Главная страница

Русский язык. 5кл.язык книга. 5чу классехь нохчийн мотт хьехаран методически куьйгалла хьехархошна г!оьнна СоьлжаГ1ала ао ипк Грозненский рабочий


Скачать 237.44 Kb.
Название5чу классехь нохчийн мотт хьехаран методически куьйгалла хьехархошна г!оьнна СоьлжаГ1ала ао ипк Грозненский рабочий
АнкорРусский язык
Дата10.04.2022
Размер237.44 Kb.
Формат файлаdocx
Имя файла5кл.язык книга.docx
ТипДокументы
#459289
страница5 из 10
1   2   3   4   5   6   7   8   9   10

Урокан жам1 дар.

  • Тахана вай бинчу белхан ц1е муха йоккхур яра вай?

(1амийнарг карладаккхар, т!еч1аг1дар).





Вай карладаьккхинарг х1ун дара?

(Синтаксисах, пунктуацех 1амийнарг.)

  1. Ц1ахь: §§ 19, 24; шардарш №№ 131, 132.

  2. Рефлекси.

Дешархоша урокан мах хадор, хаарийн тускар дузар:

  1. предложенийн тайпанаш;

  2. предложенийн хоттам;

  3. цхьалхе предложени;

  4. чолхе предложени;

  5. ма-дарра къамел;

  6. диалог.

- Шуна баркалла! Дела реза хуьлда!


Урокан чулацам: Талламан болх.

Урокан тайна: хаарийн гайтам;

Урокан кеп: текстаца болх.

Урокан 1алашо:

  1. дешархойн хаарш таллар;

  2. нийсаяздаран бакъонаш ч1аг1ъяр;

  3. къинхьегаме йолу марзо кхиор.

Урок д1аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор.

  • Маршалла хаттар.

  • Бан безачу белхан жоьпаллех дийцар.

И. Долчу хаарийн актуализаци.

  • Предложении меженаш.

  • Цхьалхе, чолхе предложени, хуттургаш.

  • Грамматически бух.

  • Т1едерзар.

  • Диалог.

  1. Диктантана лерина йолу текст йовзийтар.


1


)


45





Ханпашин жоп

Кест-кеста вовшашна уллохь нислора жа дажош волу ИбрахГим- мий, бажа бажош волу Ханпашший.

Ханпашина цхьацца хьехамаш бора воккхачу стага. Цо цунна дуьй- цура майраллех, доьналлех, стогаллех лаьцна. Ханпашас боккхачу бе- замца ладуг1ура воккхачу стага дуьйцучуьнга. Дуьххьалд1а Ханпаша зерхьама, Ибрах1има элира:

  • Ва Паша, нехан бежанаш дажош лелар эхь ду, ца аьлла хьоьга цхьаммо а?

  • Эхь, хьаха, ду нахе сискал йоьхуш лелча, - сихха жоп делира Хан­пашас.

  • Кхул тоьлуш болх бацара хьуна кхузахь?

  • Суна нефтекачке балха ваха лаьара, амма со д1а ца оьцу, жима ву, бохуш.

  1. Диктант д1аязйо.

  2. Т1едиллар.

  1. 2-чу предложенина синтаксически къастам бе. *

  2. Цхьанатайпана меженаш билгалъяха.

  3. Карае чолхе предложени, грамматически баххаш билгалбаха.

  4. Т1едерзар билгалдаккха.

  1. Урокан жам! дар.

  2. Ц1ахь: 1амийнарг карладаккха.

  3. Рефлекси.

  • Вайн уроках лаьцна х1ун эр дара аша?

  • Х1ун халонаш нисъелира шуна?

  • 1одика йойла!


Урокан чулацам: Фонетика. Мукъа а, мукъаза а аьзнаш. Урокан тайна: кхетам кхолларан урок.

Урокан 1алашо:

  1. фонетика стенах олу кхетам балар;


46






I





  1. аьзнаш кхолладаларан башхаллаш йовзийтар;

  2. элпаш а, аьзнаш а къасто хаар.

Урок Ыаяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор (мотиваци).

«Ширчу яртех дуьйцу цо,

Довзуьйтуш Даймехкан васт.

Вай туьйранех 1абадо.

