Главная страница

Русский язык. 5кл.язык книга. 5чу классехь нохчийн мотт хьехаран методически куьйгалла хьехархошна г!оьнна СоьлжаГ1ала ао ипк Грозненский рабочий


Скачать 237.44 Kb.
Название5чу классехь нохчийн мотт хьехаран методически куьйгалла хьехархошна г!оьнна СоьлжаГ1ала ао ипк Грозненский рабочий
АнкорРусский язык
Дата10.04.2022
Размер237.44 Kb.
Формат файлаdocx
Имя файла5кл.язык книга.docx
ТипДокументы
#459289
страница10 из 10
1   2   3   4   5   6   7   8   9   10

Урокан чулацам: Предложении коьрта а, коьртаза а меженаш. Урокан тайна: хаарех пайдаэцар.

Урокан 1алашо:

  1. предложении коьрта а, коьртаза а меженаш къасто хаар;

  2. синтаксисах долу хаарш шардар, ч1аг1дар;

  3. г1иллакх-оьздангаллица кхетош-кхиор.

Урок д1аяхьар

I. Дешархойн ойла т1еерзор.

Чекхъяха предложенеш:

Айдамиров Абузар ...


118


J





Эсамбаев Махьмуд ...

Вайн республикехь арахоьцуш ду газеташ ..., журналаш ... «Млечный путь» вайн маттахь ...

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. Щердешнаш долахь а, юкъара а хилар, церан башхаллаш. Ц1сра болх тобанашкахь таллар.

  2. Предложенеш, шайн чулацаме хьаьжжина, хила тарло: ... (Бера- ша масалш даладо.)

  3. Дешархошна карточкаш доькъу, х1ораммо шен предложенина таллам бо. Масала:

Б1аъсте хазйо зезагаша, ткъа гуьйре - стоъмаша.

  1. Дуьйцу шайн-шайн предложенех лаьцна.

  1. Керланиг довзар.

  1. Сада1аран минот.

  2. Пуллакхан ловзар. Дар гуш ду, ткъа ша х1ума мичахь ю?

Къега, лепа, дохдо ... (малх)

Уьду, кхийсало, лета ... (ж1аьла)

Дека, з1ок етта, т1омалела ... (хьоза)

Мажло, марг1алдулу, дужу ... (г1а)

  1. Коьрта меженаш къастайо. Лард билгалйоккху. Цхьанатайпана меженаш карлайоху.

  1. Т1еч1аг1дар.

1. Интерактивни уьн т1ехь ялийна текст ю.

Сацаран хьаьркаш дохкуш, г1алаташ нисдеш, схьаязъе:

  1. Дуьне хаз...о малхо стаг хаз...о хъекъало. 2. Хазчу даию 1...ргара лаъхьа баьккхина. 3. Вочу х1уманах мотт ларбе, къол...нах куъг ларде.

  1. Керлачу норо нехаш ц1ена ...

  1. Синтаксически таллам бе предложенешна.

  1. Урокан жам1 дар.

- Х1унда олу вай коьрта а, коьртаза а меженаш?

  1. Ц1ахь: шардар №311.

  2. Рефлекси. Урокан хьесап дар.


119





  • Суна хазахийтира ...

  • Суна лаьара ...

  • Дела реза хуьлда! Годика йойла!

Урокам чулацам: Цхьалхе а, чолхе а предложенеш.

Урокам тайма: хаарех пайдаэцар.

Урокан 1алашо:

  1. цхьалхе а, чолхе а предложенех долу хаарш шардар;

  2. синтаксисах долу хаарш т1еч1аг1дар;

  3. 1аламе болу безам кхиор.

Урок д!аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор.

Юорнина чов хилла,

Аьрзу дГатийна,

Шеллуш ду кхихкина ц1ий.

Хилий вай массаьрца Дог-мерза, ийна!

Вайн лаьмнийн гГиллакх ду и. (Хатуев 1.-Хъ.)

  • Байтан чулацам т1ехь болх дГабахьар: автор, стихотворении ц1е, билгалдаьхначу дешнийн маь1на.

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. Ц1ера болх эксперташа тобанашкахь толлу.

  2. Интерактивни уьн т1ехь ялийна предложенеш коьртазчу межена- шца яржае.

Баххьаш леста (мичахь? муха? муьлха?)

Дог1у хи (муьлха? муха? мичахь?)

Седарчий юьега (муьлха? муха? мичахь?)

Г1арг1улеш д1айоьлху (мича? х1унда? маца? муха?)

  1. Синтаксически таллам бо предложенешна.

  2. Грамматически лард билгалйоккху.

  1. Керланиг схьаделлар.

