Русский язык. 5кл.язык книга. 5чу классехь нохчийн мотт хьехаран методически куьйгалла хьехархошна г!оьнна СоьлжаГ1ала ао ипк Грозненский рабочий
Скачать 237.44 Kb.
|
§ 15. Бакъо йоыиу. Барта кхочушдо шардар № 82. Сада1аран минот. Тобанашкахь болх. Белхан тетрадь. № 29. Урокан жам1 дар. Муьлха предложенеш евзина вайна тахана? Х1ун хаьа вайна дарах лаьцна? Ц1ахь: §15; шардар № 85 я 86. Рефлекси. Дешархоша урокан мах хадабо. Эксперташа шайн-шайн тобанехь дика болх бинарш билгалбоху. Хаарийн тускар дузар. Предложени. Урокан чулацам: Предложении цхьанатайпана меженаш. Урокан тайна: кхетам кхолларан урок. Урокан 1алаиго: предложении цхьанатайпанчу меженех кхетам балар; дозуш долу къамел кхиор; 1алам деза 1амор. Урок д1аяхьар Дешархойн ойла т1еерзор. «Аьрха Орга бердах лета, Ирча yrloui тулг1е шен. Шовда шеллуш санна хета, Даьлча 1алам къамеле». (Окуев Ш.) Дешнийн маь1на къастош болх бар. Долчу хаарийн актуализаци. Вовшийн ц1ера болх таллар. Дешнийн г1оьнца яьржина предложенеш ялае (интерактивни уьн т!ехь). Ахьмада дийцира. Бераша садаь1ира. Хаьттира Асета. Нанас лоьхура. 28 TIeeapa гуьйре. Доттаг1чо дийшира. Стигал хийцаелла. Тхуна хазахийтира. Хаттарш: Муьлхачу предложенех олу яржаза предложени? Х1унда? Яьржина предложени х1унда олу вай? Х1ун хийцам бо коьртазчу меженаша предложенехь? Керланиг довзар. ДГаязйо предложенеш, синтаксически толлу. Бацалахь эсала техкара к1айн, ц1ен, можа зезагаш. (Къастам.) Бераша школехь доьшу, яздо, суьрташ дохку. (Сказуеми.) Йисамас ийцира тетрадаш, книгаш, къоламаш. (Кхачам.) Вайн урокан ц1е муха къастор яра вай? (Предложении цхьанатай- иана меженаш.) Сада1аран минот. Т1еч1аг1дар. 1амат т1ехь болх. Йоьшу бакъо § 16. Кхочушдо шардар № 87. Тобанашкахь болх. Д1аделлачу дешнех пайда оьцуш, предложе- неш хГиттае: аьхке баьллаш можа гуьйре хьечаш сийна 1а 1ежаш ц1ен б1аьсте кхораш баьццара да нана ваша йиша Урокан жам1 дар. Муьлхачу меженех олу предложении цхьанатайпана меженаш? Сацаран хьаьркаш муха х1итто деза? VI. Ц1ахь: §16; шардар № 89. Рефлекси. Дешархоша шаын урокан хьесап до. Суна-м тахана урокехь хиъна ... Иза суна оыну ... Шуна баркалла! 1одика йойла! 29 Урокан чулацам: Цхьанатайпанчу меженашца хуттургаш. Урокан тайна: 1амийнарг т1еч1аг1даран урок. Урокан 1алашо: предложенехь цхьанатайпана меженаш вовшахтасаран бакъс наш йовзийтар; 1амийнарг т1еч1аг1дар; къинхьегам беза 1амор, Даймахке безам кхиор. Урок д1аяхьар Дешархойн ойла т1еерзор (мотиваци). Уьн т1ехь яздина дешнаш дийцаре дар. Шен ненан сий лардечо Даймехкан сии а лардийр ду. (Кица.) XIapa дешнаш муха девза вайна? Муха кхета веза дарах? Долчу хаарийн актуализаци. Ц1ера болх толлу эксперташа. Цунах дерг олу. Интерактивни уьн т1ехь болх. Сацаран хьаьркаш х1иттаде, церан бакъо йийца. Пхъуъйра-ламаз дина, вирд даъккхина, cadala д1атевжира Зеламх Зеламха майра, оьзда, доьналле къонах, нохчийн халкьан тешат к1ант вара. Предложении меженаш билгалъяхар. Хаттаршца болх бар. Цхьанатайпана меженаш муьлханаш ю? Керланиг довзар. Предложенеш т1ехь болх. Д1аязйо: Марем а. Хеда а. Марет а дика доъшуш ю. Аре екхна ю, ткъа йовха яц. Орга чехка ду, бакъду, сирла дац. Билгалйоху меженаш, къастайо хуттургаш, дуьйцу сацара хьаьркех лаьцна. Урокан ц1е къастайо дешархоша шаыд. Дан дезарг билгалдоккх Сада1аран минот. 