Главная страница

Русский язык. 5кл.язык книга. 5чу классехь нохчийн мотт хьехаран методически куьйгалла хьехархошна г!оьнна СоьлжаГ1ала ао ипк Грозненский рабочий


Скачать 237.44 Kb.
Название5чу классехь нохчийн мотт хьехаран методически куьйгалла хьехархошна г!оьнна СоьлжаГ1ала ао ипк Грозненский рабочий
АнкорРусский язык
Дата10.04.2022
Размер237.44 Kb.
Формат файлаdocx
Имя файла5кл.язык книга.docx
ТипДокументы
#459289
страница7 из 10
1   2   3   4   5   6   7   8   9   10

Тест №2

  1. Меттан дерриг дешнех олу:

  • фонетика,

  • синтаксис,

  • лексика.

  1. Дешнаш лелаш хуьлу:

  • тардинчу маь!нехь,


74





  • чолхечу маь1нехь,

  • аьзнийн маь1нехь.

  1. Словараш х1итторан 1илма ду:

  • лексика,

  • лексикологи,

  • лексикографи.

  1. Масех маь1на долчу дешнех олу:

  • синонимаш,

  • омонимаш,

  • антонимаш.

  1. Гергара маь1на долчу дешнех олу:

  • синонимаш,

  • антонимаш,

  • омонимаш.

  1. Дуьхьалара маь1на долчу дешнех олу:

  • синонимаш,

  • омонимаш,

  • антонимаш.

  1. Ялае антонимаш: майра -

дуьне - т1ом - еха-

  1. Ялае синонимаш: говр

[ареал - гамо -

  1. Цхьа маь1на долу дош лаха:

  • куьг,

-дин,

  • марха,

  • мохь.

  1. Недеана маь1на долу дош къастаде:

  • шера мотт,

  • шера т1улг,

  • чехка хи.

  1. Антонимашна к1ел сиз хьакха: Собар - Делера, сихалла - шайт1анера,


75


<





Дика лулахо - тешам, вон лулахо - эшам.

  1. Дешнийн ч1аг1деллачу цхьаьнакхетарх олу:

  • фразеологизм,

  • историзм,

  • неологизм.

  1. Фразеологизмийн маь1на даста: зарзар хилла века -

ц1е яьлча санна вог1у - ж1аьлеш хи т1е диггал -

  1. Фонетически таллам бе: илли.


Тест №3

  1. Лексикологи олучу 1илмано 1амадо:

  • дешдакъош,

  • элпаш,

  • аьзнаш,

  • дешнаш.

  1. Нийса маь1на долу дош лаха:

  • т1улган керт,

  • т1улган дог,

  • тГулган амал.

  1. Т1еэцна дош билгалдаккха:

  • корта,

  • серло,

  • мотоцикл.

  1. Тайп-тайпана маь1на долчу дешнех олу:

  • антонимаш,

  • омонимаш,

  • синонимаш.

  1. Синонимаша гойту:

  • цхьа маь1на,

  • масех маь1на,

  • гергара маь1на.

  1. Дуьхьалара маь1на долчу дешнех олу:

  • антонимаш,

  • синонимаш,

  • омонимаш.


76


Ji





  1. Ялае антонимаш: мерза -

стомма - б1аьрмециг - к1ант -

  1. Ялае синонимаш: г1ала-

шовда - лампа -

  1. Омоним лаха:

  • маршо,

  • ницкъ,

  • т1ам,

  • пондар.

  1. Ледеана маь1на долу дешнаш къастаде:

  • д1аьвше лаьхьа,

  • д1аьвше мотт,

  • 1аьржа буьйса.

  1. Антонимашна буха сиз хьакха:

К1езиг дечо дукха дуьйцу.

Дешар - серло, цадешар - бода.

  1. Фразеологизмаш олу:

  1. Фразеологизмийн маь1на даста: бага са а кхаьчна -

1одара ваьлча санна - логах тоххал а ца хилира -


Урокан чулацам: Дешнаш кхолладалар.

Урокан тайпа: дуьххьара довзийтаран урок.

Урокан 1алашо:

  1. дешнаш кхолладаларан тайп-тайпана некъаш довзийтар;

  2. дешан хоттамах долу хаарш карладахар, т1едузар.

  3. Даймахке болу безам кхиор.


77





Урок д1аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор (мотиваци).

Х1етал-метал хаийла шуна:

  1. Бежанан ц1е - стоьман ц1е (хьайба);

  2. Докъар - экха (ча);

  3. Вуьжу меттиг - къамелан меже (мотт);

  4. Налха боккху г1ирс - олхазаран ц1е (куьйра).

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. Хьалхарчу урокехь йинчу тестех лаьцна дийцар, церан жам1аш

довзиитар. Х1оранна тидам тГебахийта дезаш йолу тема билгалъяк- кхар.

Индивидуальни болх бан безаш болу дешархой къастор.

  1. Х1окху дешнех предложенеш х1иттае:

Гела, бел, латта, ахка — 1елас белаца латта охку.

