Русский язык. 5кл.язык книга. 5чу классехь нохчийн мотт хьехаран методически куьйгалла хьехархошна г!оьнна СоьлжаГ1ала ао ипк Грозненский рабочий
Скачать 237.44 Kb.
|
Цхьаболчара эшарш лий- кхира, вукхара забаре суьрташ гайтира. Малх схьакхийтира, ткъа цо аренаш серлаехира. Предложенеш талла а толлий, дешархоша билгалдоккху: 1-чу б1ог1амалгера предложенеш цхьа бух болуш хилар, Н-чу б1ог1амалгер- наш ши бух болуш хилар. Ишттачу предложенех цхьалхе а, чолхе а предложенеш олу. Урокан ц1е билгалйоккху бераша шаьш. Сада1аран минот. Т1еч1аг1дар. Бакъо ешар № 20. Чолхе предложенеш схьакъастор (шардар № 104). Дешархоша шаьш болх кхочушбар (шардар № 108). Урокехь 1амийнчун алгоритм х1оттор. Цхьа хаам бу, цхьа предложении бух бу. Цхьалхе предложени. Шиъ я цул сов предложении бух бу, шиъ я цул сов хаам бу. Чолхе предложени. VI. Ц1ахь: § 20, шардар № 108. 36 VII. Рефлекси. Синквейн xlorrop. Предложени. Баркалла! Дела реза хуьлда! Урокан чулацам: Хуттургаш йоцу чолхе предложени. Урокан тайна: хуучу хаарех пайдаэцаран урок. Урокан 1алашо: чолхечу предложенийн башхаллех кхетор; нийсаяздаран бакъонаш йовзийтар; патриотически ойланехь кхетош-кхиор. Урок д1аяхьар Дешархойн ойла т1еерзор. ...Оха шух дозалла до, к1ентий, Парг1ато аш елла тхуна. Пийлачийн хилла вежарий, XIopa шух хьоме ву суна. (Ахматова Р.) Дешнийн автор мила ву? Хьанах лаьцна ду xlapa дешнаш? Х1окху мог1анийн маь1на муха ду? Хаарийн актуализаци. Ц1ера болх дешархоша вовшийн толлу. Комментировании яздар. Интерактивни уьн т1ехь йолу кийсак таллар. Т1ееана 1уь...ре кхоьлина ...ра, ерриг стигал мархаш... д1алаьцне- ра, саццаза т1е...хуш дог1а а дара. Ед...а йоьду зама, хьо д1ахьаьжна а валале, к1ира чекхдолу. Церг...ш а лахош, ша сан...а ши...ла дара ш...вда. Дахказа диена элпаш караде. Цхьалхе а, чолхе а предложенеш къастае. Х1ун билгалонаш ю оцу предложенийн? Керланиг довзар. 1.1амат т1ера № 109 шардар таллар: а) предложенеш чолхе хилар т1еч1аг1дар; б) уып вовшахтосуш болу г!ирс билгалбаккхар. 37 XIopa тобано шишша предложены д1аязйо оцу шардар юкъара. Дешархой керлачу темина т1ебуьгу, цуьнан ц1е йоккху. Т1еч1аг1дар. Шина-кхаа дешархочо д1айоьшу §21. СадаГаран минот. Дозуш долу къамел кхиор. Чекхъяха xlapa предложенеш, таллам бе царна. Дарц д1атийра, амма ... (малх ца хьаьжира). Лай т1ехь маьлхан з1енарш къегара, бакъду (арахь шийла яра)... Дин некъаца бевза, ткъа (к!ант аренда вевза). Урокан жам1 дар. Д1адаккха маь1ница нийса доцу дош. Подлежащи хаттаран кхачам Сказуеми дийцаран xlerre а Къастам яьржина амма Щердош айдаран делахь а Ц1ахь: § 21, шардар № 110 я № 111. Рефлекси. Дешархоша шаып урокехь бинчу белхан хьесап до. Билгалбоху шайна юкъара къаьсттана дика жоьпаш делларш. Суна х1инца хуур дара ... Суна тахана хала хийтира ... Шун 1одика йойла! Урокан чулацам: Ма-дарра къамел. Урокан тайна: кхетам кхолларан урок. Урокан 1алашо: ма-дарра къамел бохург х1ун ду хаар, интонации башхалла йов- зар; нийсаяздаран бакъонаш йовзийтар; ненан матте безам кхиор. 