Русский язык. 5кл.язык книга. 5чу классехь нохчийн мотт хьехаран методически куьйгалла хьехархошна г!оьнна СоьлжаГ1ала ао ипк Грозненский рабочий
Скачать 237.44 Kb.
|
Ахмадова Дашани Саидцелимовна ФГОС 5-чу КЛАССЕХЬ НОХЧИЙН МОТТ ХЬЕХАРАН МЕТОДИЧЕСКИ КУЬЙГАЛЛА Хьехархошна г!оьнна Соьлжа-Г1ала АО «ИПК «Грозненский рабочий» - 2019 уда '72.К I.I.K 74.261.4(Чеч.) Ах95 Ах95 Ахмадова Д.С. 5-чу классехь нохчийн мотт хьехаран методически куьйгалла. Хьехар- хошна г1оьнна / Д.С. Ахмадова. — Соьлжа-Г1ала: АО «Издательско-полиграфический комплекс «Грозненский рабочий», 2019.- 128 а. ISBN 978-5-4314-0239-5 Методически куьйгаллица цхьаьна зорба тоьхна: «Нохчийн мотт. 5 кл.», «Нохчийн мотт: нохчийн маттахь шардарш дарна а, мотт кхиорна а лерина белхан тетрадь». УДК 372.8 ББК 74.261.4(Чеч.) ISBN 978-5-4314-0239-5 О Ахмадова Д.С., 2019 © АО «ИПК «Грозненский рабочий», 2019 Все права защищены О входов М.Р. 5-чу классана язйинчу керлачу 1аматах дош 5-чу классан программа 1аламат чолхе лара мегар долуш ю, х1унда аьлча 6-чу, 7-чу, 8-чу классашкахь санна, цхьа морфологи (6-7 классаш- кахь) я цхьа синтаксис (8-чу классехь) хилла ца 1аш, меттан 1илманан мас- со а дакъа юкъалоцуш (синтаксис, фонетика, лексикологи, морфологи) хиларна. 5-чу классана язйина параграфаш х1инца школехь лелош йолчу 1ама- тан кхачамбацарш лоруш х1оттийна авторо. Хийцамех лаьцна доцца яздина лахахь. Дешнийн цхьаьнакхетарш дуьйцуш цхьана а кепара дог1уш дац, масала, «дешнийн цхьаьнакхетарш предложенехь долчу дешнел цхьанна к1езиг хуьлу» бохург: цкъа-делахь, дешнийн цхьаьнакхетар предложенехь доцуш а хила тарло; шолг1а-делахь, подлежащи, сказуеми дешнийн цхьаьнакхетар дац, цара предложени кхуллу, подлежащи, сказуеми предложении грамматически бух бу. Масала, 5-чу классан 1амат т1ехь ялийнчу «Цигахь уын хаза левзира» предложени юкъахь билгалдаьккхина «дешнийн цхьаьнакхетар» ду аьлла «уын левзира» - иза подлежащи, сказуеми шена чохь долу яржаза цхьалхе шинахоттаман предложени ю, дешнийн цхьаьнакхетар дац. (Хьовса: [Янгульбаев В.А., Махмаев Ж.М. 2005, 16 а.]). Айдаран предложенех кхетам луш аьлла: «Аз ойуш, ч1ог1а олучу пред- ложенех айдаран предложени олу» [Янгульбаев В.А., Махмаев Ж.М. 2005, 27 а.]. Кхетам маьГница нийса бац, ч1ог1а я меллаша аларца ца къастайо айдаран предложени. Керлачу 1амат т1ехь иштта лерина, масала, подлежащех, сказуемех луш хилла кхетам. Оцу кхетамашкахь коьртаниг подлежащино, сказуеми- но вовшех «дийцар» дац, предложенехь коьрта дар кхочушдеш хилар а, и коьрта дар билгалдеш хилар а ду. Предложении коьртазчу меженашна луш болу кхетамаш кхачам болуш бац. Масала, «хГуманан билгало гойтучу коьртазчу меженах къастам олу». Х1уманан билгало, масала, билгалдашо гейту. Цхьаболчу «кхетамийн» маь1нех кхета таро яц (масала, «хандешнийн тайп-тайпана латтамаш гойтучу коьртазчу меженах латтам олу») [Янгульбаев В.А., Махмаев Ж.М. 2005, 38 а.]. Иштта лара мегар ду, масала, «хут- тург «а» даим цхьанатайпанчу меженашна т1ехьа я царна уллохь лела ...» бохург а [Янгульбаев В.