Дика, Ниллакх, амал, йоьзна ю - Дика амал Диллакхах йоьзна ю.

  1. Даймохк, бу, моз, мерза - Даймохк мазал мерза бу.

  1. Керлачунна т1едахар.

  1. Лами Дера охьавосса:

Стаг Юьртахо

Стага юьртахочо

Стеган юьртахочун

Стагана юьртахочунна

  1. Дешнийн хийцалуш доцу дакъа билгалдаккхар.

Д1а+ала д1а+вада

Схьа+ала схьа+вада

Мангал+хо, пондар+ча, деша+р, хаза+лла.

Т1ехтохам, д1аалар, чулацам.

Х1у + тосург, беж + 1у, Дай + мохк, т1о + берам.

  1. Мотт - д1авуьжу мотт, буьйцу мотт.

Т1ам - олхазаран т1ам, не1аран Дам.

- Дешархоша урокан тема билгалйоккху, дуьйцу дошкхолладала- ран некъех лаьцна.

  1. Т1еч1аг1дар.

Сада1аран минот.

  1. Юьхьанцара: шардар № 210.

  2. Дешархошка шайга болх байтар: шардар № 212.


78





  1. Тобанашкахь болх:

  1. дешхьалхе йоцу 5 дош дал аде;

  2. суффиксаш йолу 5 дош даладе;

  3. ши дош я орам вовшахкхетта 5 дош даладе.

  1. Урокан жам1 дар.

Йоьшу бакъо § 43.

  1. Ц1ахь: шардар № 213 я 214.

  2. Рефлекси.

Урокехь бинчу белхан мах бераша шаьш хадабо.

  • Суна-м со темех кхетта хета...

  • Тахана хало дара суна ...

  • Со кхета а ца кхийти ...

Дела реза хуьлда! 1одика йойла:

  1. а, гергара дешнаш а къасто хаар,

  2. нийсаяздаран бакъонаш ч1аг1ъяр;

нохчийн матте безам Урокан чулацам: Дешан хоттам. Орам а, гергара дешнаш а. Урокан тайна: хаарех пайдаэцаран урок.

Урокан 1алашо:

  1. дешан орам кхоллар.


Урок д1аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор.

  1. «Па» ц1е йолу ту а, гергара дешнаш а къасто хаар,

  2. нийсаяздаран бакъонаш ч1аг1ъяр;

нохчийн матте безам Урокан чулацам: Дешан хоттам. Орам а, гергара дешнаш а. Урокан тайна: хаарех пайдаэцаран урок.

Урокан 1алашо:

  1. дешан орам кхоллар.

ьйра довзийтар («Самукъане грамматика», arlo 73. Эдилов С.Э.).


  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. Ц1ера болх эксперташа тобанашкахь толлу.

  2. Индувидуальни карточкаш т1ехь болх (3-4 дешархо).

  3. Цу хенахь уьн т1ехь болх бо (дешархо т1е а кхойкхуш).

Дешнаш Дешхьалхе Орам Чаккхе.

схьавог1у схьа вог1 У

д1авоьду д!а воьД У

къолам ца

вол У


къоламца

араволу


ара


79




схьакхечи

схьа

кхеч

и

юхавала

юха

вал

а

доттаг!чуьнца

-

доттаг1

чуьнца

III. Керлачунна т1едахар.







Уьн тГехь болх бо 3 дешархочо.

Яздина ду 3 дош.




Яздан

Талла

Дийца




Яздар

таллар

дийцар




Яздархо

таллархо

дийцархо




Яздийриг

д1аталла

дийцийта




Д1аяздо

теллина

дуьйцург




Схьаяздо

тГеталла

схьадуьйцург




Яздойтург

толлу

д1адуьйцу




- Х1ун ала мегар ду х1окху дешнех лаьцна?





  • Гергара дуй уьш вовшийн? Х1унда?

  • Церан юкъара дакъа муьлханиг ду?

  • Вайн урокан ц1е муха билгалйоккхур яра вай?

  • Орам. Гергара дешнаш.

  1. Т1еч1аг1дар.

  1. Йоьшу бакъо § 44.

  2. Кхочушдо шардар № 217 (барта).

  3. Сада1аран минот.

  4. Дешархоша шаьш кхочушбо болх (шардар № 219).

  1. Урокан жам! дар.

Интерактивни уьн т1ехь д!аяздина ду дешнаш: хелиг, схьавеа, чаьмза, лекханиг, дустург, кхоамза, охьалахло, шалла, кхоллам, бешара, кхиам, кхосса, гергара, бекарг, схьавола, барха, пурхнехьа, охьанехьа, моттарг1а, къоламца, хьостам.

  • Тобанашкахь болх. Схьаяздо х1окху кепара:

  1. Дешхьалхе ерш;

  2. Суффиск ерш;

  3. Дешхьалхе, суффикс йоцурш.

  1. Ц1ахь: еша бакъо § 44; шардар 220.

  2. Рефлекси.