Х1ун ю иза?» («Стела1ад» )

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

Схемица йог1уш диалог х1оттае:

-м?

-м!

-м.

Диалоган башхаллаш йийца.

  1. Керланиг довзар.

  1. Уьн т1ехь яздинчу дешнийн муьлхха а цхьа аз хийца: ког - куьг

берд - берг урам - орам ц1а - ц1е поп - топ сара - кара м1ара - ч1ара дума - дама

  • Хийцалой церан лексически маь1на?

  1. Цхьа аз ца хуьйцуш, рог1алла хийца аьзнийн: кад - дак, хало — лоха, лан - нал,

адам - дама, мара - рама, шад - даш;

  • Хийцаделлий лексически маь1на?

  1. Урокан тема дешархошка къастайойту.

  • Х1ун хаа (1ама) деза вайна х1окху урокехь?

  1. Къамелан аьзнаш 1амочу 1илманах фонетика олу.

  1. Т1еч1аг1дар.

Фонетика бохучу дешан маь1на. §§ 25, 26 ешар. Кхочушдо шардар № 139 — барта, № 141 — йозанехь.


47





СадаГаран минот.

Дешархоша шаьш болх д1абахьар (тоба):

Саи - (тай, лай, гай, т1ай, бай, бой).

Сара - (саба, салаз, самах, маса, Iaca, ...).

Г— говр, гата, горгали, ...

Л —леча, лам, лом, лор ...

  1. Щахь: §§ 25, 26; шардар 144.

  2. Рефлекси.

  • Вайн уроках лаьцна х1ун эр дара аша?

  • Х1ун хии вайна тахана? Хала х1ун хийтира шуна?

  • Вайна оьший иза 1амо?

  • Дела реза хуьлда! 1одика йойла!

Урокан чулацам: Нохчийн абатан д1ахоттам.

Урокам тайма: хуучу хаарех пайдаэцаран урок.

Урокан 1алашо:

  1. нохчийн абатан д1ахоттам бовзийтар;

  2. юьхьанцарчу классашкахь нохчийн абатах Гамийнарг карладак- кхар;

  3. йозанехь шалха элпаш нийсаяздар;

  4. 1алам деза а, лардан а 1амор.

Урок Ыаяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор.

К1айн ду и, ло санна,

Амма ло дац.

Мерза ду и, моз санна,

Амма моз дац.

Т1улг санна делахь а,

Ца лало хи.

Схьаалал х1инца ахь,

Х1ун ю ткъа и? (Шекар.)

Х1етал-металх кхетор.

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

1 X Iopa тобано шаьш шайн ц1ера болх толлу, жам1 до.


48


<





  1. Синтаксически къастам бе.

Оцу г1айре т1ехь дехаш акхарой а, олхазарш а дара. (Цхьалхе, дий- ниран, яьржина.)

  1. Керланиг довзар.

Дешнийн диктант.

Къоьзан-1ам, суьйре, лакхара, г1айг!а, Маваъ, ы!е, х1еч1аг1дар, г1ил- шкх. рицкъ. - Вайн нохчийн маттахь бен лелаш доцчу элпашна буха ( из хьакха. Муьлханаш ду уьш?

Х1ун олу ишттачу элпех? Кхин муьлха элпаш девза вайна и сан- нпрш? Х1ун тилла мегар ду вайн урокан ц1е? (Шалха элпаш.)

Маса шалха элп ду вайн абатехь? Муьлханаш ду уьш?

Йоыну § 27.

  1. Т1еч1аг1дар.

  1. Кхочушдо шардар № 145.

Сада1аран минот.

  1. Къовсадалар.

  • XIopa тобано шалха элпана шишша дош язде. Дийца, уьш муьлха к ьамелан дакъош ду.

  1. Урокан жам! дар.

Самукъане ловзар.

1. Даладе шалха элпаш юкъахь долу цДердешнаш:

  • Адамийн ц1ерш: Хьава. Мохьмад.

  • Хин ц1ерш: Джалкх. Соьлжа,

  • Зезагийн ц!ерш: боьразам (ландыш), к1айдарг (белая ромашка), иеДамат (мак).

  1. Ц1ахь: § 27; шардар № 146 я № 147.