А., Махмаев Ж.М. 2005, 46 а.]. Т1ехьа хилча а ца хуьлу и «уллохь»? Керлачу 1амат т1ехь къаьсттана тидам Небахийтина фонетикин декъехь болчу хийцамашна. Юкъахь лелош йолчу 1амат т1ехь дифтонг ши аз лерина [Янгульбаев В.А., Махмаев Ж.М. 2005, 73 а.]. Иза чолхе цхьа аз ду. Иштта 3 ""йен лап мукъа аьзнаш, мукъа элпаш къастор. 75-чу аг1он т1ехь аьлла ду, мукна аз исс ду, мукъа элп ялх ду аьлла [Янгульбаев В.А., Махмаев Ж.М. 2005, 75 а.]. Амма уыи дерриг йозанехь д1аяздина дерш 15 мукъа элп ду. I !ийса дац, масала, элп - хьаьрк - аз бохург цхьайолчу меттехь эдеш хилар. Масала, 84-чу аг1он т1ехь «дехачу мукъачу озехь озоран хьаьрк хуь- лу (й)» аьлла ду. Озехь хьаьрк муха хуьлу - аз хезаш ду, хьаьрк я элп яздеш Ду!? «Йишхадоран хьаьрк» аьлла дерг фонетикехь мукъаза аз лору. Да- лийнчу масалшкахь иза аз ду: цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ, х1аваъ, тоъал, хаъал, Зулпаъ. Ииш муьлххачу а мукъазчу озо хадайо. Тидам Небахийта беза дешнийн кхолладаларх йолчу параграфна (110 а.). Параграф 1илманан бух ларбеш яц. Масала, дошкхолларан цхьа некъ бу аьлла билгалбаьккхина «Чолхе дешнаш кхолладаларца» боху некъ. Иштта «дешан маь1на хийцадаларца» бохучу декъехь далийна ма- салш (ц1е, мотт), шайн маь1нашца тайп-тайпана долу, цхьана датах кхол- ладелла я ца делла къасто 5-чу классан дешархочунна хьовха, хьехархо- чунна а хала хир ду. Иза 1илмано а билггал къастош дац. «Дешнаш дацдарца» (кхоллало дешнаш) аьлла далийна масалш до- г1уш дац. Масала, «стунда» дацдина дац. Лардаш вовшахкхетарца кхолла- делла ду иза а, иштта кхин масалш а (марнана, марваша). Керлачу 1амат т1ехь тидам тГебахийтина иштта ц1ердешнийн кхол- ладаларна а (масала, цхьана а кепара дог1уш дац 58-чу параграф т1ехь «дешхьалхенан г1оьнца» кхолладелла боху ц1ердешнаш (д1авада, чухьа- жа, Некхосса) [Янгульбаев В.А., Махмаев Ж.М. 2005, 142 а.]. Уьш цхьа а ц1ердош дац. Къамелан дакъойн кхолладалар керлачу балха т1ехь х1инца йолчу ба- къонашца къастийна [Хьовса: Тимаев, 2007; Чокаев, 2010; Халидов, 2010; Грамматика чеченского языка, 2013.]. Пхоьалг1ачу классана лерина язйинчу 1амат т!ехь хьехархоша тидам бийр болуш кхечу кепара хийцамаш а бу. Литература Янгульбаев В.А., Махмаев Ж.М. Нохчийн мотг. 5 класс. - Соьлжа-Пала, 2005. Янгульбаев В. А., Махмаев Ж.М. Нохчийн мотг. 6 класс. - Соьлжа-Пала, 2008. Янгульбаев В.А., Махмаев Ж.М. Нохчийн мотг. 7 класс. -Соьлжа-Пала, 2010. Джамалханов З.Д., Вагапова Т.М., Эсхаджиев Я.У. Нохчийн мотт.. Синтаксис. 8-9 классаш). - Соьлжа-Пала, 2002. Тимаев В. ХЗинцалера нохчийн мотт. - Соьлжа-Пала, 2007. Чокаев К.З. Морфология чеченского языка. Словообразование чеченского языка. Словообразование частей речи. - Грозный, 2010. Халидов А.И. Чеченский язык: Морфемика. Словообразование. — Грозный Грамматика чеченского языка. Т. 1- Грозный, 2013. 