Русский язык. 5кл.язык книга. 5чу классехь нохчийн мотт хьехаран методически куьйгалла хьехархошна г!оьнна СоьлжаГ1ала ао ипк Грозненский рабочий
Скачать 237.44 Kb.
|
§§ 25-35; шардар № 175. 1'ефлекси. Дешархоша шаын бинчу белхан а, урокан а хьесап до. 63 2. Элпаш: мукъа деха аз, доца аз, дифтонг мукъаза къора аз, зевне аз - Шуна Дела реза хуьлда! Урокан чулацам: Транскрипцех кхетам. Урокан тайпа: кхетам кхоллар. Урокан 1алашо: транскрипцех кхетор; фонетиках лаьцна 1амийнарг т1еч1аг1дар; къинхьегаме а, 1аламе а шовкъ кхиор. Дешархойн ойла т1еерзор. Пуллакхан ловзар. «Ц1а». («Самукъане грамматика». Аг1о 44. Эд лов С.Э.) Дешнийн маь1на достуш, керла дешнаш а девзаш, болх бар. Долчу хаарийн актуализаци. Дешнийн диктант. Зезаг, латта, баьццара, х1оъ-докъар, уьстаг1ий, куьйгаш, ваха, ваха толам. Дешнаш т1ехь болх: нийсаяздаран кеп, аларехь, хазарехь йол башхалла. Стенах олу аз? Стенах олу элп? Къамелан аьзнаш 1амочу 1илманан ц1е х1ун ю? Нийсаяздарх х1ун олу? Керланиг довзар. Уьн т1ехь д1аяздина ду дешнаш: Ткъа - т1къа, Ницкъ - ниц1къ, Дуьххьара - дуьхьхьара, Юккъе - йукъкъиэ, Даккха - дакхкха. Вай йозанехь муьлхачу б1ог1амалгара дешнаш яздо? Шолг1ачу б1ог1амалгара дешнех х1ун ала мегар ду? (Уын вай м! аллара яздина ду.) Урок д1аяхъар 64 Дешархоша хьехархочун г1оьнца урокан ц1е йоккху. Леррина тидамца йоыну бакъо § 36. Сада1аран минот. Т1еч1аг1дар. 1аматца болх. Кхочушдо шардар № 185 (уьн т1ехь). Дешархоша шаын болх бар. Пхиппа дош транскрипцехь д1аязде. Урокан жам! дар. Синтаксически таллам бо. Барт бону доьзал - доьхна ц1а. Транскрипцехь дГаязйо изза предложени. Ц1ахь: § 36; шардар № 186. Рефлекси. Бераша урокан хьесап до. Синквейн х1оттор. (Дешархоша шаьш.) Транскрипци. Дела реза хуьлда! Урокан ц1е: Лексикологех кхетам. Урок тайна: дуьххьара довзийтаран урок. Урокан 1алашо: лексикологех кхетам балар; дешан лексически маь1на талла хаар; ненан матте безам кхиор. Урок д!аяхьар Дешархойн ойла т1еерзор (мотиваци). Д1аяздо: Ваша воцу ваша - т1ам боцу леча. Ваша воцу йиша - марг1алан сара. Кицанийн маь1на дастар. Дешнаш т1ехь болх. Долчу хаарийн актуализаци. Кицанаш т1ехь болх д1абахьар: а) билгалдаха деха а, доца а аьзнаш; б) дифтонг шеца йолу дош схьалаха. 65 Хатгаршца 1амийнарг карладаккхар. Дешнаш 1амочу Тилманах х1ун олу? Муьлха тайпа предложенеш евза вайна? Аьзнаш 1амочу Гилманах х1ун олу? Керланиг довзар. Хьехархочо масех дошам (словарь) гойту дешархошна («Нох- чийн-оьрсийн словарь». Мациев А.Г., 1961 шо; «Дош». Исмаилов А.Т., 2009), дуьйцу (дешархойн г1оьнца ) церан маь1на а, уын х1итторан 1а- лашо а. Меттан дерриг дешнех лексика олу, и дешнаш 1амочу Гилманах лексикологи олу. Меттан лексика кхуьуш а, хийцалуш а хилар. (Дешархоша уро- кан ц!