1. Бераша шаьш урокехь бинчу белхан мах хадабо.



2. Кластер xlorrop.


Дешан хоттам


дешхьалхе

орам


суффикс

чаккхе


Дела реза хуьлда! 1одика йойла!


Урокан чулацам: Дешан чаккхе. Дешхьалхе.

Урокан тайна: хаарех пайдаэцаран урок.

Урокан 1алашо:

  1. дешхьалхе а, дешан чаккхе а къасто хаар;

  2. оцу дешдакъойн синтаксически гГуллакхех кхетор;

  3. г1иллакх-оьздангаллица кхетош-кхиор.

Урок д1аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор (мотиваци).

Адамаш ду лекха лаьмнел,

Малхал а сирла ду уьш...

Адамийн йовхо ца хилча Даима хир дара 1а ... (Рашидов Ш.)

  • Муха кхета вай х1окху дешнийн маь1нех?

  • Ледеана маь1на долуш дешнаш дуй кхузахь?

  • Х1унда боху поэто иштта?

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. Ц1ера болх эксперташа толлу.

  2. Язйинчу байтан билгалдаьхначу дешнаш т1ехь болх: орам къас- тор, гергара дешнаш далор.

  3. Интерактивни уьн т1ехь болх: чаккхе ю я яц?

Молха. чалтач. дитташ, баркалла, болар. дахаро, вотанча, дозанхо^ хьекъале, ламанан, тулг!е. тховх, лоппаг, маттаца, 1ежийн, з1оьмалгах, хьозане, синтаро, ахархо, бахам. полларчий, хьархочун, акхтаргаш, г1иллакхо, нийсархо, къонах, доттаг1чо.

  • Чаккхе йоцу дешнаш схьаяздо, орам къастабо.

  1. Керланиг довзар.

1. Д1аяздо х1окху кепехь (3—4 дош яздан мегар ду): д1а - лаца, деха, вала, вола, баккха, дига;


81





схьа - кхосса, вада, вола, хила, кхача; ара - вала, кхосса, хеца, вада, эккха; чу - вига, такха, кхача, шарша, лачкъа; т1е - карчо, харца, кхача, вига, восса; хьала - татта, кхета, кхосса, вига, эккха; охьа - восса, кхета, вада, 1ена, леда, хила.

  • Дешнийн маьГнаш хийцаделлий? (Хийцаделла.)

  1. Дожарийн хаттаршна жоп а луш, хийца:

кор - коран, корана, коро, кораца, корах, коре, корал.

  • Дешнийн маь1на хийцаделлий? (Хийца ца делла.)

  • Вай къастийна дешдакъош муьлханаш ду?

  1. Урокан ц1е дешархоша билгалйоккху.

  2. Сада1аран минот.

  1. Т1еч1аг1дар.

  1. 1амат т1ехь болх бар. Йоьшу §§ 45,46.

  2. Кхочушдо шардарш №№ 221, 226 (барта).

  3. Тобанашкахь болх. Белхан тетрадь. № 84.

  1. Урокан жам1 дар.

Дешхьалхе - иза дешан корта бу.

Орам - иза дог ду.

Чаккхе — иза дешан маьГна ца хуьйцу бедар ю, амма цо накъосталла до.

  1. Ц1ахь: §§ 45-46 бакъо 1амо, шардар № 225.

«Стела1ад» т1ера дийцаран кийсак схьаязъе, дешхьалхе йолу деш- наш билгалдаха.

  1. Рефлекси.

  • ХГинца суна хуур дара ...

  • Къаьсттана суна дика хаьа ...

Урокан чулацам: Суффикс.

Урокан тайна: хаарех пайдаэцаран урок.

Урокан 1алашо:

  1. суффиксан тайпанаш а, маь1на а довзийтар;

  2. дешан хоттам талла хаар;

  3. ненан матте йолу марзо кхиор.


82


I





Урок д1аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор (интерактивни у).

Дуьнен чохь xlopa а стеган ду декхар Дахарехь диканиг йита шен лар.

Адамехь тоьлларг ду сийлалла лехар,

Стогалла - г1ийланиг, мисканиг гар. (Пашаев Н.)

  • Дешнийн маь1на дастар, муьлхачу маь1нехь далийна дийцар. Ма- салш дахарера далор.

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. Бераша вовшийн ц1ера болх таллар.

  2. Синтаксически таллам бо предложении (хьехархочун г1оьнца): Ч1ег1ардигаша тхан учахь бина бен леррина тергалбора цициго.

  • Ши орам вовшахкхетарца кхолладелла дош дуй кхузахь?

Цу хенахь карточкаш т1ехь болх д1ахьо 3-4 дешархочо.

  1. Керланиг довзар.

Урок йолалуш ешначу стихотворени юкъара билгалдаьхна дешнаш схьаяздо, церан орам къастабо.

Диканиг, декхар, тоьлларг, сийлалла, лехар, стогалла, г1ийланиг, мисканиг.