4 ДОВЗИЙТАРАН ДОШ Дешархой Гаморан а, ктетош-кхиоран а жоьпаллин декхар кхочушда- рехь хьалхара меттиг хьехархочун ю. Цундела иза декхарийлахь ву шен меттан 1илманан, хьехаран говзалла лакхаяккха а, кхио а. Нохчийн мотг хьехаран декхар кхочушдечу хьехархочунна т1ехь ду орфографии, пунктуации, къамел кхиоран Нуллакхийн бух д1ах1отточу 1илма- нан хатгаршна т1е коьрта тидам бахийтар: аьзнаш, къамелан дакьош къестор, предложенехь дешнийн уьйр нисъян хаар, предложении д1ахотгам бовзар. Нохчийн мотт 1аморан лакхара дикалла йоьзна ю хьехархочун теоретически, практически кечамбарх а, цунна зеделлачух а. Керлачу лехамаш- ка хьаьжжина и хьехар дика д1ах1отторна оыпу г1ирс: программаш, 1ама- таш, гайтаман г1ирсаш, керла технологии зеделларг юкъалоцуш х1оттийна нохчийн мотт хьехаран методика. Нохчийн мотт хьехар кхетош-кхиоран 1аморна т1ехь х1оттийна ду. Шен ненан мотт 1амор - и ша а ду кхетош-кхиор, х1унда аьлча цо дуьне дов- зуьйту, адамашца юкъаметтиг кхуллу, ойла йойту, дуьнене хьежар кхуллу. Нохчийн меттан урокашкахь дешархоша меттан билгалонаш къастайо, юкъара хьесап до, толлу, жам1 до, бахьана гучудоккху, кхечу тайпана аьлча, ойла йойту, хаарш лаха а, болх бан а 1амабо. Дешархочун ойла самайоккхуш, цуьнан шен болх бан дог доуьйтуш, тидам бан, талла, жам1 дан 1амош хила еза дика урокаш. Нохчийн меттан методико жоп дала деза уггар хьалха х1окху хат- таршна: х1ун 1амо деза? муха 1амо деза? х1ун 1алашо йолуш? х1унда 1амо деза иштта, вуьшта а ца 1амош? Урокан некъ хоржуш хьехархочо тидаме лоцу и керла хилар, кхета хала хилар, дешархойн кечам, церан кхиаран башхаллаш. Хьехар дика а, нийса а х1оттийна делахь, дешархойн таро хуьлу керлачу коьчалх к1орггера кхета а, караерзо а. Дешархошна 1емар ду хаарех пайда эца а, ойлаярца, кхоллараллица хаарш дахарехь лело а. Грамматикех, орфографех, пунктуацех дешархошна делла долчу хаар- ша буьззина ца 1амабо уьш нийса, г1алаташ ца деш, яздан а, говза доьз- на къамел дан а, амма нийсаяздар карадерзар к1орггера хир дац, на- гахь теорех дика ца кхеттехь, иза кара ца ерзийнехь. Цу т1е доьг1на, билгалдаккха мегар ду: урок дика лору, нагахь санна: муьлхха а грамматически бакъо исбаьхьаллин литературин юкъара я деш долчу къамел юкъара далочу масалшца ч1аг1ъеш елахь; дешархоша барта, йозанан къамелехь, тайп-тайпана шардарш, т1е- дахкарш кхочуш а деш, теоретически бакъонаш кхетамца naprlar юкъая- лор кхоччуш карадерзадахь; орфографически, пунктуационни бакъонаш дешнашца бечу балха- ца, йоьзна текст талларца, тайп-тайпана т1едахкарш, шардарш кхочушдар- ца т1еч1аг1ъяхь; 5 барта, йозанан къамел кхиоран болх (словарь (дошам)т1еюзар, доьз- на къамел кхиор, стилистически бакъонаш хаар) дахарна оьшучу буха т1е- хь кхоллабелла, цо дешархойн къамел кхиорехь долу хьашташ (кхоччуш шеи дагахь дерг ала хаар, меттан к1оргенаш евзаш хилар) таханлерчу дий- нахь кхочушдахь. Кхузахь тидаме эцна хьалха 1амийначунний, керла Гамочунний юк- къехь йолу уьйр, керла коьчал хьалха 1амийнчун буха т1ехь хилийтархьа- ма. Тидаме эцна урокаш проблемни хилийтар, дешархошка шайга маь1на дайтар. Цхьайолчу урокашкахь дешнаш т1ехь болх бар т1едиллина, цаьрца дошаман статьяш х1иттайойту. Керла коьчал