1. Лакхара предложенеш цхьалхе ю, амма предложенеш чолхе а хуьлу. Муха?


120





  1. Шардар № 309. Схьаязйо чолхе предложенеш (2-г1а предо.), син­таксически таллам бо.

  2. Сада1аран минот.

  1. Т1еч1аг1дар.

  1. Цхьалхечу предложенех чолхенаш а еш, д1аязйо. Хуттургаш ялайо.

Дарц dlamuupa. Manx гучубелира.

Олхазарш лела, т1емаш а лестош. XIopd ловзуш бу. Тулг1енаш ет- таш.

Лай mlexb маълхан з1енарш къегара. Де кхин а сирла хетара.

  1. Таллам бо предложенийн, уып чолхе хилар т1еч1аг1до.

  1. Урокан жам1 дар.

XIopa тобанна хьалха сурт ду. Цуьнан чулацамах йоьзна чолхе предложенеш ялае (2-3).

  1. Ц1ахь: шардар № 308.

  2. Рефлекси.

  1. Бераша шаын хадабо урокан мах, хьесап до шаып бинчу белхан, экспертийн г1оьнца оценкаш х1иттайо.

  2. Жоп ло хаттарна:

  • Кхин муха хила лаьара шуна вайн урок?

  • Шуна баркалла! Годика йойла!

Урокан чулацам: Ма-дарра къамел.

Урокан тайна: долчу хаарех пайдаэцар.

Урокан 1алашо:

  1. ма-дарра къамелах долу хаарш т1еч1аг1дар;

  2. дозуш долу къамел кхиор;

  3. гГиллакх-оьздангаллица кхетош-кхиор.

Урок д!аяхьар I. Ойла дешарна т1еерзор.

ХГетал-метал хаийла шуна:

Барзах yrly - дац и экха,

Сагатдо цо цкъацкъа нехан,


121





Дитташ кегдо, йоху ченаш,

Цунах кхоьру кегий бераш. (Дарц.)

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. Караде г1алаташ.

Мохъмадера хъуьнар, доьналла, г!иллакхаш гучудуъйллура дуюскха а. Доьзаллхо воцуш висначу вокхкачу стогана, зудчунна мах а боцуш керш охура мохъмада. Мало йоцуш а, нехан г1иллакъ дан ка йолуш а къант вара иза.

  1. Шаьш бакъхилар барта т1еч1аг1де.

  1. Керлачунна т1едахар.

  1. Д1аяздо уьн т1ера.

Гуьйрено дош делира: «Со токх хир ю».

Ткъа 1аьно элира: «Сайна луург дийр ду!»

Б1аьстено элира: «Х1ан-х1ане, 1а!»

TIeeapa б!аьсте. Дерриг хийцира.

  1. Текстах къамел динчул т1аьхьа дешархоша урокан ц1е къастайо.

  2. Сада1аран минот.

  1. Т1еч1аг1дар.

  1. Шардар № 314.

  2. Текстаца болх:

  1. ма-дарра къамел а, диалог а, церан башхаллаш а йийцар;

  2. сацаран хьаьркийн бакъонаш.

  1. Урокан жам1 дар.

  • Х1унда аьлла ма-дарра къамел?

  • Диалог стенах олу вай?

  • Стейна оыиу вайна къамелехь и кепаш?

  1. Ц1ахь: шардар № 318.

  2. Рефлекси.

Дешархоша урокехь бинчу белхан хьесап до. Дуьйцу шайна зедел- ларг.

  • Суна лаьара ...

  • Аса иштта дийр дара ...

  • Дела реза хуьлда! 1одика йойла!


122



Урокан чулацам: Предложени синтаксически таллар (къастор). Урокан тайна: хаарех пайдаэцар.

Урокан 1алашо:

  1. предложени синтаксически талларх долу хаарш карладахарца т1еч1аг1дар;

  2. синтаксисах 1амийнарг карладаккхар;

  3. г1иллакх-оьздангаллица кхетош-кхиор.

Урок д!аяхъар

I. Дешархойн ойла т!еерзор.

1. Караде дешнаш. (Интерактивни уьн т1ехь д1аяздина ду мог1а- наш.)

Хьалха «с» эли диллича,

Акха дийнат хуьлу сох,

Нагахь «б» эли диллича,

Аре сенъеш, 1уьллу со.

«Б»-нан метта «т1» диллахь,

Со карор ду татол т1ехь.

Х1инца хаза ойла ел:

И кхо дош схьакарадел.


II. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. Ц1ера болх таллар д1ахьо тобанашкахь.

  2. Уьн т1ехь д1аяздина ду:

Хьоме юрт.

Суна беза сайн Даймохк.

Аьхке йовха яра.

Олхазарш схьадаьхкина.