е билгалйоккху. Галашо къастайо.) Т1еч1аг1дар. Гамат тГехь болх. Бакъо йоыну. (Лексически а, грамматически а маьГнаш къастор.) Барта кхочушдо шардар № 189. СадаГаран миног. Тобанашкахь болх бар. Шардар № 188: а) синтаксически таллам бо предложении (xlopa тобано цхьацца предложени); б) дуьйцу нохчийн меттан а, кхечу меттанашкара тГеэцна а дешнаш муьлханаш ду. Урокан жам! дар. Интерактивни уьн т1ехь ялийна кийсак ю; т1еэцна дешнаш схьа- яздо. «Болх Далла т1е билла, аяташ деша, хуучара къулхГанаш деша, са- лават дилла. Духур дац вай, кхеран луур а доккхур дац. Дала яздинарг бен, хир дац, яздинчух довла меттиг а бац вайн. Доха ма дохалаш, к1ентий!..» (А. А.) Ц1ахь: § 37, еша; шардар № 190. Рефлекси. Дешархоша урокехь бинчу белхан шаын хьесап до. Билгалдоккху, шаьш урокехь кхеттарг х!ун ду: 66 Суна ца хаьара... Х1инца суна хаьа... - Шуна Дела реза хуьлда! Годика йойла! Урокан чулацам: Дешан нийса а, тардина (тГедеана) а маьГнаш. Омонимаш. Урокан тайна: хаарех пайдаэцаран урок. Урокан 1алашо: дешнийн маьГна цхьаъ а, масех а хила йиш юй хаийтар; тардина маьГна нийсачух къасто хаар; омонимийн башхаллаш йовзийтар, дозуш долу къамел кхиор; ненан матте болу безам чГагШар. Пиллакх-оьздангаллица кхе- тош-кхиор. Урок д1аяхьар Дешархойн ойла тГеерзор. ДГаяздо: «ГГиллакх динан ах ду». Пиллакх датах муха кхета шу? ХГокху кицанан х1ун маьГна ду? Шуна уггар дика хеташ долу гГиллакх муьлханиг ду? Долчу хаарийн актуализаци. Г. ЦГера болх тобанашкахь вовшийн таллар. ХГора тобано 5 нохчийн, 5 тГеэцна дешнаш даладо. Лексика стенах олу? Лексически а, грамматически а маьГна билгалдаккха дешнийн. дитт, синтар, пондар, бер, xlopd Керланиг довзар. Г. ДГаяздо дешнаш: коч, мотг, йовлакх, кГади, лерг, дашо сахьт, дашо куьйгаш, тГулган керт, тГулган дог, ов, цГе, ча, бепиг, хьех, мара. Дуьйцу хГора дешан маьГна. Билгалдоккху дешнийн цхьа маьГна, масех маьГна, нийса маьГна, тардина маьГна хилар. Керлачу урокан тема къастайо дешархоша, Галашонаш билгалйоху. Масех маьГна долчу дешнийн масалш даладо. 67 Т1еч1аг1дар. Шина дешархочо йоыну §§38,39, дуьйцу, шаын муха кхета деш начух. Сада1аран минот. Кхочушдо шар дар № 191 (барта). Дешархошка шайга болх байтар: шардар № 192. Недиллар кхо чушдар толлу (тобано). Урокан жам1 дар. Интерактивни уьн т1ехь долу т1едиллар кхочушдо. Маь1на де xlo кху дешнийн: кахьар - ц1ай - пхьаг!ат - шахьар - к1ошт - г1айре - товха - ч1ишталг - Ц1ахь: §§ 38, 39; шардар № 194. VII. Рефлекси. Хаарийн тускар дузар. Дош маь!на цхьаъ нийса масех тардина л Урокан чулацам: Синонимаш. Антонимаш. Урокан тайна: кхетам кхолларан урок. Урокан 1алашо: синонимаш, антонимаш х1ун ю хаар, церан маь1на довзар; лексикех долу хаарш совдахар; ненан матте болу безам кхиор. Урок д!