йовзуьйтуш х1иттийна гайта- ран г1ирсаш, кепаш, схемаш. Къаьсттана тидам т1ебахийтина дозуш долу къамел кхиорна а, текстах, цуьнан ойланех, суртх1отторан дийцарх долу дешархойн хаарш т1еч1аг1дарна а. Доккха маь1на долуш г1уллакх ду талламан белхаш д1абахьаран тайп- тайпана аг1онаш хилар. Хьехархочун лехаме хьаьжжина хила тарло уыи, амма церан декхарш, хаарш талларан хилла ца 1а. Диктанташ хила тарло: дешнийн, гайтаран, кхеторан, харжаман, кхол- лараллин, и. д. кх. а. Хьехархочун 1алашоне хьаьжжина, и тайпа белхаш юкъабалоран (д1а- бахьаран) башхаллаш ю. Масала: дешнийн диктант язйо тема 1амшП йолчу я 1амийнарг карладаккхаран урокехь, дешнаш грамматически нийсаязда- ран бакъонаш талларан а, ч1аг1ъяран а 1алашонца. Иза д1аяхьаран некъ ловзаран кепехь хила тарло. Изложенеш, сочиненеш язъяр дозуш долу къамел кхиорехь мехала маь1- на долуш г1уллакх ду. Изложени язъяран башхалла хила тарло хьехархочун 1алашоне хьаьжжина, амма ялийнчу текстан чулацам хийца магош дац. Сочиненеш масех тайпана хуьлу: дахарехь дешархочунна гиначух, тергам биначух язъяр; суьрта т1е а хьожуш язъяр; жима сочинени. Тидаме эца деза урокехь я ц1ахь бечу балха т1ехь луш долу предложе- ни я дош талларан т1едахкарш, церан башхаллаш: Фонетически къастам беш билгалдоху элпаш а, аьзнаш а: мукъанаш, мукъазнаш, зевненаш, къоранаш, легашна т1еранаш, дешдакъош; Морфологически къастам беш билгалдоху: лард, орам, чаккхе, суффикс. Дийца деза, и муьлха къамелан дакъа ду, цуьнан билгалонаш муьл- ханаш ю. Масала: ц1ердош делахь, цуьнан дожар, терахь, тайпа, долахь я юкъара хилар, класс, легар. Синтаксически къастам беш уггар хьалха дийца деза толлург муьлха предложени ю (дийцаран, хаттаран, айдаран, т1едожаран), цул т1аьхьа каро еза коьрта а, коьртаза а меженаш, билгалдаккха деза, xlopa меже муьл- хачу къамелан декъах лаьтташ ю. 6 УРОКИЙН ПЛАНАШ Урокан чулацам: Вайн мотт - вайн хазна! Урокан тайпа: кхетам кхолларан урок. Урокан 1алашо: ненан маттах лаьцна тайп-тайпана аларш, байташ йовзийтар; ненан матте болу безам шорбар, к1аргбар. Урок д!аяхьар Дешархойн ойла т1еерзор. Межидов Сахьаба д1аолучу «Ненан мотт» иллига ладог1ар. (Дешнаш - Арсанукаев Шайхин.) Долчу хаарийн актуализаци. Нохчийн маттах лаьцна кхин х1ун байташ хаьа вайна? Дагайог1ий шуна цхьа а? Вайн уьн т1ехь долчу дешнийн ойла е вай? Мотт бу - къам ду, мотт бац - къам дац. Иза халкъан кица ду. Цунах муха кхета шу? Стенна оыну вайна мотт? Керланиг довзар. «Нохчийн мотт бицбар вайна эхь ду...» Маттах лаьцна говза аьлларш: Кадыров Ахьмад-Хьажа, Махмаев Жамалдин, Услар Петр, Саидов Билал, шайх Митаев 1ела, Ахмадов Муса, Мамакаев Мохьмад, Арсанукаев Шайхи. Рашидов Шаидан байташ схьаязъяр (шардар № 2). Дешнаш т1ехь болх: йорт, къайленаш, шабаршца, хьегаран хьу, ц1ийх боьлла. Т1еч1аг1дар. Д1аяздо шардар № 1. XIopa предложении маь1на а дуьйцуш, дешнаш т1ехь болх (кхето- ран) беш, кхочушдо т1едиллар. Урокан жам! дар. Х1етал-метал хаийла хьуна: Уггар мерза а, къаьхьа а ерг х1ун ю-те? (Белхан тетрадь. № 1.) 