38 Г” Урок д1аяхьар Дсшархойн ойла т1еерзор. Ахмадов Мусан «Зингатан къамел» стихотворени ешар, цуьнан маь1на дастар, дахарера масалш далор. Хаарийн актуализаци. Ц1ера болх эксперташа шайн-шайн тобанехь толлу. Хаттаршца болх. Шайн хоттамашца предложенеш маса тайпана хуьлу? Чолхе предложени муьлхачух олу? Муьлха хуттургаш хила тарло чолхечу предложенехь? Вовшийн rlo а деш, схемашца предложенеш х1иттае. , ткъя 1иса сецира, ткъа Ахьмад д1авахара. Хьоькхура шийла мох, амма бераш ца кхоьрура х1инца. — xlcrre а Хьажар ненан г1ийла дара, xlerre а новкъавелира к1ант. Дуьйцу оцу хуттургийн маь1на. Керланиг довзийтар. Д1аяздо уьн т1ехь а, тетрадаш т1ехь а: «Адаман синц1еналла цуьнан ненан маттаца ю», - аьлла Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Л.Н. Толстойс аьлла: «Нохчийн мотт уггар хазчу а, хьалдолчу а мсттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Предложенеш теллинчул т1аьхьа билгалдоккху ма-дарра къамел и, авторан дешнаш а. Урокан ц1е йоккху бераша шаьш. Йоьшу § 22 бакъо. Т1еч1аг1дар. Сада1аран минот. Кхочушдо шардар № 113 (схьаязйо 5 предложени). Дуьйцу, муьлханаш ду авторан дешнаш а, ма-дарра къамел а. Х1унда? 39 Жам1 дар. Х1унда олу вай «ма-дарра къамел»? Муха яздан деза иза? Щахь: § 22, шардар № 116. Рефлекси. Урокехь шаьш бинчу белхан хьесап деш, интерактивни уьн Tlexi гойтуш йолчех къаста а йой, д1айоьшу фразеологизмаш: дечунна мало йоцуш; хьацарна п1елг хьоькхуш; деш-дуьтуш доцуш; бага малх кхетта. Дела реза хуьлда! 1одика йойла! Урокан чулацам: Ма-дарра къамелехь сацаран хьаьркаш. Урокан тайна: довзийтаран урок. Урокан 1алашо: ма-дарра къамелехь сацаран хьаьркаш дахкаран бакъонаш йов- зийтар; нийсаязъяран бакъонаш ч1аг1ъяр; ненан матте йолу марзо кхиор. Урок д!аяхьар Дешархойн ойла т1еерзор. Уьн т1ехь гойтуш Махмаев Жамалдинан сурт ду, яздина xlapa деш- наш ду: «Сан дахарехь хилла я соьгара даьлла жимма а Предложени т1ехь болх д1абахьар: дешнийн маь1на; грамматически бух; юкъара дош, цхьанатайпана меженаш; хуттургаш. 40 Хаарийн актуализаци. Уьн т1ехь йолчу предложенехь авторан дешнаш а, ма-дарра къа- мсла кьастор. Муьлхачух олу ма-дарра къамел? Х1унда олу иштта? Муха яздо ма-дарра къамел? Ц1ера болх вовшийн таллар. Керланиг довзар. Д1аяздо: Айдамиров Абузара яздина: «Дала массо а къомана шен-шенна мотт белла». «Дала нохчийн къомана беллачу вайн ненан меттан пусар х1унда цо до вай?» - лазамца хоьтту яздархочо. Оцу шина предложенехь сацаран хьаьркаш х1итторан башхал- наш тидаме а оьцуш, дуьйцу, муха къастадо ма-дарра къамел йозанехь. Урокан ц1е билгалйоккху дешархоша шаын. Т1еч1аг1дар. Сада1аран минот. Бакъо йоьшу § 23. Кхочушдо шардар № 117 (барта). Дешархошка шайга болх байтар. Шардар № 118. Схемаш х!иттор. Урокан жам1 дар (интерактивни уьн т1ехь). Ма-дарра къамел шеца долу предложени кхолла: (Дегабааме вистхилира 1али) (тхоьга йотталур яцара и б1ов). (Нохчаша йицйина къоман хьалхалера говзаллаш) (халахетарца дуьйцура воккхачу стага). Ц1ахь: §§ 22, 23; шардар № 119 я № 120. Рефлекси. Суна хГинца хуур дара ... Xlapa халахета суна, ... Со дика кхетта тахана ... Шуна Дела реза хуьлда! 1одика йойла! 