Белхан тетрадь. № 50.

  1. Рефлекси. Хаарийн тускар.


Аьзнаш





Зевне


Къора


49








аз

т1?

аж

т?

ат

Д?

ап

л?

ан

с?

ад

г?

акх

п1?


  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. Тобанашкахь эксперташа ц1ера болх толлу.

  2. Дешнийн диктант.

Ангали, уьйт1е, кхокха, к1ант, къовсам, хьаьжкГаш, юьхк, яьстина, оьпа, т1ам, ч1ег1аг (сорока), ц1ирхьоза (синица).

- Шалхачу элпашна буха сиз хьакха.


  1. Керланиг довзар.

Кхаа б1ог1амалге дешнаш д1аяздо. Билгалдоккху, олучу хенахь маса аз хеза:

  1. дешан юьххьехь,

  2. мукъачу элпана т1ехьа,

  3. йишхадоран хьаьркана тГехьа.


еза - [йэ]за юрт - [йу]рт юьзна - [йуь]зна яьсса - [йаь]сса


д1ае - д1а[йэ]
д1аяа - д1а[йа]а
чуюьллу - чу[йуь]ллу
схьаяьлла - схьа[йаь]лла


50


I





язъян - яз[йа]н мацъелла - мац[йэ]лла т1еюхъюькъа - т1ех[йуь]къа т1еюхкур - т1е[йу]хкур

  1. Дешархоша урокан ц1е йоккху, 1алашонаш билгалйоху.

  2. Сада1аран минот.

  1. Т1еч1аг1дар.

  1. Йоьшу § 28.

  2. Кхочушдо шардар № 150. (Тобанашкахь болх.)

  3. Фонетически таллам бо яраш, езткъа дешнашна.

  1. Урокан жам1 дар.

  1. Элп ё оьрсийн маттара т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела.

  2. Йа, йаъ, йу, йуь, йэ хезачу дешнашкахь я, яь, ю, юь, е яздо.

  1. Ц1ахь: § 28 ; шардар № 149.

  2. Рефлекси.

Суна хиъна....

Суна 1емина....

- Дела реза хуьлда! 1одика йойла!

30. Урокан чулацам: Зевне а, къора а мукъаза аьзнаш. Урокан тайна: кхетам кхолларан урок.

Урокан 1алашо:

  1. мукъазчу аьзнийн тайпанаш довзийтар;

  2. нийсаяздаран бакъонаш шаръяр;

  3. йене болу безам кхиор.

Урок д1аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор.

Кицанийн маь1на дастар.

Боккхачу доъзалехь кхиънарг нахаца дика тарло.

Хъекъална к1орге йолчун мотт боца хир бу.

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

1. Дешархоша вовшийн ц!ера болх толлу, г!алаташ нисдо.


51





  1. Дешнийн диктант.

Го, гоь; ка, к1а, къа; лата, лаьтта; бух, бохь; га, rla; там, т1ам; пен, п1елг; це, ц1е; уче, уьстаг!.

Т1едиллар: билгалдаха мукъаза аьзнаш.

  1. Керланиг довзар.

  1. Д1аяздо: б, в, г, г1, д, ж, з, й, л, м, н, р, I - зевне мукъаза аьзнаш

(13);

п, nl, к, к1, кх, къ, хь, xl, т, ml, ш, с, ц, ц1, ч, ч1, ф, щ — къора мукъаза аьзнаш (19).

  1. Дешархоша аларехь къастайо аьзнашна юкъара башхалла - къо­ра а, зевне а.

  2. Билгалйоккху урокан ц1е.

4.1амат т1ера § 29 тидамца йоыну.

  1. Т1еч1аг1дар.

  1. Юьхьанцара. Кхочушдо шардар № 151 (барта).

  2. Дешархоша шаын болх кхочушбо (йозанца). Шардар № 153.

  3. Сада1аран минот. *

  4. Ловзар. Дика хьанна хаьа?

Класс шина декъе йоькъу.

  1. - зевненаш олу,

  2. - къоранаш даладо.

Б - п, в - ф, г - к, ж - ш, д - т, г1 - х, з - с, I - хь.

  1. Урокан жам1 дар.