  • Даладо церан гергара дешнаш; дуьйцу орамна т1ехьа лаьтташ долчу дакъоша -ниг, -р, -лла, -рг керла маь1на луш хилар. Уын ю оцу дешнашкахь суффиксаш.

Урокан ц1е йоккху дешархоша шаын.

  1. Т1еч1аг1дар.

  1. Йоыну § 47.

  2. Барта кхочушдо № 228 шардар.

  3. Сада1аран минот.

  4. Дешархошка шайга болх кхочушбайтар.

Шардар № 229.

Яздинарг толлу.

  1. Урокан жам1 дар.

  1. Т1адамийн метта суффиксаш яхка.

Аьлла... дети делахь а, цааьлла... деши ду.

Сиха... - сонта..., соба... - кхета... .


83





2. Суффиксаш шина тайпана хилар.

  1. Ц1ахь: 1амо бакъо § 47, кхочушдан шардар №231.


  1. Рефлекси.

  1. Дешархоша шаьш урокехь бинчу белхан мах хадабо.

  2. Шайх къаьсттана дика болх бинарг билгалвоккху.

  3. Жоп ло:

Аса урокехь ... (болх бира, садаь1ира, сагатдира).

- Шуна баркалла! Дела реза хуьлда!

Урокам чулацам: Лард.

Урокам тайма: кхетам кхолларан урок.

Урокам 1алашо:

  1. хаа деза, лард стенах олу, муьлха дешдакъош юкъадог1у цунна;

  2. дешан хоттамах долу хаарш совдахар;

  3. ненан матте йолу дог-ойла ч!аг!ъяр.


  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  • Дешан хоттам муха бекъало?

  • Стенах олу орам? Дешхьалхе? Чаккхе? Суффикс? Гергара деш- наш муьлханаш ду?

Тобанашкахь болх. Суффиксашца дешнаш кхолла:

-хо, -та, -мча, -р, -м.

  1. Керланиг довзар.

  1. Ц1. юьртахо 1) Хьалха долчу хаттаршна жоп луш,

Дл. юьртахочун легадо юьртахо дош.

Л. юьртахочунна 2) Къастайо чаккхенаш.


Урок д1аяхьар

I. Дешархойн ойла т1еерзор (мотиваци).


Мила ву (ю)?


Муха кхолладелла xlapa дешнаш?


  • Ч1ерий лоьцуш верг? -

  • Хьелий узуш ерг? -

  • Нийса топ тухуш верг? -

  • Кхийра пхьег1аш еш верг? -

  • Пхьалг1ара аьчкан пхьар? -


(Ч1ерийлецархо)

(Хьелиозархо)

(Иччархо)

(Куьпчи)

(Аьчк-пхьар)


84





Др. юьртахочо 3) Дуьйцу, муха кхолладелла ду дош

К. юьртахочуьнца юьртахо.

X. юьртахочух М. юьртахочуьнга


Дс. юьртахочул

2. Дешхьалхенийн г1оьнца дешнаш кхолла: Д1аведира схьаэлира араведира

Лецира лецира тилира

Тилира делира делира

Делира кхоьссира таь1ира


Билгалдаккхар. Дешан чаккхе д1аяьккхича бухадуьсучу дешан де- къах лард олу.

  1. Т1еч1аг1дар.

Сада1аран минот.

1амат т1ера бакъо ешар. § 48.

Дешархоша шаьш болх кхочушбо.

Шардар № 232. Лардаш билгалйоху.

  1. Урокан жам1 дар.

Белхан тетрадь. № 95.

  1. Щахь: 1амо бакъо § 48, кхочушдан № 233 шардар.

  2. Рефлекси.

Дешархоша шаьш урокан хьесап дар.

Кластер х1оттор.


Урокан чулацам: Схьадевлла а, схьадовлаза а дешнаш. Урокан тайна: кхетам кхолларан урок.

Урокан 1алашо:

  1. схьадевлла а, схьадовлаза а дешнаш довзийтар;

  2. дешнийн латтамах долу хаарш ч1аг1дар;

  3. къинхьегаме безам кхиор.





Лард


дешхьалхе орам суффикс


85


Ь\





Урок д1аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор.

Д1адийнарг т1едалаза дуъсур дац.

Klado йина, яхъ ма ло, 1ай т1ейог1ур ю хало.

  • Кицанийн маь1на дастар. Бераша шайн кхетам бовзуьйту.

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. Эксперташа шайн тобанашкахь ц1ера болх таллар д1ахьо.

  2. Уьн т1ерачу кицанех пайда а оьцуш, билгалдоху дешхьалхенийн а, суффиксийн а г1оьнца кхолладелла дешнаш.

  3. Дешнийн диктант.

Схьавог1у, д1авоьду, араволу, схьакхечи, юхавала, чукхосса, т1еви- га, дехьатаса.

  • Дешан хоттаман таллам бо.


  1. Керланиг довзар.