7 Ц1ахь: шардар № 2 - дагахь 1амо; шардар № 3 - деша тайна а, чохь болчу баккхийчарна а. Рефлекси. «Хьайн ненан мотт хаахь, аса...» (Дешархойн ойланаш.) - Шун 1одика йойла! Дела реза хуьлда! Урокан чулацам: Дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш яздар. Урокан тайна: урок-кхетор. Урокан 1алашо: дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш лл, сс, тт бакъонца ний- са а дог1уш, яздан хаар; уьш нийса лего а, кхидолчу дешнех къасто а хаар; ненан матте болу безам ч1аг1бар. Урок д1аяхьар Дешархойн ойла т1еерзор. «Харцоно ц1е тесна, хийла хьо ягарх, Нохчийчоь ца йоьжна - г1аьттина яха. Кавказан ткъес хилла - маршонан ага, Хьан лаьттан сий дина яхьйолчу наха». Актуализаци. Ц1ахь 1амийна байташ йийцар. Рашидов Ш. «Ненан мотт». Мог1анийн чулацамах хаттарш деш, дешнийн маь1нех дешархой кхетор. Маттах лаьцна х1ун ала мегар ду? Мотт - иза къоман са, адамаллин куьзга ду. Керлачунна т1едахар. Д1аяздо кицанаш (шардар № 4): . Аьхка цхьа де дайъинарг 1ай итт дийнахь меца лелла. . Сихалла - сонталла, собар - кхетам. Кицанийн маь1на дастар. Дешнийн диктант. Мотт, етт, итт, исс, мутт, бутт, ботт, хатт, дитт, балл (стом), бал (халхаран), потт, .... 8
Урокан жам1 дар. Чаккхенгахь шала мукъаза элпаш долу дешнаш, хиицича, муха яздо? ЦДахь: белхан тетрадь. № 5. Рефлекси. (Дешархоша урокан мах хадор.) Вайн урокехь керланиг х1ун дара? Темех кхийтирий шу? Вайн урокан мах муха хадор бара аша? Х1унда? Шуна Дела реза хуьлда! Урокан чулацам: Къамелан дакъош. Ц1ердош. Урокан тайна: хуучу хаарех пайдаэцаран урок. Урокан Iaaaiuo: юьхьанцарчу классашкахь ц1ердашах 1амийнарг карладаккхар, нийсаяздаран бакъонаш шаръяр; 1алам деза 1амор. Урок д1аяхьар Дешархойн ойла т1еерзор. 9
2. Кхиахь, кхочушде шардарш № 7, 9 (барта). Урокан жам1 дар. Дожаршца хийца тобанашкахь: амат, беркат, хьаша, бода. Белхан тетрадь. № 6. 10 VI. Ц1ахь: шардар № 14 я 15. VII. Рефлекси. Кластер xlorrop. Ц1ердош х1ун?^мила? муьлш? терахь дожарш классаш - 1одика йойла! Урокам чулацам: Билгалдош. Дожарш, легарш. Урокам тайма: 1амийнарг карладаккхаран урок. Урокам 1алашо: 1) юьхьанцарчу классашкахь билгалдашах 1амийнарг карладак- билгалдашах дешархойн долу хаарш таллар; 1алам деза а, цуьнан исбаьхьалла ган а дешархой 1амор. Урок д!аяхьар I. Дешархойн ойла т1еерзор. Букарчу Ша Хаьхкина охьадог1у ламанан 2Ш- (Сулаев М.) Билгалдаьхначу дешнех лаьцна дийцар (терахь, дожар). Долчу хаарийн актуализаци. 1. Дешнех ц1ердешнаш кхолла: I в. IIв. HI дика — дикалла сарахь — лаза — кхар; генахь - ломахь — арахь - гурахь - теша - безам - аьхка - балхахь - урамера - дагахь - буса - бацалахь - 2. Ц1ахь кхобучу дийнатех лаций дийца. - Акха дийнаташ муьлханаш ду? 11 3. Сада1аран минот. III. Керланиг довзар. Тема къасторна т1едуьгу бераш. Д1аяздо дешнаш. Дуьйцу церан билгалонех лаьцна. ц1ен можа мерза муьста боккха жима Къастайо урокан тема. Морфологически къастам бо: билг. ц!