Варианташкахь (тобанашкахь ) болх. Белхан тетрадь. № 54.

  1. Даладе дешнаш хьалха мукъаза зевне аз дерш: бос;

  2. Хьалха мукъаза къора аз дерш: сай.

  1. Ц1ахь: § 29; шардар № 154.

  2. Рефлекси.

Дешархоша урокехь шаьш бинчу белхан хьесап до.

- 1одика йойла! Дела реза хуьлда!

31. Урокан чулацам: Шала мукъаза элпаш.

Урокан тайна: кхетам кхолларан урок.


52


il,



Урокан кеп: дешнаш т1ехь болх, 1аматах пайдаэцар, тобанашкахь кьовсадалар, карточкашца болх.

Урокан 1алашо:

  1. шала мукъаза элпаш яздаран бакъонаш йовзийтар;

  2. нийсаяздаран некъаш шарбар;

  3. ненан матте безам кхиор.

Урок д1аяхьар

  1. Дешархойн ойла тГеерзор.

Уьн т1ехь:

Шен ненан мотт халкъо Сий ойбуш, 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато

Цхьаммо а хьошур яц. (Мамакаев М.)

  • Муха кхета шу дешнийн маь1нах?

  • Х1ун боху вайга авторо шен байтехь?

  • Муха маь1на ду 4-чу мог1анан?

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. XIopa тобанехь эксперто ц1ера болх толлу, кхачамбацарш дуьйцу.

  2. Шайн таблицех (зевне а, къора а аьзнаш) пайда а оьцуш, тоба- иашца шайн лаамехь шишша дош фонетически къастадо:

халкъо: х, къ - къора, л - зевне; ойбуш: й - зевне, ъ - йишхадоран, ш
- къора.

  1. Керлачунна т1едахар.

  1. Шина дешархочо уьн т1ехь дагардар д1аяздо:

  1. 1-10,11-20,

  2. мукъаза элпаш билгалдоху. Дуьйцу уын нийсаяздарх лаьцна. Цхьатерра мукъаза ши элп юххехь нисделча, царах олу шаламукъа- ш элпаш.

  1. Керлачу урокан ц1е дешархоша билгалйоккху, урокехь дан деза- чун хьесап до.

  2. Шаын даладо дахарера ц1ердешнаш, шала мукъаза элпаш кжъахь долуш.

  1. Т1еч1аг1дар.

  1. Йоыну § 30.


53





  1. Кхочушдо шардар № 156.

  2. Сада1аран минот.

  3. Карточкашца болх бо (4-5 дешархочо ). Цу хенахь уьн т1ехь дол- чу дешнашца болх:

хьажа - хьажжал тоха- тоххал

таса - охка -

хеца - йига -

вада - йила -

  1. Белхан тетрада т1ехь болх № 57.

  1. Урокан жам1 дар.

Совнаха дош къастаде (бакъонца ца дог1у дош д1адаккха). Гаьллаш, коьллаш, баьллаш, белхар, халсту, кхаллар, г1иллакх, г1уллакх.

  1. Ц1ахь: § 30; шардар № 158.

я

  1. Рефлекси.

  • Суна хиъна ....

  • Аса карладаьккхира ....

  • Суна 1емира ....

32. Урокан чулацам: Доца шеконан мукъа аьзнаш хандеш- нашкахь.

Урокан тайна: хаарех пайдаэцаран урок.

Урокан 1алашо:

  1. доца шеконан мукъа аьзнаш довзийтар;

  2. нийсаяздаран бакъонаш 1амор;

  3. 1алам деза а, лардан а 1амор.

Урок Ыаяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор.

  • Дешдакъошца дешнаш кхолла:

аьл ми (Аьлча, шича, ахча, чами, чада, чабол.)

ши ча да ах бол

  • Аша и мог!а бахбийр барий? (Тача, мача, маьхча.)


54




1. Ога -

огу + ра

ШолгГачу б1ог1амалгера дешнаш

луьста-

луьсту+ра

хандешнаш хилар билгалдоккху.

бога-

богу+ра

Карарчу хенахь а, у яздаран шеко йолуш

доьхка -

доьхку+ра

делахь, у яздо.