  1. Интерактивни (я вуыита у) уьн т1ехь шина б1ог1амалгахь яздина ду дешнаш:

г1ала + хо дика + лла юрт + ара + (ахо) *

шела + хо хаза + лла говза + лла + (нча)

пондар + ча талла + р + хо

лам + аро аха + р + хо

  1. Дуьйцу дешнийн кхолладаларх лаьцна.

Пала, Шела, юрт, пондар, лам, ... - схьадовлаза дешнаш ду.

Царах кхоьллинарш схьадевлла ду.

  1. Урокан тема дешархоша билгалйоккху. Иза 1аморан 1алашо юьй-

цу-

  1. Сада1аран минот.


  1. Т1еч1аг1дар.

  1. Йоыиу § 49.

  2. Кхочушдо шардар № 234 (барта).

  3. Дешархоша шаьш болх кхочушбо (шардар № 235).

Схьалаха совнаха дош:

  1. Нана, йо1, говзанча; 4. Беш, бешахо, бешлелорхо;

  2. Деша, дешар, дешархо; 5. Юрт, хьун, хьуьнхо;

  3. Ха, хехо, хелиг; 6. Чувеана, т1евахна, ведда.


86


у





  1. Урокан жам1 дар.

  • Стенах олу орам? Лард? Дешхьалхе?

  • Х1ун ду церан маь1на?

  1. Щахь: 1амо бакъо § 49, кхочушдан шардар № 237.

  2. Рефлекси.

  1. Дешархоша шаып урокехь бинчу белхан хьесап до.

  2. Шу муьлхачу мог1арехь ду?

  • Хаарш совдаха лаьа.

  • Урокехь дерриг кхеташ ду, халонаш яц.

  • Цхьана х1уманах ца кхета.

  • Дела реза хуьлда! Марша 1ойла!

Урокан чулацам: 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар. Урокан тайна: т1еч1аг1даран урок.

Урокан 1алашо:

  1. 1амийнарг (дешан хоттамах) карладаккхар;

  2. хаарш т1еч1аг1дар;

  3. ненан маттаца йолу марзо совъяккхар.


Урок д/аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор.

Ловзар «Дош кхолла». Белхан тетрадь. № 94.

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. Дешархоша вовшийн ц1ера болх толлу.

  2. Далийнчу дешнашкахь схьадовлаза а, схьадевлла а дешнаш билгалдахар.

  3. Къастае лардаш.

  4. Стенах олу лард?


  1. Пуллакхан ловзар.

  1. Т1едиллар: яздина цхьа дош ду, кхин цхьаъ т1е а тохий, керла дош кхолла.

Урам + некъ - урамнекъ

Х1у + тосу - xlyrocypr

Жа + 1у - жа1у

Са + пха - синпха


87


и





Къа + хьегам - къинхьегам

Б1аьрг + са - б1аьрса

Х1орд + кема - х1ордкема

  1. Дешнаш кхолладаларан некъаш карладахар. Масалш далор.

  2. Сада1аран минот.

  1. Т1еч1аг1дар.

Дешархошка шайга болх кхочушбайтар.

  1. Тобанашкахь болх. 1аматан дошам т1ера схьадевлла дешнаш схьалаха.

  • Билгалъяьккхинчу хенахь муьлхачу тобано алсам гулдина уьш?

  1. Белхан тетрадь. № 98.

  1. Урокан жам1 дар.

1. Синтаксически таллам бо предложенина.

Арахь ткъес детташ дог1а дог1ура.

Ц1ахь: карлаяха бакъонаш §§ 43-49, шардар № 238.

Рефлекси.

Синквейн xlorrop.

  • Баркалла! Дела реза хуьлда!

Урокан чулацам: Талламан болх «1аьнан мур».

Урокан тайна: хаарш таллар.

Урокан 1алашо:

  1. дошкхолладаларх долу дешархойн хаарш таллар;

  2. нийсаяздаран бакъонаш ч1аг1ъяр;

  3. 1аламе безам кхиор.


Урок д!аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор.

Маршаллица дешархой т1еэцар, таханлерчу урокан башхалла йов- зийтар.

Талламан болх язбаран 1алашо муха ю довзийтар.

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

- Дешан хоттам стенах олу?


88


К





  • Х1ун дакъош ду цунна юкъадог1уш?

  • Муха къастало суффикс а, чаккхе а?

Масалш далор.

  1. Керланиг довзар.

Диктантана лерина йолу текст йовзийтар.

1аьнан мур

Тамашийна хуьлу Дег1астанахь т1аьххьара 1аьнан мур. Хьал цаху- ург атта Iexop ву цо.

Цхьадолу денош хуьлу, б1аьстенан денош санна, довха. Ишттачу дсношкахь малх а хуьлу, б1аьста санна, доллу х1ума серла а доккхий. Цуьнан йовхачу з1енаршца массо а садолчу х1уманан сапарг1ат а док- кху, церан са а къерадолуьйту.

Иштта денош даьхкича, дукхахболчу х1усамнаноша эсий уьйт1а а дохий, уьш уьйт1ахула уьдуйту.