аяхьар Дешархойн ойла т1еерзор (мотиваци). Суйнаш туьйсуш Корах летта Суьйре йог1у. Куьзга догу. Буьйсано шен Дарцо цунна Б1о чулоьхку. Т1ехь тир йоху. (Окуев Ш.) 68 Стихотворени ешча, х1ун сурт xlyrry б1аьргашна хьалха? Муьлха дешнаш ду шуна ца девзаш? Кхечу дешнашца муха ала мегар ду х1окху байтан чулацам? Долчу хаарийн актуализаци. Ц1ера болх кхочушбар толлу эксперташа шайн-шайн тобанехь. Уьн т1ехь долчу мог1анашкахь тардинчу маь1нехь лела дешнаш билгалдахар. Тобанаша г1уллакхан ловзар д1ахьо: хьалхарчара ширделла дешнаш олу, ткъа вукхара дуьхьал керла дешнаш даладо; карточкаш т1ехь болх бо. Керланиг довзар. Уьн т1ехь далийна дешнаш ду: Тарсал - цицхолг, диттан пхьагал, цестарг; чиркх - къуьда, стогар, лампа; шовда - хьаст, къулла; говр - дин, алаша, айг1ар. Хьан эр дара аша, х1ун маь1на ду оцу дешнийн? (Гергара.) Ткъа х1окху дешнийн маь1на муха ду? (Дуьхьала.) мерза - къаьхьа къона - къена лекха - лоха сирла - бодане хаза - ирча буьйса - де. Вай урокан ц1е муха билгалйоккхур яра? Синонимаш, антонимаш. Маь1на муха ду оцу дешнийн? Т1еч1аг1дар. 1. Сада1аран минот. 2.1амат т1ехь болх. Иоьшу §§ 40, 41. Кхочушдо шардарш 199, 200. Тобанашкахь ловзар: - дош олу, - синоним олу, - дош олу, - антоним ялайо. Алсам дешнаш далийна тоба тоьлла лору. 69 Ц1ахь: еша §§ 40, 41. Белхан тетрадь. №№ 77, 78. Рефлекси. Дешархоша шаьш урокехь бинчу белхан хьесап до. - Сайн классерчарах суна къасто лаьа: 1.... 2.... Хаарийн тускар чу кхин х1ун т1екхетта вайн? Дешнаш. МаьГна: цхьаъ, масех, нийса, тардина, омонимаш, синонимаш, антонимаш, .... Урокан чулацам: Фразеологизмаш я дешнийн ч1аг!делла цхьаьнакхетарш. Урокан тайна: кхетам кхолларан урок. Урокан 1алашо: дешнийн ч1аг1делла цхьаьнакхетарш (фразеологизмаш) дешар- хошна довзийтар; къамелехь фразеологизмех пайдаэцар. Урок д!аяхьар Дешархойн ойла т1еерзор (мотиваци). Дешар - серло, цадешар - бода. Сихалла - сонталла, собар - кхетам. Кицанийн маь1нех муха кхета веза? Хьанна хаьа хьалхарчу кицанна масал дало? Шолг1ачунна? 70 Долчу хаарийн актуализаци. Вай дийцинчу кицанашкахь антонимаш лаха. Дифтонгаш йолу дешнаш билгалдахар. Шала мукъазнаш яздаран бакъо карлаяккхар. Ц1ера болх цу хенахь эксперташа толлу. Антонимаш юкъахь долу кицанаш далор. Керланиг довзар. Уьн т1ехь гойтуш дешнийн цхьаьнакхетарш ду. Барта цаьрца предложенеш х1иттош, церан маь1на дастар; цул т1аь- хьа д1аяздо уьш тетрадаш т1е. Бурч йоьхкина - дов дина, корта бетта - дехарш дан, яхийта хьайн алаша - д1аг1о, д1авала кхузара, б1аьрг-нег1ар тохале - сиха, ц1е яьлча санна - чехка, ц1арна а ц1еяхна - дика вевзаш, г1араваьлла. - XIapa дешнаш вовшахдаьхча, маь1на хуьлий церан? (Ца хуьлу.) Царах муха цхьаьнакхетарш ала мегар ду? (Ч1аг1делла.) Кхечу кепара муха олу царах? (Фразеологизмаш.) Оьрсийн меттан урокехь 1амийний аша и тема? Масал дало хьанна хуур дара? Вайн урокан ц!