ткъа, бохучу хуттургашца а, хуттургаш йоцуш а). Цхьанатайпанарчу меженашкахь сацаран хьаьркаш х1иттор. Цхьанатайпанарчу меженашна хьалха юкъара дешнаш. Юкъарчу дашна т1ехьа шит1адам биллар. Т1едерзар, т1едерзарехь сацаран хьаьркаш х1иттор. Хуттургашца йолу чолхе предложенеш (шайгахь подлежащи а, сказуеми а долуш, цхьалхечарах лаьттарш). Чолхечу предложенехь йолчу цхьалхечу предложенешна юккъехьа хуттургана а, амма, ткъа бохучу хуттургашна хьалха а запятой йиллар. Авторан дешнел т1аьхьа а, царна хьалха а ма-дарра къамел. Ма-даррачу къамелехь сацаран хьаьркаш. Диалог. Диалоган репликашна хьалха йозанехь тире. 2. Шайн интонацига (эшаре) хьаьжжина, дийцаран а, хаттаран а, айдаран а предложенеш нийса еша хаар. Предложенин коьрта меженаш. Подлежащи. Сказуеми.Предложенин коьрта меженаш т1еч1агъяр. Предложенин коьртаза меженаш. Кхачам. Кхачам т1еч1аг1бар. Къастам. Къастам т1еч1аг1бар. Латтам. Коьртаза меженаш т1еч1аг1ъяр. Яржазий, яьржиний предложенеш . Предложенийн цхьанатайпанара меженаш. Цхьанатайпанарчу меженашкахь юкъара дешнаш. Цхьанатайпанарчу меженашкахь хуттургаш. Предложенин цхьана тайпа-нара меженаш т1еч1аг1ъяр. Т1едерзар. Т1едерзарехь сацаран хьаьркаш. Цхьалхе а, чолхе а предложенеш. Чолхечу предложенешкахь хуттургаш. 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар. Ма-дарра къамел . ФОНЕТИКА, ГРАФИКА, ОРФОГРАФИ (8 сахьт) 1. Йозанехь къамелан аьзнаш билгалдахар, нохчийн алфавит. Къамелан аьзнаш: мукъанаш, мукъазнаш. Нохчийн меттан шатайпанара аьзнаш билгалдеш долу элпаш, церан нийсаяздар (г1, кх, къ, п1, т1, ц1, ч1, хь, х1, аь, оь, уь, юь, я). Я, яь, ю, е, е элпийн маь1на а, церан яздар а. Й элпан нийсаяздар. Деха а, доца а мукъа аьзнаш (а, у, и), церан нийсаяздар. 2.Орфографически а, нохчийн-оьрсийн а, оьрсийн-нохчийн а словарах пайдаэца хаар. ЛЕКСИКОЛОГИ (12 сахьт) 1. Лексиках юьхьанцара кхетам. Дешан лексически маь1на.Цхьана маь1нин а, дуккха а маь1нийн а дешнаш. Омонимаш (юкъара кхетам). Дешнийн нийса а, т1едеана а маь1наш а. Синонимаш. Антонимаш. Оьрсийн маттера нохчийн матте т1еэцна дешнаш. Меттан дешнех лаьцна юкъара кхетам. Ширделла дешнаш (довзийтар). Фразеологизмех лаьцна кхетам балар. 2. Дешнаш, шайн маь1нашка хьаьжжина, нийса харжа а, ала а хаар. Орфографически а, гочдаран а словарех, фразеологически карчамех пайдаэца хаар. МОРФОЛОГИ Дошкхолладалар а, орфографи а 1. Дошкхолладаларх, орфографих кхетам балар. Дешнийн хийцадалар а, кхолладаларан некъаш а. Дешан чаккхе а, лард а.Гергара а, схьадовлаза а, схьадевлла а дешнаш. Орам, дешхьалхе, суффикс. Формакхолларан а, дошкхолларан а суффиксаш. 2. Х1оттаме хьаьжжина, дош талла хаар (дешан лард, орам, дешхьалхе, суффикс, чаккхе). Тайп-тайпана дешнаш кхолла хаар, дошкхолладаларан тайп-тайпанчу кепех пайдаэца хаар (дешхьалхенан а, суффиксан а г1оьнций, чолхечу дешнашкахь лардаш цхьанатохарций). Чолхе-дацдина дешнаш нийса ала хаар. Къамелан дакъойх лаьцна юкъара кхетам балар. Ц1ЕРДОШ (16 сахьт) 1. Ц1ердош а, цуьнан юкъара маь1на а, морфологически билгалонаш а. Ц1ердешан синтаксически г1уллакх. Предложенехь цунах подлежащи,кхачам, латтам, т1едерзар хилар. Адамех а, кхечу х1уманех а лаьцна долу ц1ердешнаш, церан хаттарш: мила? муьлш? х1ун? Юкъара а, долахь а ц1ердешнаш. Географически ц1ершкахь урамийн, майданийн, исторически хиламийн, дезачу денойн ц1ершкахь доккха элп яздар. Книгийн, газетийн, журналийн, кинофильмийн, спектаклийн, литературни, музыкальни произведенийн ц1ершкахь доккха элп яздар, кавычкаш х1иттор.Ц1ердешан терахь. Дукхаллин терахьан чаккхенаш: ш, аш, наш, маш, ош, еш, арш, й, ий, рчий. Ц1ердешнийн грамматически классаш, цаьрца уьйр йолчу дешнашкахь церан классан гайтанаш (1 кл. ву-бу; 2 кл. ю-бу; 3 кл. ю-ю; 4 кл. ду-ду; 5 кл.бу-бу; 6 кл. бу-ду). Цу классех лаьцна бакъонца кхетам балар. Юкъара класс йовзийтар (лор ву, лор ю). Ц1ердешнийн дожарш а, дожаршца хийцадалар а (легар). Ц1ердешнийн дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр а. Ц1ердешнийн кхолладаларан некъаш: 1) дешхьалхенца, 2) суффиксаца, 3) дешхьалхенан а, суффиксан а г1оьнца, 4) дешнийн лардаш цхьаьнакхетарца. Цхьана дешдекъах лаьттачу ц1ердешнийн ораман мукъа аьзнаш хийцадалар а, церан алар а, нийсаяздар а(легарехь а, терахьехь а). Дацаран дакъалг ца ц1ердашца нийсаяздар. Ц1ердешнийн суффиксаш ( формакхолларан а, дошкхолларан а). Ц1ердош морфологически таллар. Ц1ердош карладаккхар. 2. Къамелехь ц1ердешнех-синонимех, омонимех, антонимех пайдаэца хаар, уьш маь1нашка хьаьжжина нийса харжа а, ала а хаар (шовда, хьоста, говр, дин, гила; де-буьйса, 1уьйре-суьйре; ча(ю), ча(ду); мохь (ю), мохь (бу).Ц1ердешан доланиг дожаран чаккхенгахь долу мукъа аз манкха (мерах) нийса ала 1амор. |