Кегий бераш хуьлу царах ч1ог1а самукъадолий, царна т1аьхьадевдда лелаш. (70 дош.)

  1. Грамматически т1едиллар.

  1. Х1усамнаноша - дешан хоттам талла;

  2. Схьаязде 5 схьадалаза дош.

  1. Урокан жам1 дар.

  2. Ц1ахь: 1амийнарг карладаккха.

  3. Рефлекси.

Суна вуно хала хийтира ...

Талламан болх бара ...

- 1одика йойла! Дела реза хуьлда!

Урокан чулацам: Ц1ердош.

Урокан тайна: кхетам кхолларан урок.

Урокан 1алашо:

  1. ц1ердешан маь1нех кхетор, грамматически билгалонаш къастор,

  2. дозуш долу къамел кхиор;

  3. 1алам деза а, лардан а 1амор.


89





Урок дТаяхьар

  1. Дешарна ойла т1еерзор.

Интерактивна уьн т1ехь ду Ахмадов Мусан дешнаш:

Ламанан юрт. Цу юьртана гонаха лаьтташ гуш ю пепнийн, нежнийн хьун. Ткъа и х!аваъ! Хетарехь, кху xIoho
ерзор яра мел д1аьвше а хьу ...

  • Дешнийн маь1на дастар. Xlynyiu долчу суьртах лаьцна шайн ой- ланаш йийцаре яр.

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

Тобанашкахь болх. Къовсадаларан кеп.

Гайтинчу схемица алсам дешнаш далор.

  1. Керланиг довзар.

  1. Уьн т1ехь долчу мог1анашкахь билгалдаьхначу дешнашца болх бар: хаттарш х1иттор, маь1нех кхетор, билгало къастор.

  2. Х1уманаш, адам билгалдо,

Мила? х1ун ю? хаттарш до.

Ойла яй, хьо дийдий вала,

Муьлха дакъа ду со, ала? (Щердош.)

  1. - Х1унда аьлла оцу дешнех ц1ердешнаш?

  2. - Вай урокан ц1е муха хир ю?

  3. Сада1аран минот.

  1. Т1еч1аг1дар.

  1. 1амат т1ехь болх. Иоыпу § 50.

  2. Кхочушдо № 240 шардар (барта).

  3. Тобанашкахь болх (шардар № 243).

  4. Дешнийн диктант:

Мела дог!а. дашо малх. сийна стигал. 1аьржа латга. доккха ц!а. юк- кьера кор. 1ежийн беш. сийлахь майралла. деза г!иллакх. говза пон- дарча.

  • Къастадо ц1ердешнаш, дуьйцу деран маь1на.

  • Схьадевлла дешнаш дуй царна юккъехь?

  1. Урокан жам1 дар.

Совнаха дош къастаде:

дохк да хазалла

х!аваь нана бералла


90





ткъес ваша г1иллакх

сиха сахьт яздо

  1. Ц1ахь: 1амо бакъо § 50; шардар № 242.

  2. Рефлекси.

  1. Дешархоша шаыи бинчу белхан хьесап дар.

  2. Белхан тетрадь. № 100.

Дела реза хуьлда! 1одика йойла!

Урокан чулацам: Юкъара а, долахь а ц1ердешнаш.

Урокан тайна: хаарех пайдаэцаран урок.

Урокан 1алашо:

  1. юкъара а, долахь а ц1ердешнаш къасто 1амор;

  2. нийсаяздаран бакъонаш шаръяр;

  3. 1аламе болу безам кхиор.

Урок д1аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор.

... Къона нана-б1аьсте хьийза,

Лаьмнийн х1усам къагаеш.

Ч1ана дитташ зазца хийци,

Комаьрша куьг кхачадеш. (Сатуев Хъ.)

  • Дешнийн маь1на дастар.

  • Дешнийн авторан ц!е хьанна хаьа?

  • Х1ун ю стихотворении ц1е?

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. Дешархоша вовшийн ц1ера болх толлу, дуьйцу.

  2. Уьн т1ехь йолчу байтан юкъара ц1ердешнаш билгалдахар, церан маь1на дийцар, хаттарш х1иттор, бакъо йийцар.

  3. Тобанашкахь ц1ердешнаш далор:

  • школех лаьцна, - 1аьнах лаьцна,

  • х1усамах лаьцна, - гергарлонех лаьцна.

  1. Керлачунна т1едигар.

  1. Б1ог1амалгахь д1аяздина ду xlapa дешнаш:

Да - Адам, Мохьмад, ... Хи - Орга, Терк,...


91





Нана - Хеда, Хьава, ...

К1ант - Ахьмад, 1иса,...

Йо1 - Марет, 1айнаъ, ...

Хьехархо - Набату Дагаевна.

Турпалхо - Нурадилов Ханпаша.

(Интерактивни уьн т1ехь болх бар).

  1. Дуьйцу д1аяздинчу дешнийн башхаллех лаьцна.

  2. Къастайо урокан ц1е, д1аязйо иза.

  3. Сада1аран минот.