ерд. ц1ерд. ханд. Мерзачу кемсех чам баьккхира сийна шера къаьхьа мерза 1аьржа яккхий. билг. воккхачу ц1ерд. стага. IV. Т1еч1аг1дар. Бакъонца ца дог1у дош юкъара д1адаккха: Дитт, сурт, мотт; К1ант, лекха, хаза; Сийна, шийла, болх. Легадо хаза аъхке. Дийцинчун жам1 дар. Даладе xlapa элпаш юкъахь долу дешнаш: хь — хьоза, хьач,... кх - кхокха, кхана, ... Ц1ахь: шардарш№№ 17, 19. VII. Рефлекси. Кластер. Щердош Мила? муьлш? х1ун? Х1ума билгалйо. Терахь. Класс. Дожарш. - Дела реза хуьлда! Билгалдош Муха? муьлха? хьенан? стенан? мацалера? мичара? Х1уманан билгало гойту. Дожаршца хийцало. 12 Урокан чулацам: Синтаксисах кхетам. Дешнийн цхьаьна- кхетарш. Урокан тайна: довзийтаран урок. Урокан 1алашо: дешнийн цхьаьнакхетарх кхетам бал ар; синтаксисах долу хаарш ч1аг1дар; г1иллакх-оьздангаллица кхетош-кхиор. Урок д1аяхьар Дешархойн ойла т1еерзор. Хьо хьайна мел хьекъале хетахь а, дикчу хьехаре ладог1а. Кицанан маь1на дастар. Долчу хаарийн актуализаци. Дешнашца болх. Д1аязъе, чаккхенаш нийса х1иттае: (йо, до)вха аьхке, яздира къолам(ца), элира к1ант(а), ведда беша(хула), вахара школ(е), самукъаделира книг(ех), хьалхарчу предложени(на), дашочу мал(хо). Предложени xlorrae дашочу малхо дешнийн цхьаьнакхетар юкъа а далош. Б1аьстенан дашочу малхо къагийна д1ах1оттийра 1алам. Дешнийн цхьаьнакхетарш кьастадо; хаттарш х1иттош, уьйраш билгалйоху. Керланиг довзар. Хьехархочун г1оьнца дешархоша урокан ц1е (тема) билгалйоккху. Синтаксис дешан маь1на девзий шуна? Вай х1инца бина болх юкъабог1ий цунна? 1аматан §§1,2 ешар. Т1еч1аг1дар. Кхочушдо шардар №21. Цхьаьнадог1у дешнаш вовшахтоха (интерактивни уьн т1ехь): вахара г1иллакхца сийначу тулг1еш ведда хьаша оьздачу тетрадь Органан чехка 13 генара бацалахь Ахьмадан хьуьнах Шардар № 25 (кхиахь). Урокан жам1 дар. Белхан тетрадь. № 8, № 9. Щахь: §§ 1,2, шардар № 27 я № 28. Рефлекси. Дешархоша урокехь бинчу белхан мах хадор. Тахана урокехь со кхетта ... Х1инца суна хуур дара ... Шуна баркалла! Дела реза хуьлда. Урокан чулацам: Предложении тайпанаш. Дийцаран предложена Урокан тайна: кхетам кхолларан урок. Урокан 1алашо: предложении тайпа къасто хаар; предложенех болу хаамаш к1аргбар; 1аламе безам кхиор. Урок д1аяхьар Дешархойн ойла т1еерзор. Ире, ахь х1ун до? Стента доьду? Беркат долчу доьзале! Барт, ахь х1ун до? Стента боьду? Ире хиллачу доьзале. (Сулейманов А.) Долчу хаарийн актуализаци. Легадо: Ц1. йовха аьхке Дл. йовхачу аьхкенан Л. йовхачу аьхкенна Др. йовхачу аьхкено К. йовхачу аьхкенца X. йовхачу аьхкенах М. йовхачу аьхкене Дс. йовхачу аьхкенал Керланиг довзар. Уьн т1ехь долчу дешнаш т1ехь болх (мотиваци): предложении билгалонаш; интонации башхалла; аларе хьаьжжина, предложении кеп. Дийцинчун жам1 дар. Аларан 1алашоне хьаьжжина, предложени хуьлу: дийцаран, хатта- ран, айдаран, т1едожоран. Сада1аран минот. 1амийнарг т1еч1аг1дар. Тобанашкахь болх. Сацаран хьаьркаш х1иттош, д1аязйо предложени. тоба. Юьстаха махкара дика доггаг1 йоьг1на rlana санна ву. тоба. Хьан ойланийн к1оргене кхочур вуй-те (?) тоба. Мел хаза хуьлу-кх б1аьстенан суьйренаш (!) тоба. 1ийса, ахьа д1аеша и предложени. Урокан жам! дар. |