лоха -

лоху+ра




2. Дихки -

дихкина

Хандешнийн яханчу хенахь а, и

листа -

листана

яздар шеко йолуш делахь, и яздо.

веди -

ведира




хези-

хезнра




вийли -

вийлира





  • Муьлха аьзнаш ду вай шеко йолуш дийцинарш? (А, у, е.)

  • Таханлерчу урокан ц1е муха билгалйоккхур яра вай?


  1. Т1еч1аг1дар.

  1. Йоыну §31.

  2. Даладо шайгара мае ал ш.

  3. Кхочушдо шардар № 159.

  4. Дешархоша шаьш болх кхочушбо (тобанехь).

«Стела1ад» журналаш Мера схьаяздо доца шеконан аьзнаш долу дешнаш. Алсам дешнаш лехна тоба тоьлла ю.

  1. Белхан тетрадь. № 58.

  1. Урокан жам1 дар.

Чекхдаккха алар.

Говр терса, ткъа етт (1аьха).

Пийлачу ц1аро йотту, ткъа чехкачу ц!аро (морцу).

Котам ека, ткъа н1аьна (кхойкху).

  1. Ц1ахь: § 31; шардар № 160.


55




Диг

ага

Йо1

малх

орам

херх

кема

Моза

ага

зингат

алу

лекъ







Моша

ехк

parly

зу

абат







Буру

урчакх

















(Даймохк мазал мерза бу.)


  1. Долчу хаарийн актуализаци.

1. Ц1ера болх xlopa тобанехь эксперташа толлу.

2.1амийнарг карладаккхар, т!еч1аг1дар,

Синтаксически къастам бо.

Дог1а малделира, 1алам dlamuiipa.

Дукхаллин терахье даха xlapa дешнаш (тобанашкахь).

стаг - нах,

йиша - йижарий,

буьйса - буьйсанаш,

да - дай,

гуьржи -

нохчо -

лулахо -








шелахо - таллархо - яздархо - бер - илли -

- Дуьйцу элп й яздаран бакъонех лаьцна.

1. Шина б1ог1амалгахь ду дешнаш д1аяздина: динахь - дийнахь.


III. Маь1наш къастор.

Вина

Вийна

йина

йийна

кира

кийра

юьлу

юьйлу

сина

сийна


  1. Урокан ц1е дешархоша къастайо. Дуьйцу, стенна оылу и бакъо 1амор, йовзар.

  2. Сада1аран минот.

  1. Т1еч1аг1дар.

  1. Йоьшу §32.

  2. Кхочушдо шардар № 162.

  3. Тобанашкахь къовсадалар.

Предложенеш х1иттае.

Деша - деша.

Ваха - ваха.

Хица - хийца.

Сына - сийна.

Йина - йийна.

  1. Урокан жам1 дар.

Совнаха дош д1адаккха:

  1. Сай, куй, нуй, бух;

  2. Тега, деша, амал, лепа;

  3. Мохк, тайна, дийна, лийча.

  1. Ц1ахь: § 32; шардар № 163.


57





  1. Рефлекси.

  • Урокан чулацам суна...

  • Массо а х1уманал сан нисделларг ...

  • Х1ун оценка юьллур яра аша вайн урокана?

  • Дела реза хуьлда! 1одика йойла!

34. Урокан чулацам: Дифтонгаш.

Урокан тайна: кхеторан урок.

Урокан 1алашо:

  1. дифтонгех кхетам балар;

  2. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  3. ненан матте марзо кхоллар.

Урок д!аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор.

Кицанаш чекхдаха:

  1. Ч1ерана нека 1амо ма ... (г1ерта).

  2. Тешаме воцург ... (кхераме) ву.

  • Кицанийн маь1на дастар.

  • Кхин муьлха кицанаш хаьа вайна?

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. Ц1ера болх тобанашкахь эксперташа толлу.

  2. Индивидуальни болх. Карточкаш т1ехь болх.

  3. Вукхара дешнийн диктант язйо.

Нийса, к1айн, кхайкха, харжа, атта, шуьйра, готта, теш, ала, д1атий на, хатт, хьийза, rlan, къайле, лекха. (Нийсаяздаран бакъо.)

  1. Керланиг довзар.