Х1орд - 1аьржа, Каспийски,... Пала - Грозный, Москва, ... Юрт - Шела, Эвтара,... Журнал - «Стела1ад», «Орга». Дийцар - «Зайнди», «Баппа».


  1. 1амийнарг т1еч1аг!дар.

  1. Иоыну 1амат т1ера §51, масалш т1ехь болх.

  2. Кхочушдо № 245 шардар.

  3. Дешархошка шайга болх кхочушбайтар.

Тобанашкахь болх. Д1аязйо:

а) г1аланийн ц1ерш, б) яртийн ц1ерш, в) хин ц1ерш, г) яздархойн ц1ерш, д) иллиалархойн ц1ерш.

« I

  1. Урокан жам1 дар.

  1. Юкъара дешнаш х1унда олу?

  2. Долахь ц1ерш х1унда олу?

  3. Караде совнаха дош:

  • ала, дийца, вола, бер;

  • мохк, аре, илли, Муса;

  • лулахо, Аза, Медни, 1умар.

  1. Ц1ахь: 1амо бакъо § 51, кхочушдан шардар № 246. Баккхийчаьрга маь1на хатта:

дуьйраш - чич - чуьйраш - т1о -

йоькаш - сий - бегаш - балоз (воск) -

гаьллаш (удила) - хенак1ур (дятел) - гоьмаш (кандалы, оковы) -

  1. Рефлекси. 1. Дешархоша урокехь бинчу балхах лаьцна шайна хе- тарг олу, билгалбоху кьаьсттана дика болх бина шайн какьостий.

2. Хаарийн тускар дузу.

Щердош

мила? х1ун? муьлш?
х1ума билгалйо, юкъара а, долахь а.


92








Урокан чулацам: Ц1ердешнийн цхьаллин а, дукхаллин а терахь. Урокан тайна: урок-кхетор.

Урокан кеп: дешнаш т1ехь а, текстаца а болх; тобанашкахь къовса- далар; къамел кхиор; г1уллакхан ловзар.

Урокан 1алашо:

  1. ц1ердешнийн терахьах кхетам балар;

  2. дешан латтамах долу хаарш т1еч1аг1дар;

  3. г1иллакх-оьздангаллица кхетош-кхиор.

Урок д!аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор.

Туьран чов йирзина, олу,

Меттан чов йоьрзуш яц цкъа а!

Пиллакхан новкъа бер долу,

Нохчийн мотт буьйцуш ша даккхахь. (Кибиев М.)

  1. Дешнийн маь1на дастар.

  2. Щердешнаш къастор.

  3. Щердешнийн бакъо а, билгалонаш а йийцар.

  1. Хаарийн актуализаци.

  1. Ц1ера болх бийцаре бар.

  2. Тобанашкахь болх д1абахьар.

  1. XIopa тобанна т1едиллар ло кехат т1ехь, долахь ц1ердешнаш да- ладе, олий:

  • ц1е: - дийнаташ:

  • хи: - газеташ, журналаш:

  1. Юкъара ц1ердешнаш даладе:

  • 1алам: - адаман амал: - вахар:

  • х1уманаш: - говзалла:

  1. Керланиг довзар.

  1. Интерактивна уьн т1ехь болх.

  2. Суффиксийн г1оьнца (-м, -аш, -наш, -маш, -рчий) дешнех керла дешнаш кхолла:

забар - забарш седа - седарчий

книга - книгаш полла - полларчий

амал - амалш беш - бошмаш


93


буц - бецаш г1иллакх - гТштлакхат

лам - лаьмнаш духар - духарш

  1. Билгалдоккху. муха хийцаделла и дешнаш, х1ун маь1на ду церан х1инца! (Дукхалла гойту.)

  2. Дешархоша урокан тема билгалйоккху.

  3. СадаГаран минот.

  1. Т1еч1аг1дар.

  1. Бакъо йоыиу § 52. Кхочушдо № 250 шардар.

  2. Ц1ахь маь1на хатта аьлла деллачу ц1ердешнех дийцар.

Дукх. терахь: дуъйраш, чуъйраш, йоъкаш, бегаш, гаьллаш, гоъмаш, нехаш.

Цхь. тер: чич, mlo, сии, балоз, хенак1ур, жаг1а.

  1. Урокан жам1 дар.

Белхан тетрадь. № 104.

  1. Ц1ера болх: 1амо бакъо § 52, шардар № 252.

  2. Рефлекси.

Синквейн я кластер xlorrop.

Щердош

х1уманаш билгалйо, мила? муьлш? х1ун? дукхаллин, цхьаллин терахь, юкъара, долахь.

- Шуна массарна Дела реза хуьлда!


Урок д1аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор.

Кицанаш т!ехь болх: чекхдаха долийнарш.


94



Да-нана цалеринарг (наха_а ца лерина).

Шен ненан сий лардечо (Даймехкан сий лардийр ду).

Пиллакхца бен, (къонах хилла вац).

  • Кицанийн маь1на дасга, дийца, х1унда кхоьллина уып халкъо.