41 f Урокан чулацам: Диалог. Урокан тайпа: кхетам кхолларан урок. Урокан кеп: текстаца болх, дешнаш т1ехь болх, къамел кхиор, то- банашкахь болх. Урокан 1алашо: диалогах кхетам балар; нийсаязъяран бакъонаш шаръяр, дозуш долу къамел кхиор; ненан матте безам кхиор. Урок д1аяхъар Дешархойн ойла т1еерзор (мотиваци). Б1аьрхиш ледош, арахь гуьйре йоьлху, Шийла г1айг1а деган кеда 1уьйдуш. Вовшаххьерчаш мокха мархаш хьолху, Стиглахь лечкъош маьлхан можа нуьйда. (Дакаев С.) Муха ойла кхоллало xlapa дешнаш дешча? Х1ун сурт xlyrry вайи б1аьргашна хьалха? Ткъа тахана арахь долу сурт муха ду? Вайна ца дсвзаш дешнаш дуй кхузахь? * Долчу хаарийн акзуализаци. Вовшийн тетрадаш хуьйний, дешархоша ц1ера болх толлу. Белхан тетрадь. № 42. Сацаран хьаьркаш х1итгаде, бакъо йийца. Керлачунна дешархой г1ебигар. 1. Уьн т1ехь долу дешнаш деша а доьшуш, тидаме оьцу церан яздар. 1илма сийлахь ду я бахам сийлахь бу? 1илма сийлахь ду. Стаг маца вевза? Новкъахь, аренгахь лулахь. Могуш хиларал диканиг х1ун ду? Дика ву аьлла, ц1еяккхар ду. Валарал вониг х1ун ду? Вон ц1е яккхар ду. Оьзда цахиларо х1ун гойту? Аьшпаш боттар. Ден-ненан сий цадар. Шен къоман мотт, г1илла- кхаш цахаар. (Эдилсултанов I.) Маса адам ду х1окху къамелехь дакъалоцуш? Шина дешархочуьнга йоьшуьйту кийсак. V Хаттаршца болх: Муьлха сацаран хьаьркаш дехкина кхузахь? Ма-дарра къамел дуй xlapa? Л вторая дешнаш дуй кхузахь? Ишттачу къамелах х1ун олу вай? Урокан тема дешархоша къастайо. Диалог. Т1еч1аг1дар. Сада1аран минот. Йоьшу § 24. Масалш дийцаре до. Дешархоша яххьашкахь доыну шардар № 121. Вовшашца диалог х1оттайо, йоьшу (школех я шайн доьзалх ииьцна). Дешархоша шаьш болх кхочушбо. Шардар № 122. Урокан жам1 дар. Х1ун башхалла ю царна юкъахь? Ц1ахь: § 24; шардар № 123(1) я № 124. Рефлекси. Дешархоша урокехь бинчу белхан шаьш хьесап до. Тахана вайн урокехь къаьсттана х1ун хазахийтира шуна? Х1унда? Шу ца кхеташ дисна х1ума дацахь, т1араш тоха. Дела реза хуьлда шуна! 1одика йойла! Урокан чулацам: Синтаксисах, пунктуацех 1амийнарг карла- даккхар, т1еч1аг1дар. Урокан тайна: т1еч1аг1даран урок. Урокан 1алашо: синтаксисах, пунктуацех долу хаарш карладахарца т1еч1аг1дар; 43 1 нийсаяздаран бакъонаш шаръяр; г1иллакх-оьздангаллица кхетош-кхиор. Урок д1аяхьар Дешархойн ойла т1еерзор (мотиваци). Х1оранна хьалха охьайиллинчу 1амат т1ехь ду «Муха еха хьо, йок- кха стаг?» ц1е йолу дийцар. (Шардар № 125, arlo 74-75). Тидамца доьшу массара а. Дийцаран маь1на дастар. Х1ун ду-те кху дийцарехь коьртаниг? (Пийлачунна, мискачунна г1одар, ша деш долу дика нахалахь цакхайкхор.) И. Долчу хаарийн актуализаци. Эксперташа ц1ахь бина болх толлу, кечам бина воцург билгал- воккху. Arlo 74. Тидамца доьшу хаттарш. Фронтальни хаттарш дар. Масалш далор. Интерактивни уьн т1ехь йолчу текстаца болх (шардар № 128): т1едерзарш билгалдоху; диалоган бакъонаш юьйцу; « сацаран хьаьркаш х1иттадо. Хаарийн зер. Дешархоша шаьш бо болх. Ма-дарра къамелана т1ехьа далийна авторан дешнаш хьалха а до- хуш, схьаязйо предложенеш. (Шардар № 133.) Т1еч1аг1дар. Сада1аран минот. Тобанашкахь болх. Предложенеш х1иттайо (грамматически лар- дашца). т1екхечи де; Шамхан аравелира; нана елаелира; малхо серлаяьккхина; накъост д1авахара. Синтаксически къастам бо. |