1амийнарг т1еч!аг1дар. 1.1амат т1ехь йолу § 16 бакъо йоыну. 30 г Шардар № 90 барта кхочушдо (2-3 предо.) Дешархоша варианташкахь болх бо, шардар № 92. Урокан жам1 дар. Урокехь дийцинчух пайда а оьцуш, жам1 дар. Х1унда оьшу вайна цхьанатайпана меженаш предооженешкахь? Ц1ахь: § 16; шардар № 93. Рефлекси. Урокехь бинчу белхан мах дешархоша шаын хадор. Кластер хГоттор. Предложении меженаш: подлежащи къастам сказуеми кхачам латтам Шу 1одика йойла! Дела реза хуьлда! Урокан чулацам: Предложении цхьанатайпанчу меженешца ■(■h i,ара дешнаш. Урокан тайна: кхетам кхолларан урок. Урокан 1алашо: цхьанатайпанчу меженешца долу юкъара дош къасто хаар; нийсаяздаран бакъонех кхетор, дозуш долу къамел кхиор. Урок д1аяхьар Дешархойн ойла т1еерзор (мотиваци.) Аьрхачу Органан, Мерзачу Теркан Хи мийлош, кхиийна Ахь кГентий хийла. (Мамакаев I.) Дешнийн маь1нех кхетор. Суртх1оттор. Долчу хаарийн актуализации Вовшийн ц1ера болх таллар. Интерактивни уьн т!ехь йолчу текстаца болх бар. 31 Д1алекхира пондар. Туьйхира eoma, mlapaiu, геманаш. Юкъалил хира жухаргаш. Накюса т1ехъаъддачу царах цхьаммо халхаваьккхирс ишйтта шо кхаьчна волу к1ант. Юъртахъ а г1араваълла дика халхарщ а, пелхъо а вара иза. Дешнаш т1ехь болх: гема - колотушка; жухарг - клоун; пелхьо - канатоходец. Билгалъяха цхьанатайпана меженаш. Керланиг довзийтар. Д1аязйо предложенеш: Ломан басахь дежаш дара дуккха а даьхни: бежанаш, уъстаг1ий говраш. Стихаш, дийцарш, повесташ, пъесаш - тайт-тайпана произввде неш язйина Бадуев Саъ1ида. Предложенийн таллам бо. Дешархоша къастайо цхьанатайпана ме женат. Дуьйцу билгалдаьхначу дешнийн маь1на. Урокан тема билгалйоккху дешархоша. 1амийнарг т1еч1аг1дар. Сада1аран минот. 1амат т1ехь болх: § 17 ешар. Шардар № 94 барта кхочушдо. Дешархоша шаын болх бар. Чекхъяха предложенеш, таллам бе. Шардар № 95. Урокан жам1 дар. Тахана х1ун керланиг девзина вайна? Сацаран хьаьркаш маца, муха xIhtto еза? Ц1ахь: § 17; шардар № 96 я № 97. Рефлекси. Вайн урокана реза дуй шу? Къаьсттана пайдехь х1ун хийтира шуна? Т1ейог1у урок муха хила лаьа шуна? - 1одика йойла! Дела реза хуьлда. 32 Урокан чулацам: Талламан болх «Шеран заманаш». Урокан тайна: урок-таллам. Урокан 1алашо: дешархойн хаарш таллар; нийсаяздаран бакъонаш ч1аг1ъяр; 1аламе марзо кхоллар. Урок д!аяхъар Дешархойн ойла т1еерзор. Шеран муьлха зама уггар а дукхаеза шуна? Х1унда? Долчу хаарийн актуализаци. Предложени а, цунах лаьцна вайна мел хууш дерг а дийций вай? Керланиг довзар. Талламан болх «Шеран заманаш». Аьхке. Уггар хаза хан. Бераш хьуьнах оьху. Луъйчу. Майданахь лов- зу. Къеггина кхетта малх хуълу. Ирча ю ткъа дешин духар дуьйхина гуьйре? Можачу г1аша биллина куз дитташ к1елахь 1уъллу. Мел хаза ю гуъйренан беш! Меллаша оьгу можа г1аш лаьтта. Царна хала ду диттех д1акъаста. Ткъа дитташа, яхь ца яла, ца хоуъйту шайна хала дуй. Уъш меллаша доълху... Ткъа 1а? Ирча ду 1а?! Хъийза а хьийзаш, халха а дуъйлуш, оьгу лайн чимаш. Б1аьсте а яц х1умма а цул оьшуш! 