е муха билгалйоккхур яра вай? Стенна оыну вайна фразеологизмаш 1амо? Т1еч1аг1дар. Юьхьанцара. Йоьшу бакъо § 42. Текстаца болх. Шардар № 204. Берашца сада1аран минот д1аяхьар. Дешархошка шайга болх байтар. (Шардар № 206.) Тобанашкахь болх: фразеологизмаш ялае х1окху маь1ница: а) Iexop - б) к1адо яр - в) дукха сиха, чехка - г) саьхьара - 71 Урокан жам1 дар. Стоьла т1ехь ду: туьха, г1аж, т1улг, маха, сара, ... Дийца, муьлха ч1аг1делла цхьаьнакхетарш дагадохкуьйту цара. Ц1ахь: § 42; шардар № 207. Маттах лаьцна долу ч1аг1делла цхьаьнакхетарш даладе. (Баккхийчеран г1оьнца.) Рефлекси. Дешархоша урокан хьесап шаьш до, билгалбоху урокехь дика а, ледаро а болхбинарш. Хаарийн тускар т1едузу. Дела реза хуьлда! 1одика йойла! Урокан чулацам: Лексикологех 1амийнарг карладаккхар. Урокан тайна: хаарш зеран, т1еч1аг1даран урок. Урокан 1алашо: лексикологех 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар; тесташ т1ехь болх бар, xlopa дешархочун темех долу хаарш зер, таллар; нохчийн меттан хазалла йовзар, даггара цуьнга йолу марзо кхиор. Урок д!аяхьар Дешархойн ойла т1еерзор (мотиваци). Буьйцуш берг бу нохчийн мотт, Ахь д1аяккха лерган ... (потт). Дешнийн маь1на дастар. Долчу хаарийн актуализаци. Лексика бохург х1ун ду? Лексикологи стенах олу? Керланиг довзар. Урокан тайпа а, кеп а йовзийтар. Тесташ язъяран башхалла а, 1алашо а йийцаре яр. Дешархоша шаьш болх д1ахьо тесташ т1ехь. Урокан жам! дар. 72 Ц1ахь: бакъонаш карлаяха, дешан хоттамах 1амийнарг карла щккха. Рефлекси. Суна хии ... Суна атта хеттарг ... Баркалла! 1одика йойла! Тест №1 Лексикологино 1амадо: элпаш, дешнаш, аьзнаш, предложенеш. Дешнийн маь1на хуьлу: доца, жима, хала, нийса. Т1еэцна дош билгалдаккха: серло, ламаз, маршо. Омонимаша гойту: тайп-тайпана маь1на, гергара маь1на, дуьхьалара маь1на. Лаха омоним: г1иллакх, къам, шовда, кхаж. Симонимаша гойту: тайп-тайпана маь1на, гергара маь1на, дуьхьалара маь1на, цхьа а маь1на ца гойту. Синонимаш ялае: хьал - чехка - хаза- к1ант - Антонимаша гойту: тайп-тайпана маь1на, дуьхьалара маь1на, гергара маь1на, цхьа а ца гойту. Антонимаш ялае: дика- жима - готта — лекха - Недеана маь1на долу дешнаш къастаде: б1аьрзе стаг, б1аьрзе ойла, дера акхарой. Антонимашна буха сиз хьакха: Аьхка 1иллинарг 1ай идда. Хабар доца - муш беха. Фразеологизмаш олу: дешнийн парг1атчу цхьаьнакхетарех, дешнийн ч1аг1деллачу цхьаьнакхетарех, вовшашца уьйр йоцчу дешнийн цхьаьнакхетарех. Ч1аг1деллачу цхьаьнакхетарийн маь!на досту дешнаш даладе: бурч йоьхкина - мотт багахь кхаба - вуса а велла - |