Уьн т1ехь гойту:

«Буьйсанан бодануо сиэдарчий дийшийна,

Гуьйриэнан мархаша ламанаш хьулдина,

Набаруо г!иэлдина адамаш д1атийна,

Хьо х1унда йижац тиэ, сан биэрийн нана?»

  1. Тидам бе буха сиз хьаькхначу дешнийн.

  2. Цсран башхалла йийца.


58


  • Хьан эр дара, ишттачу аьзнех х1ун олу?

  • Вайн урокан ц1е муха билгалйоккху вай? (Дифтонгаш.)

  1. Т1еч1аг1дар.

  1. Йоьшу § 33. Барта кхочушдо шардар № 164.

  2. Сада1аран минот.

  3. Тобанашкахь болх. Х1иттае предложенеш:

ло — луо, оза -уоза, дог1а - дуог1а, еха - йиэха, деза - диэза.

  1. Урокан жам1 дар.

  • Дифтонг стенах олу?

  • Муьлха дифтонгаш евзина вайна?

  • Маца язйо дифтонг?

Иэ, уо метта х1ун яздо вай? (е, о.)

  1. Ц1ахь: § 33; шардар № 165.

  2. Рефлекси.

  • Урокан чулацам суна ...

  • Суна ца хаьара, х1инца хаьа ...

  • Шайна урок хазахеттехь, т1араш тоха.

  • 1одика йойла! Дела реза хуьлда!


Урокан чулацам: Й элпан маь1на. Урокан тайна: кхетам кхолларан урок. Урокан 1алашо:

  1. Й элп яздаран бакъонаш йовзийтар;

  2. Нийсаяздар шардар;

3.1алам деза 1амор.

Урок д!аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор.


59





Бералла

1уьйрре хьалагГаьттина,

Мачаш харцхьа юьйхина,

Серах, кечбеш, дин бина,

Ченашлахь ас хихкина.

Б1аьста полларчий,

Зезагаш а лардина.

Кегий, яккхий хьаннаш толлуш,

Хьуьнц1азамаш лехьийна.

  • Дешнийн маь1на къастор, байташна ц1е тиллар.

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. Уьн т1ехь долчу мог1анашкахь къастадо:

  • шала элпаш долу дешнаш;

  • цхьанатайпана меженаш;

  • ши аз билгалдеш долу мукъа элпаш.

  1. Ц1ера болх тобанашкахь толлу.

  1. Керланиг довзар.

1. Д1аяздо мог1анаш:

а) йол, йо1, йовза;

б) сай, т1ай, куй;

в) хийца, дийца, кийча - мукъа аз дахдеш;

г) 1елий, 1исай, Мусай - Дела а, Муса а ..

д) нана - наной, таллархо - таллархой - дукхаллин терахь. Дешархоша маь1нех кхеттачул т1аьхьа урокан ц1е билгалйоккху.

  1. Т1еч1аг1дар.

  1. Йоьшу бакъо (§ 34).

  2. Тобанашкахь болх. Шардар № 166.

  3. Белхан тетрадь. № 60.

  1. Урокан жам1 дар.

Уьн т1ехь язйинчу байташкахь долу н элпан маь1на къастор. (Шар дар № 168.)

  • Ткъа маса маь1нехь лела й элп?

  1. Ц1ахь: § 34; шардар № 169.


60





VII. Рефлекси.

Дешархоша урокехь шайна 1еминчун хьесап до.

Хаарийн тускар дузу.

  • Баркалла! 1одика йойла!

Урокан чулацам: Ъ элп яздар.

Урокан тайна: кхеторан урок.

Урокан 1алашо:

  1. йишхадоран хьаьркан маь1нех кхетор;

  2. фонетикех долу хаарш шордар;

  3. ненан матте марзо кхоллар.

Урок д!аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор (мотиваци).

  1. Сихалло са диъна, собаро лам биъна.

  2. Хьо хьайна мел хьекъале хетахъ а, дикчу хьехаре ладог1а.

  • Кицанийн маьГна дастар.

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. Ц1ера болх тобанашкахь вовшийн толлу.

  2. Уьн т1ехь долчу кицанашца болх.

Схьаязде дифтонг юкъахь йолу дешнаш: сихалло, собаро, мел, хье- кьале, хетахь, хьехаре, ладог1а.