1а чекхдаллалц са ца тохалуш, хьалакъеда къона буц, кегий г1аш. Т1еч1аг1дар. Еша а йоынуш, диктант д1аязйо бераша. Недахкарш. Буха сиз хьакха цхьана яржазчу предложенина. Варианташкахь буьззина таллам бо цхьацца предложенина. Урокан жам! дар. 33 Ц1ахь: хьалха 1амийнарг карладаккха (§§ 14—17). Рефлекси. Дешархоша урокан мах хадор. Урокан чулацам: Т1едерзар. Урокан тайна: юьхьанцара довзийтаран урок. Урокан 1алашо: т1едерзарх кхетам балар; сацаран хьаьркаш дахкаран бакъонаш йовзийтар; Даймахке йолу марзо кхиор. Урок д1аяхьар Дешархойн ойла т1еерзор (мотиваци). Вина мохк мазал а мерза бу. Нехан даг ml ера вожарал доккха х1ума дац. Кицанийн маь1на дастар. Долчу хаарийн актуализаци. XIopa дешархочо шега деллачу кехат т1ехь болх бар. 1амийнарг т1еч1аг1деш, предложенеш меженашца къастор. Предложении меженех лаьцна долчу хаттаршца болх бар. Керланиг довзийтар. 1. Интерактивни уьн т!ехь болх д1абахьар. Дешнаш доьшу, дийцаре до: «Девзиний хьуна, дотгаг1, Даймехкан некъаш? Леллий хьо кхаьрца, алахьа, б1аьрг тоха соьцуш?» (Мамакаев М.) «Даймахкера безам гайта, доттаг1ий, аш таро ло!» (Сулейманов А.) «Дехийла вай, к1ентий, стогаллех ца духуш ...». Сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонаш. Предложенеш таллар. Къамел хьаьнга до хоуьйту дешнаш бил- галдахар. Предложении маь1не хьаьжжина, х1ун ала мегар ду царах? Кхайкхар, тидам Небохуьйтург, Недерзар. Вайн таханлерчу урокан ц1е х1ун ю? (Т1едерзар.) Х1унда къастийна вай иза? 34 Т1еч1аг1дар. Сада1аран минот. 1амат т1ера бакъо ешар (§§ 18, 19). Барта кхочушдо шардар № 101. Дуьйцу сацаран хьаьркех лаьцна. Дешархоша шаьш болх бар. Варианташкахь т1едиллар кхочушдо. Урокан жам1 дар. Недерзар билгалдаккха, сацаран хьаьркех дийца. Шардар № 103. Щахь: доттаг1чуьнга кехат язде, «хьоме доттаг1, сан дика на- кьост, лераме мама, .,..» юкъа а далош. Белхан тетрадь № 36. Рефлекси. Дешархоша урокан мах хадор. Со тахана кхетта я ца кхетта... Шуна Дела реза хуьлда! 1одика йойла! Урокан чулацам: Чолхе предложенеш. Урокан тайна', кхетам кхолларан урок. Урокан 1алашо: цхьалхе а, чолхе а предложенеш къасто хаар; предложении грамматически лард лаха 1амор; 1алам деза а, лардан а 1амор. Урок д1аяхьар Дешархойн ойла т1еерзор. Стенна ха деш бу хьо, лам (?) Аса ларбеш бу Къоьзан-1ам (.) Х1унда 1алашбо ахьа иза (?) Т1аьхьенна лууш и биса (.) Муха ду цу чуьра хи (?) Цунах хьоьгуш хиллал тхи (!) Дешнийн маь1на дастар. Сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонаш йийцар. 35 Хаарийн актуализации Хаттаршца болх. Предложени стенах олу? Аларе хьаьжжина маса тайпана хуьлу уын? Предложении меженех лаьцна х1ун хаьа вайна? Дешнаш т1ехь болх. КъоъзанАам, т1аъхъенна, тхи. Керланиг довзар. Интерактивни уьн т1ехь йолчу таблици тГехь болх бар. I Цхьаболчара эшарш лий- кхира, забаре суьрташ гайтира. Схьакхеттачу малхо аре- наш серлаехира. II |