  1. Хаарийн актуализаци.

  1. Ц1ера болх а, цуьнца нисъелла халонаш а. (Дешархоша, вовшийн тетрадаш а хуьйций, ц1ера болх толпу.)

  2. Тобанашкахь болх.

Билгалъяьккхинчу суффиксца дешнаш дал аде.

-ш - забарш, книгаш, хабарш, хиш,

-аш - кораш, г1анташ, дитташ, кемсаш,

-наш - аренаш, лаьмнаш, хьаннаш,

-маш - бошмаш, г1ожмаш,

-рчий - полларчий, черчий, седарчий.

Дешнаш алсам далийна тоба тоьлла лору.

  1. Кицанаш юкъара ц1ердешнаш къастадо, х1иттадо хаттарш, бил- галдок1сху терахь, юкъара я долахь ду, юьйду бакъонаш.

  1. Керланиг довзар.

Поьнан хандешнаш а далош дукхаллин терахье даха ц1ердешнаш,

  • к1ант ву - кГентий бу (божарийн класс);

  • зуда ю - зударий бу (зударийн класс);

  • серло ю - серлонаш ю;

  • бер ду - бераш ду;

  • толам бу - толамаш бу;

  • 1аж бу - 1ежаш ду.

Дешархоша урокан тема къастайо.

3.1аматан 139-140 аг1он т1ера таблица а, бакъо а тидаме эцар.

  1. Сада1аран минот.

  1. Т1еч1аг1дар.

1.1аматт1ера шардар № 256 кхочушдо.

  1. Интерактивни уьн т1ехь болх.

Щердешнаш дукхаллин терахье дохуш, классни гайтамаш бил- галбе.

Стаг, бос, юьхь, бо, йо1, айп, диг, аьрзу, кхор, наж, г1ум, хьач, туьрк, жут, тулг1е, pari.

Масала: стаг ву - нах бу - 1 кл.


95





  1. Урокан жам1 дар.

  1. Белхан тетрадь. № 108.

  2. Маса грамматически класс ю нохчийн маттахь? Муха декъало ц!ердешнаш?


  1. Щахь: 1амо бакъо § 53, шардар № 255.

  2. Рефлекси.

Бераша шаьш урокехь бинчу белхан хьесап до.

  • Урокан чулацам су на ...

  • Массо а х1уманал сан нисделларг ...

  • Баркалла! Дела реза хуьлда!

Урокан чулацам: Ц1ердешнийн грамматически классаш. (Шол rla урок.)

Урокан тайна: хаарех пайдаэцаран урок. • ]

Урокан 1алашо:

  1. ц1ердешнаш грамматически классашка нисдан хаар;

  2. 1амийнарг т1еч1аг1дар;

  3. шен ненан матте марзо кхиор.

Урок д1аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор.

Т1адамийн метта дог1у дешнаш а далош, т1едуза ч1аг1делла цхьаь накхетарш.

... нег1ар ца тухуш (б1аьрг-);

... ши дош дан (дашах);

... хилла века (зарзар); логера ... баста (шад);

... багахь кхаба (мотт).

  • Маь1на даста. Х1унда олу дарах ч!аг!делла цхьаьнакхетарш?


  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. Эксперташа шайн-шайн тобанашкахь ц1ера болх таллар д1ахь

  2. Дешнийн диктант.

Интерактивни уьн т!ехь болх.


96





  1. 4-чу класса чу дог1у ц1ердешнаш схьалаха: г1иллакх, Даймохк, яхь, собар, адамалла, малх, гур, кор, лор, латта, 1ам, олхазар, т1оьрмиг, юрт, говр, дош, шекъа, ц1ий, дог, пхьар, хьостам;

  2. 5-чу класса чу дог1у ц1ердешнаш къастаде: сараг, лаам, йол, ка, кхоллам, сийлалла, кечам, к1ажа, сацкъар, б1ешо, дечиг, г1ирс, майда, бахам, болам, йис, бен, г1улч, морзах, некъ, маршалла, тешнабехк, оза- безам, х1орд, дегабаам, хох, яй, кад.

  1. Дешархошка шайга болх кхочушбайтар.

  1. Карточкаш т1ехь болх.

  2. Тобанашкахь болх. Ялае:

  • дийнатийн ц1ерш,

  • акхаройн ц1ерш,

  • олхазарийн ц1ерш,

  • диттийн (стоьмийн) ц1ерш,

  • зезагийн ц1ерш.

Билгалъяккха церан грамматически класс.

  1. «Стела1ад» журнал т1ехь болх.

  • Муьлхха а цхьана дийцар юкъара итт ц1ердош даладе, церан клас- саш къастае.

  1. Урокан жам! дар.

Караде совнаха дош:

  1. г1ант, к1ант, диг, б1ар;

  2. йо1, нана, лулахо, сурт;

  3. серло, малх, ойла, юрт.

  1. Ц1ахь: бакъо
    1   2   3   4   5   6   7   8   9   10


написать администратору сайта