Да резахилира.

Ламанал лекха.

Хаза г1иллакх.


Боккха некъ.

Дитташ леста.

Хьаша веара.

Соьга элира. Олхазарийн г1овг1анаш. Цхьогалан л ар. Пиллакхе хила.


  1. Къастаде дешнийн цхьаьнакхетарш а, предложенеш а. Йийца це- ран башхаллаш.


  1. Керлачунна т1едахар.

1. Дешархоша тобанашкахь болх бо.

XIopa тобано цхьацца дешнийн цхьаьнакхетарца предложени х1от-


123





  1. Лекхачу стигалахь. (Лекхачу стигалахь б1аьстенан олхазарийн г1овг1анаш самукъане хуьлу.)

  2. Хазчу г1иллакхаша. (Хазчу г1иллакхаша стаг хазво.)

2. Самукъане минот.

  1. Т1еч1аг1дар.

1.1амат т1ехь болх. Шардар № 310 кхочушдо хьалхара дакъа.

  1. Урокан жам1 дар.

Чекхдаха кицанаш, синтаксически таллам бе.

  • Адамийн барт (т1улгал а ч1ог1а бу).

  • Б1аьстенан дийно (1аьнан бутт кхобу).

  • Туьран-тоьпан чов йирзина, (меттан чов ерза тигац).

  1. Ц1ахь: шардар 310 (П-Ш дакъош).

  2. Рефлекси.

  • Суна тахана урокехь къаьсттана ...

  • Суна кхин хила лаьара ...

Дешархоша урокехь бинчу белхан хьесап дар.

  • Шун баркалла! Дела реза хуьлда!


Урокан чулацам: Морфологически къастам.

Урокан тайна: хаарех пайдаэцар.

Урокан 1алашо:

  1. морфологех, морфологически къастамах долу хаарш карладахар;

  2. ц1ердашах долу хаарш т1еч1аг1дар;

  3. ненан матте болу безам ч1аг1бар.

Урок д1аяхьар

I. Дешархойн ойла т1еерзор.

«Цинцашка декъалой, бердах Хецало чухчари санна,

Даточу цинцех бу тера

Нохчийн мотт муьлххачух вайна». (Кибиев М.)


124





- Дешнийн маь1на дастий вай?

«Ненан мотт мел беха,

Къам дуьсу даха...» (Арсанукаев Ш.)

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. Ц1ера болх толлу эксперташа.

  2. Синтаксически таллам бар.

Дешар 1илманан ков ду.

  1. Тобанашкахь болх. Карточкаш доькъу.

  1. . Легаде: къам, г/иллакх;

  2. . Дукхаллин терахье даха: лам, забар, стаг, седа, адом, малх, сий, нана.

  3. . Билгалдаккха легар: къамел, г1ала, туъха, да, ваша, гата, де- шархо, ненахо, шок.

  4. . Грамматически класс къастае: марзо, дош, к!ант, бехк, ойла, пхьар, орам, Пиша, олхазар, 1ам, толам, мохь.

  1. Керлачунна т1едахар.

  1. Урокан тема дешархоша шаын билгалъяккхар; урокехь мел дий- цинчух пайда а оьцуш, жам1 дар.

  2. Сада1аран минот.

  3. 1амат т1ехь болх. Шардар № 321. Схьаяздо билгалдаьхна деш- наш.

  1. Т1еч1аг1дар.

Интерактивни уьн т1ехь гайтинчу ц1ердош талларан кепах пайда а оьцуш, шаын хаьржина шишша дош таллар.

Мархаш - х1ун? - ц1ердош.

Юьхьанцара кеп - х1ун? - марха; юкъара, дукх. терахь, 3-г1а класс, 2-г1а легар, ц1. дож..

Подлежащи.

  1. Урокан жам1 дар.

Дешнаш массо а дуй ц1ердешнаш? Шайн жоп ч1аг1де.

  1. дохк, х1аваъ, хьекъал;

  2. стогалла, шахьар, кхетам;

  3. ала, алар, хьехар;

  4. сурт, деша, х1орд;

  5. дошам, хьежам, хаа.


125



VI. Ц1ахь: шардар № 320.


VII. Рефлекси.

Дешархоша урокехь бинчу белхан мах хадор.

Кластер х1оттаяр.

Щердош

мила? долахь терахь класс дожарш

х1ун? юкъара


легарш






126



ЧУЛАЦАМ


Овхадов М.Р 5-чу классана язйинчу керлачу 1аматах дош

Довзийтаран дош

Урокийн планаш

5-чу классехь 1амийнарг карладаккхар 126


127


Ч (Л ^

1   2   3   4   5   6   7   8   9   10


написать администратору сайта