  • Стенах олу дифтонг? Маца язйо дифтонг?

  1. Керланиг довзар.

  1. Д1аяздина ду уьн т1ехь (интерактивни):

Макхъелла, язъелла гуъйре,

Т1екерча и мархийн ковра.

Ма муьста, муъста ю суъйре,

Дерзанца чуг1ерташ корах. (Эдилов Х.-М.)

  • Тидам бе макхъелла, язъелла дешнийн.

  • Аларехь и дешнаш муха ду?

  1. Дешнийн цхьатера дерг лаха:

1айнаъ, Зайнаъ, Лайлаъ, Зулпаъ, Хьавраъ.

  • Маца, мичахь яздан деза ъ?

Вайн урокан ц1е муха билгалйоккху вай?


61




Хьагло -

к!айло -

шекйолу -

бехло -

мацло -

кечло -

тишло -

язло -

гиелло -

хазло -

г1елло -

тарло -

йохло -

малло -

хьанло -

денло -

йицло -

ц1анло -

нисло -

к1амло -

сенло -

1аржло -

хъулйо -

ц1ийло -


Кеп: хьагло - хьагъелла.

  1. Урокан жам1 дар.

Схьалаха совнаха дош:

  1. дийцар, хийцам, луьйчу, таллам,

  2. язъян, шелъян, дицло, ларъян.

  1. Ц1ахь: § 35; шардар № 172.

VII Рефлекси.

Урокехь бинчу белхан хьесап.

  • Урокан чулацам суна ... (хала, атта, хаза, ...).

  • Суна ца хаьара, ткъа х1инца ... (хиъна, кхетта,...).

  • Баркалла, 1одика йойла!

Урокан чулацам: Фонетически талларан кеп. Урокан тайна: хаарех пайдаэцар.

Урокан 1алашо:

  1. фонетически талларан кепах кхетор;

  2. фонетикех 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар;

  3. ненан матте безам кхиор.

Урок д1аяхьар

  1. Дешархойн ойла т1еерзор.

Х1етал-металш деша, дахказа диена элпаш дахка.


62





  1. Ди...нахь - х1оз, буь...санна - лаьхьа. И х1ун ю? (Доьхка.)

  2. Ши га... а ду, ди... лерг а ду. Хаал хьуна, и х1ун ю? (Пайба.)

  • Шуна хаьий х1етал-металш?

  1. Долчу хаарийн актуализаци.

  1. Ц1ера болх таллар эксперташа шайн тобанашкахь д1ахьо.

  2. Элпаца долалуш долу пхиппа дош даладе:

Д - (да, дама, дуьрста, дог, дийцар);

А - (аре, аша, ала, arlo, ахк);

Й - (йома, йола, Йисама, йиша, йис);

М - (мама, мае, мох, маьнга, муьрг);

О - (олхазар, оти, оза, онда, ойла);

X - (хазалла, хан, хенак1ур, хатт, херх);

К - (кан, куьрк, корта, ког, куьг).

  1. Керланиг довзар.

  • Вай далийнчу xlopa дашехь маса ду элп, аз, мукъа, мукъаза эл- паш, къастадай вай?

  • Ткъа вай бечу белхан ц1е муха йоккхур яра вай?

  • Т1аккха вайн урокан тема х1ун ю?

  1. Т1еч1аг1дар.

  1. Интерактивни уьн т1ехь дош фонетически талларан кеп ю гайти- 1ш. Цуьнга а хьожуш, тобанашкахь болх д1абахьар.

Шардар № 176.

  1. Самукьане минот.

  2. Шардар № 178. Дешнашкара элпийн меттигаш а хуьйцуш, керла дешнаш кхолла.

Попаста. (Паста. По. Пап. Астаг1а. Пат. Тас.)

Хенак1ур. (Хан. Klyp. Хар. Kla. Hex. Ун.)

Дагардо. (Дагар. Дог. Гар. До. Дага.)

  1. Урокан жам1 дар.

1аматан 99-rIa arlo. Хаттаршца болх.

  1. Ц1ахь: карлаяха бакъонаш
    1   2   3   4   5   6   7   8   9   10


написать администратору сайта